ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киллер: Ас видео йоккхур ю хьан гергарчарна дан деззарг деш


Михальченко Лидия

Ломаев Муса - Финляндехь веха мухIажир. Кхерам тосуш хаам хьажийна цуьнга цхьана вевзаш волчу киллеро (я цуьнан цIарца ша вовзуьйтучо).

Бакъоларъечу "Мемориал" юкъаралло а, "Iазапна дуьхьаллаьттачу комитето" а ("Комитет против пыток") бегаше доцучех лору и хьал. Каляпин Игора, "Iазапна дуьхьаллаьттачу комитетан" куьйгалхочо ша кийча ву, аьлла, Ломаевна лаахь, юридикан гIо кхачо.

"Социалан машанашкахула туьйсу суна кхерамаш", - боху Ломаев Мусас. Бахьана ду, гарехь, цо Нохчийчуьрчу Iедална кест-кеста, шен цIе а ца лечкъош, критика еш хилар. Ша хIитточу посташкахь, журналисташна лучу интервьюшкахь, къайла а ца вуьйлуш дуьйцу цо даймахкахь лаьттачу хьолах лоций. Шеца къамеле ваьлла киллер ша дIасацо гIерта, аьлла хета Мусана.

Шен хенарчу эзарнийн санна бу Ломаевн кхоллам. ТIамехь кхиина, деша ца ларавелла. Амма гина цунна дукха тIемаш, Iазап, гергарчаьрца цхьаьна ваьхна ГIалгIайчуьрчу мухIажирийн четаршкахь. Ткъа Финдянде кхаьчна хилла цунах гIишлошъярхо, чекхъяьккхина цигахь институт.

2004-чу шарахь Нохчийчохь шен цIера вадийра иза, бехкевира тIамехь дакъалацарна. Бохура цо милицин машен эккхийтина шина тIемалочуьнца цхьаьна. Тоьшалла дара деккъа цхьаъ – цуьнгара Iедало етташ-Iуьттуш даьккхинарг. Амма кхелехь цо хаийтира, ша дареш ца ваьлла динийла. Бехказа ваьккхира иза кхело.

Ломаев Мусах лаьцна яздира шен заманахь журналисто Политковская Аннас, Европера бакъоларъярхой бевлира цунна орцах, гIодира "политикан мухIажир" статусе вала.

Муса Европера "цIаверзо" гIоьртира Оьрсийчоь Интерполехула. Дехха шерашкахь теллира иза Финляндино, кхийтира, я лаца а, я бехке иза ван а хIума доцийла, мукъаваккхийтира Интерполан лехамех.

Ломаев Мусана кхерам тосуш яздинчун скриншот
Ломаев Мусана кхерам тосуш яздинчун скриншот

​Европерчу нохчийн диаспорехь вевзаш а, цIе дика йоккхуш а ву Ломаев Муса. Массийтта мотт хаьа цунна хIинца, хилла шех тоьлла гIишлошъярхо. Дуккхаъчу мехкашкарчу нохчашца гергарлонехь ву иза. Иштта атта ду цуьнца мотт каро журналисташна а – велавелла, векхавелла, хетарг ма-дарра олуш, шен кхетам, лард йолуш адам ду иза. Оццу бахьаненна ца тайначух тера ду кхерамаш туьйсучарна а.

"_95zubair95_" ник яра инстаграмехула Ломаев Мусаца зIеневаьллачун, цо ша Исаев МагIарби ву элира, WhatsApp-ехула къамелдан кхайкхира. Элира Мусага ша цуьнан Нохчийчуьра гергарнаш хьийзош яьккхина видео йоуьйтур ю.

Ши шо хьалха Туркойчохь гоьвелира Исаев МагIарби цIе йолу стаг – цигарчу полицино меттигера нохчийн мухIажирш байа кечлуш лецира иза.

Ткъа цул 4 шо хьалха и цIе яьккхира Кадыровн Iедало, Веданан лаьмнашкахь ша "бандтобанан эмир" лацарх даржош. Гарехь, иштта вина цунах Iедало шен селханлерчу накъостийн синош дIалехьорхо. Туркойчоьнан фемидех къелхьараваьллачу "Исаевна" хала доцучух тера ду Финлянде кхача а, цигахь стаг вен а.

"Киллерх Исаевх" ца кхоьру Ломаев, кхоьру Европе "деха сом" даккха баьхкинчу шен махкахойх - царна халадоцург ду, ахча делчхьана, бухара полит-мухIажир дахарх мукъаваккхар.

"5 эзар долларх вогIу-воьду лар а вина, масала, хьетIа биргIа тоьхна со вен иштта хала а дац. Оьрсийчоьнца доза долчу кху махкахь ледара ю сан а, со санна, Iедалан къизаллах бевдда баьхкинчийн а кхерамзалла. ЦIерачу Iедалх ведда ваьллачунна кхерам тIаьхьабаьллий лела даима а, ца болу иза тIаьхьара, киллерна луш болу мах лакхабалар доцург", - боху Ломаев Мусас.

Цунна хетарехь, Нохчийчуьрчу Iазапах, нах идорах, хьийзорах, хьераяьлла лелачу коррупцех дуьйцуш мел верг а ву киллерийн тергонехь.

Финляндин низамхошка дIакхачо дагахь, шена "Исаевс" туьйсучу кхерамех йолу скриншоташ нотариусе бакъйойтуш ву Муса. Иштта, дагахь ву иза шена кхерамаш туьйсийла Оьрсийчуьрчу Iедале даккха а. Бакъду, ша Оьрсийчоьно лаца кхайкхоррах лохуш хиларна, хала хир ду цунна иза дан.

"ОВД-Инфо" юкъараллерчу юристо Селезнева Екатеринас комментари елира ситуацех лаьцна. "Оьрсийчоьнан бехктакхаман кодексехь яц "кхерам тасар" артикл. 119-ниг ю – "могашаллина зен дан лаам хилар". Полице латкъа лаахь, мел яздинарг а, аьлларг а схьагулдан деза, скриншоташ нотариусе тIечIагIъяйта а еза. Билгалдаккха деза, мел кхочушхила тарлуш бу кхерам. Поици декхаре ю талла. ХIара хьал шашахниг ду. МаьIна цхьаъ бен дац, хетарехь – ша вехачу мехкан ницкъхошка арздар тоьлу цунна", - элира цо Ломаевн ситуацех лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG