ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс "жоьжахатан Iазапца" кхерам тесна Берлинерчу маьждигера ЛГБТ-акцин декъашхошна


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана критика йина Берлинерчу Ибн Рушд-Гете маьждигехь хIоттийначу акцина - ЛГБТК+ юкъараллан декъашхошна тIехIуттуш церан стелаIодан беснашкахь йолу байракх оьллина цигахь.

Шен телеграмерчу каналехь Кадыровс дIахьедина, оцу "сий доцчу инциденто" "жоьжахатан Iазап" кечдина цуьнан декъашхошна, ткъа оцу акцех жоьпалла Германера берриг бусулбачу наханна тIедиллина цо. Регионерчу куьйгалхочо иштта хьахийна Украинера тIом а, цигахь, цо бахарехь, Оьрсийчоь "дуьненан йилбазаллица" тIом латтош ю, "дерриг хIума магочу европхойн демократи" лелачу юкъанна.

Deutsche Welle гIирсано хаам бо, Маобин кIоштерчу маьждигара акци пIераскан дийнахь хIоттийнера, мангал-беттан 1-хь. Цигахь дакъа лоцуш Берлинан культуран сенатор Ледерер Клаус вара, иштта маьждиган ялх имамах цхьаъ Мо эль-Кетаб а. ТIаьххьарчо дIахьедира, Ибн Рушд-Гете тайп-тайпанчу наханна кхерамазалле меттиг хила езаш ю, иштта кхечу маьждигаша оцу хиламах пайда оьцург хиларх дог тешна а ву ша элира. Акцин цхьайолу лозунг "Безам – иза хьанал бу", аьлла яра. Байракх хIоттор Дозаллин Баттана (Pride Month) лерина дара, ЛГБТК+ наханна гIо дар ю цуьнан Iалашо.

Ибн Рушд - Гете маьждиг Германехь 2016-чу шарахь диллира – иза дуьххьара либералан маьждиг ду, цигахь божарша а, зударша цхьана ламаз дан йиш ю. Евзаш йолчу юристо, зударийн бакъонаш къийсархочо Атес Сейрана деллийтина ду иза. "КъурIанан историкан-критикан тидар оьшу вайна. VII-чу бIешарера текст ма-ярра тида ца оьшу, иза дан йиш а яц. Делан къинхетам а, уггар хьалха, машаре гIертар а тидаме оьцуш КъурIан дешаре кхойкху оха", - дIахьедина Атес Сейрана.

  • Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто ша шарахь цкъа арахьарчу мехкашкахь адамийн бакъонашца долу хьал довзуьйтучу артиклехь къаьсттина хьахийна Нохчийчоь. Билгалдоккху, Оьрсийчоьнан Iедалхоша толлуш дац Нохчийчохь кхелаца доцуш ЛГБТ-н дакъашхой байъарх а, царна тIехь Iазап латторах а долу хаамаш, иштта тIе ца лоцура оцу тайпа нах республикехь хилар. Цул сов, хууш ду масийттаза нах лечкъор а.
  • Сексуалан башхаллица доьзна Нохчийчохь наханна гIело ярх дуьххьара хиира 2017-чу шеран юьххьехь. Шайна тIаьхьбовларх лаьцна хаам баржийра Соьлжа-ГIалара Джабраилов Амина (гуш-хезаш и дIахьедина волу дуьххьара нохчо ву иза) а, цхьана хеначохь Соьлжа-ГIалахь ваьхна волчу Омск-махкара Лапунов Максима а. Ший а жимстаг лаьцна, тайп-тайпанчу набахтешкахь ток етташ, кхиболу ЛГБТ-нах бийца, бохуш, кхаьбнера.
  • Нохчийчоьнан хаамийн министро Умаров Джамбулата, шен рогIехь, республикехь ЛГБТ-н декъашхошна тIаьхьбовлу бохург "цIенна аьшпаш бу", аьлла. Амма билгалдоккхура: "Тахана йа Кавказехь, йа Нохчийн республикехь, менталаца, йа вуьшта, идеологица, физиологица а тIеоьцуш яц гомосексуализм, цундела цунна меттиг бац Нохчийн республикехь".
  • 2021-чу шеран Чиллан баттахь Лахарчу Новгородехь кризисан петар чуьра лаьцна, Нохчийчу дIабигира вежарий-гейш Магамадов Салахь а, Исаев ИсмаьIил а. 2021-чу шеран Марсхьокху-беттахь вежарша дIахьедира, шаьшинна еттарх, бехк тIелаца бохуш. Амма Нохчийчуьрчу Талламан комитето дуьхьало йира царна тIехь ницкъ бар талла. 2022-чу шеран Чиллан-беттан 22-хь уьш бехке лерира, бархI а, ялх а шерш чохь яккха хенаш а тухуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG