ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс сепаратистийн "ДНР-хь" Нохчийчоьнан векалт дIайиллина


Кадыров Рамзан ву Йоккхачу Кремлан гIалахь, "ДНР", "ЛНР", Украинан Запорожскан, Херсонан кIошташ Оьрсийчоьнах схьатухуш кехатна куьг яздечу барамехь. 2022-чу шеран гезгмашин-беттан 30-хь
Кадыров Рамзан ву Йоккхачу Кремлан гIалахь, "ДНР", "ЛНР", Украинан Запорожскан, Херсонан кIошташ Оьрсийчоьнах схьатухуш кехатна куьг яздечу барамехь. 2022-чу шеран гезгмашин-беттан 30-хь

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана сепаратистийн "Донецкан къоман республикехь" шен векал хIоттийна. Ростовера бизнесхо Мударов Рамзан ву иза. Кадыровс куьг яздичу омраца а догIуш, Мударовс шен декхарш мехаза кхочушдийр ду.

Биллинчу хаамаша гойту, ООО "МТС-Юг" компанин кхоллархо а, куьйгалхо а ву Мударов Рамзан. Ростов-на-Дону гIалахь регистраци йинчу оцу компанис машенийн йохк-эцар леладо. Иштта Ростован махкарчу Батайскерчу "Машиностроительные заводы" туька схьайиллинарг ву Мударов. Туько доккху ахча 2021-чу шарахь 111 млн сом дара, тIаккха тIедаьлла ахча 2,3 миллион. "МТС-Юг" компанис даьккхина ахча 1,1 млн ду аьлла дуьйцу, тIаккха тIедаьлла ахча 100 эзар ду. Мударовн компанешца доьзна 21 гIуллакх ду арбитражан кхелашкахь луьстуш, церан цхьанатоьхна мах 50 млн сом бу.

  • Украинера тIом болабелчхьана Кадыров Рамзан сепаратистийн "ЛДНР-н" куьйгалхошца совгIаташ дIасакхийдош ву. Гезгмашин-бутт бовш "Донецкан халкъан республика" олучу меттигера сепаратистийн хьалханчана, МММ финансийн пирамидин хиллачу гIуллакхочунна Пушилин Денисана, шен ден Кадыров Ахьмадан цIарах Нохчийчоьнан лакхара орден елира Кадыровс.
  • Марсхьокху-беттан юьххьехь Кадыровс а, "Луганскан халкъан республикан" куьйгалхочо Пасечник Леонида а дIасахийцира лакхара совгIаташ: нохчийн политик "ЛНР-н турпалхо" хилира, ткъа Пасечникана Кадыров Ахьмадан орден кхечира. Мидалш хийцаран барам Соьлжа-ГIалахь хилира.
  • Цул сов, Пасечник Леонида совгIат дира Нохчийчоьнан куьйгалхочун нанна а, хIусамнанна а ДоттагIаллин орденашца. Хьалхо и совгIат Нохчийчоьнан культуран министр йолчу Кадырова Iайшатана а делира.
  • Москвахь цахилча йиш йоцучу векалтал сов, Нохчийчоьнан векалш цхьамогIа Оьрсийчоьнан регионашкахь бу – Рязанан махкахь, Санкт-Петербургехь, Краснодаран махкахь, Къилбаседа-Малбузенан гонехь, Бакортостанехь. 2021-чу шарахь "Чечня сегодня" гIирсо яздора, Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалш Оьрсийчоьнан ерриг регионашкахь бу бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG