Украинехьа тIом беш йолчу нохчийн лаамхойн батальонашка кхайкхам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, "президенте Путин Владимире деха кийча ву" ша царна амнисти яр, аьлла цо. Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал бечу тIеман бух тIехь Кадыровс дIахьош йолчу пиар-кампанина тIе тидам бахийтина тIаккха батальонашкахь.
Кадыровн официалечу телеграм-каналехь арахецначу видео тIехь Кадыровс юха а дехна, нохчийн лаамхойн буьйранчийн болу меттиг хаийтар, оцу информацех ял лур ю аьлла цо. Иштта дIахьедина, шайна къинтIера бовлар дехахь, царна "гечдан кийча" ву ша.
Кадыровс динчу дIахьедаршна дукха тидам бо зорбанаша, аьлла Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Шейх Мансуран цIарахчу батальонан хаамийн сервисан куьйгалхочо Чеченский Богдана.
"Тхуна ца леа цо хьоршам масузза туху реакциш ян, цуьнан тIегIане охьа а оьхуш. Оха кхузахь оьрсийн оккупантаца тIом бо, хьекъалах эшначу нахаца къамелаш ца до", - эмоционале комментари йина оцу видеона батальонан векало.
Цо тIетоьхна, батальонан эскархой "ца Iадабо" Кадыровс, окху бархI шарахь цо туьйсу кхерамаш "дош ца хетарца тIелоцу" цара.
"Ша ца вогIу иза Украине, масала, украинхойн эскархоша ши де хьалха вийна волу инарла Кутузов санна шен салташна коьрте дIа а ца хIутту иза", - аьлла Чеченский Богдана.
Хьалхо Кадыровс ах миллион доллар ахча лур ду аьллера нохчийн лаамхойн буьйранчийн болу меттиг хаийтинчунна. "Шен го санна верриг вохкалуш ву " моьтту цунна, аьлла комментарий йина Нохчийчоьнан куьйгалхочун керла кхайкхамна Дудаев ДжовхIаран цIарахчу баттальонан буьйранчас Осмаев Адама.
- Дудаев ДжовхIаран а, Шейх Мансуран а цIарах шиъ нохчийн шайн лаамехь батальонаш ю Украинан агIо лаьцна тIом беш. Кремло хIоттийна волчу Кадыров Рамзанан Iиттарел совнах, Украинан Iедал а ду царна тIаьхьдаьлла – дахначу шарахь къоман кхерамазаллин Кхеташоно эскархошна дуьхьала санкцеш ехира.
- Стигалкъекъа-бутт болалуш Францера Киеве веара нохчийн пачхьалкхан "Толам" Комитетан цхьахволу куьйгалхо Сулейманов Джамбулат. Стигалкъекъа-беттан 22-хь Киевехь гучуелира къобалъянзачу Ичкерин делегаци, шен коьртехь арахьарчу урхаллан куьйгалхо Закаев Ахьмад а волуш. Цо дийцира Кавказ.Реалиига, Украинана тIеман гIо латтон тобанаш кхолла Iалашонашца доьзна ду оцу махка кхачар. Иштта Киеве веана Ичкерин хилла президентан Масхадов Асланан кIант Масхадов Анзор.
- Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шозза – Зазадоккху-беттан юьххьехь а, Охан-беттан чакхенгахь а - Дудаев ДжовхIаран а, Шейх Мансуран а цIарах йолчу батальонийн буьйранчийн болу меттиг йовзийтинчунна 500 эзар Американ доллар ахча лур ду аьллера хIораннах. Амма дайначу беттанашкахь иза дан лууш ямартхой ца карийра.