Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь видеохаам арахецна, цу тIехь цо Украина оьрсийн латта ду олу, тIаккха мостагIий йийсаре лацарна меттана, царах цIе тассаре кхайкхина цо.
"Вайн латта Запорожье, Херсон дац, вайн латта Одесса, Киев, Харьков, ерриг регионаш, ерриг Украина ю – иза вайн оьрсийн латта ду", - аьлла Кадыровс.
Украинан агIонех лаьцна дуьйцуш Кадыровс дIахьедина: "Оха и шайтIанаш йийсаре лоьцур дац, царах цIе тоссур ю", амма билгал ца даьккхина цо, буьйцуш эскархой бу, йа берриг бахархой бу.
Иштта цо критика йина, шайн тIеман гIирс, герз а ледара ду бохуш латкъамаш бечу мобилизаци йинчу наханна. "Дехьарчу агIонехь, вайн мостагIашкахь дика барзакъ ду, ерриг ю. Цаьргара схьаяккха еза, вай йоккхур а ю", - кхайкхамбина цо, иштта тIетоьхна: "Вай даймахкана, пачхьалкхана, президентана оьшучу хенахь делха ца деза вай".
Цул сов, боьдучу тIамна ша реза цахилар хаийтина Кадыровс, даймахке шен болчу безамах лаьцна дIахьедечу юкъанна. Бахарехь, дин лело а, дешан а маршо йолу Оьрсийчоь "тоьлла меттиг ю" муьлхха а динехь волчу стагна.
Украинхойн тIеман ницкъаша "Нефтеполкан" Херсонан кIоштерчу штабана тIе тохар а дина, Нохчийчуьра 40 росгвардихо вийна хилар гучудаьллачул тIаьхьа шолгIа де ду Кадыровс вуно шога дIахьедарш ден. ТIаьххьарчу къамелехь цо аьлла: "Вай-м миччахь далахь а лийр ду […] Со а лийр ву, вай дерриг лийр ду. Амма коьртаниг – муха, муьлхачу Iалашонца лийр ду вай", амма тIаккха а тIе ца лаьцна цо эскархой байъина хилар.
- Гезгмашин-беттан 20-хь RT каналан белхахочо Красовский Антона дIахьедира, Оьрсийчоьно Украинан латтанашна оккупаци йина аьлла хеташ долу оьрсийн мотт буьйцу украинхойн бераш "хин чукхийса деза", йа дийна доллушехь "цIергахь даго деза" аьлла. Иштта цо украинхошна герз детта аьлла кхайкхина.
- Кадыровхоша шайн штаб санна лелош хиллачу школана тIе гезгмашин-беттан 24-хь Украинан тIеман ницкъаша тохар дарна 40 гергга стаг вийна, 100 гергга лазийна. Цунах лаьцна дуьйцу украинхойн а, нохчийн оппозицин а телеграмерчу каналаша. Гезгмашин-беттан 25-хь ВСУ-но официалехь тIечIагIдира иза, Каиры гIалахь 30 стаге кхачалц нах белла, тIаккха йохийначу гIишлонна кIелахь кхин а 100 стаг виссина бохура; амма ВСУ-н чоьтехь ца хьахийна, юьйцург "кадыровхойн" тIеман тоба хиларх.
- ГIадужу-беттан 21-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Украине рогIера "лаамхой" хьажорах чот йира. Амма цул а де хьалха гучуделира, Кадыровн кхиазхойн хенаш йолу бераш оккупаци йинчу украинхойн меттигашкара юхадаьхкина хиларх, цигахь масех де даьккхина хилла цара.
- Оьрсийчохь юьззина йоцу мобилизаци дIакхайкхийча гезгмашин-беттан 21-хь Соьлжа-ГIаларчу тIамна дуьхьал йолчу митинге арабевлира масех иттанаш зударий. Дуьххьара Iедало харцдора акци кечъеш ю бохург, амма тIаьхьо протестхой дIалацар тIечIагIдира ша Кадыров Рамзана.
- Кху шарахь Нохчийчуьра кхечу пачхьалкхашка дIабахана, стохкалерачу оццу муьрца дуьстича, кхоазза сов бахархой. Меттигера бакъоларъяран организацеша дуьйцу миграцин керлачу тулгIенех – амма массеран а аьтто ца хьулу дIабаха.
- Бакъонашларъярхоша дIахьедо, Нохчийчохь "лаамхой" хила декхаребечаарлахь заьIапхой а, кхел йина нах а бу бохуш. Кегийрхой лечкъабо регионехь, бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал дохур ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш, тIемаш бечу меттигашка дIахьийсабо, йа кIелхаьарбовлуьйту даккхий ахчанаш делча, чIагIдора оппозицин нохчийн 1ADAT боламо а.
- ТIом болабелла масех де даьлча волавелира Кадыров Украинина кхерамаш тийса. Масала, цунна дуьхьал зарратан герз лелоре а, "ерриг гIаланаш схьаяхаре" а кхойкхура цо.