Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмиратийн говрашхахкарелу долчу гIуллакхийн администрацино (Emirates Racing Authority) цхьана ханна сацийна Сатиш Симаран хохкучу говраш Iаморхочуьнан (берейторан) лицензи. Бахьана ду, стохка ГIуран-баттахь америкахойн экономикан санкцеш юкъаяхарна жоьпаллехь йолчу кхечу пачхьалкхашкарчу активашна терго ечу Урхалло (OFAC) Симар шайн тептарна юкъатохар, Кадыровн [Нохчийчоьнан куьйгалхочун] уьйраш йолчу машанан ладаме декъашхо хиларна.
2016-чу шарахь Симара говрашхахкарехь дакъалаца кечйира Норт Америка цIе йолу Кадыровн говр. Лицензи болх бечуьра сацийначул тIаьхьа Симара дIахьедина, Норт Америка хIинца яц ша болх бечу Дубайрчу хохкучу говрийн божалхь аьлла. Цо чIагIдарехь, иза дIайигна Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкара. Симара дийцарехь, и информаци дIаелла Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу юристашнка, ткъа ша иза догдохуш ву санкцийн тептарера ша дIавоккхур хиларе.
- "Кадыров юкъатоьхна ву санкцийн тептаре, кхечу пачхьалкхара вахархо санна, "Кадыровхой" вовшахтохаран лидер санна, ткъа и вовшахтохаралла а, цуьнан декъашхой а дакъалоцуш бу кIоршаме адамийн бакъонаш йохорехь. Кадыров а, цо буьйр до, "кадыровхой" аларца бевзаш болу ницкъаш а юкъахьакхабелла бу Немцов Борис верна", - аьлла ду Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло шен сайта тIехь зорбане даьккхинчу документана тIехь. Америкахойн Iедалшна хетарехь, цул сов кадыровхой декъа бу адамаш лечкъорна, ницкъ барна а, Нохчийчуьра ЛГБТ-юкъараллин векалш байарна а.
- Сатиш Симарца цхьаьна санкцийн тептарна юкъаяхара "Ахмат" футболан клуб а, ийначу кепехь латархойн клуб "Ахмат" а, ткъа иштта "Кадыров Ахматан цIарах Фонд" а. Iедалхошна юкъарчу санкцийн тептарна юкъатуьйхира Нохчийчуьрчу Iедалан куьйгалхочун когаметта Усмаев Вахит а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча Мартынов Даниил а, Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан экс-сенатор, Гергара Малхбалерчу пачхьалкхашкахь Кадыровн векал хилла Сабсаби Зияд а. Иштта дехкарш юкъадаьхна Кадыровн Европехь векал волчу Дугазаев Тимурна дуьхьал а (нохчо, Германин махкахо).
- 2018-чу шарахь "Трансперенси Интернешнл – Россия" вовшахтохаралло (и вовшахтохаралла арахьара агент лоруш ю Оьрсийчохь, ша иза реза яцахь а цунна – Ред. билг.) таллам бира Кадыровн хохкучу говрийн хьокъехь а, уьш тоьлча цара бохьучу, амма декларацехь хьахош боцучу пайданах а лаьцна.