ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровца воьзна Германин парти йукъара нохчо дIаваккха тарло

Немцойн ультрааьтту «Германина Альтернатива» (АдГ) партино шайн могIаршкара дIаваккха тарлуш ду Нохчийчуьра вахархо Ноа Кригер (Дадаев Мурад). Цунах лаьцна партин декъашхоша хаамбина "Важные истории" зорбанан гIирсе а, немцойн талламан Correctiv проекте а. АдГ-хь шаьш бина сацам мича буха тIехь бу ца кхетийна, йаздо Маршо Радион оьрсийн сервисо.

36 шо долу Дадаев Мурад, 2009-чу шарахь Венехь Кадыров Рамзанан дуьхьалонча Исраилов Iумар верна хан тоьхна хиллачу Дадаев Сулейманан ваша ву. Австрехь 19 шо хан тоьхнера цунна набахтехь даккха, амма журналисташна къаьстина, 2022-чу шеран чиллан-баттахь Венера догIучу кеманахь Москва а веана, цигахь иза сацарх а, Шикаро Сурхо аьллачу цIарца цо паспорт даккхийтина хилар а.

Журналисташа-талламчаша чIагIдарехь, Дадаев Мурад Европехь нисвелла хилла, шен веших беркат даьлла. Германехь Дадаев Мурад АдГ-н Лаха Саксонера гаран декъашхо хилира. Немцойн политикашца йукъарлонаш лелийна ца Iаш, цо гергарло теснера Кадыров Рамзанна уллорчу гонера нохчийн диаспорера нахаца а. Къаьсттина Ибрагимов Сайд-Мохьмадца, бакъонашларйархоша иза вузу байкерийн тобанца. Ткъа и тоба гунахь лоруш йу адамашна тIехь ницкъ а беш, зуламаш лелорна. Ша Ибрагимов масийтаза хаавелира республикан премьер-министр волчу Даудов Мохьмадца а, цуьнан гIовсаца Висмурадов Абузайдаца а цхьаьна.

Журналисташца дечу къамелехь Кригер-Дадаевс дIахьедира, шен шиъ гражданалла йу аьлла- Оьрсийчоьнан а, Германин а. Политикехь дакъалацар доцург, цо ХIанноверехь масех компаний а йиллира, 2023 -чу шарахь мах а луш, ханна пайдаэца шира хIусам лецира цо 850 йеакIов метар барам болуш. Иза цхьацца кепара барамаш дIабахьа мехах лоцуш хиллера цуьнгара, къаьстина журналисташна. Дукха хан йалале, Iедална йала йогIу йасакх хьейарна, полицино цу чуьра араваьккхира иза.

Зазадокху-баттахь Соьлжа-ГIалахь вара Дадаев, цо дакъалецира Кадыров Рамзан йукъахь волчу парламентан кхеташонехь. Вице-премьер волчу Дудаев Ахьмадна КхоалгIачу рейхан заманара шаьлта йелира цо совгIатна.

Охан-баттахь Дадаевн цхьанакхетар хилира Нохчийчуьра адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу, Украинехь тIом баккхарца доьзна Евроберто санкцеш тоьхначу Солтаев Мансурца. Шина а агIоно бартбира «халчу хьолехь болчу махкара бахархойн гIуллакхаш луьстуш» йукъахь болх бан. Кригер Германи йухаваха дагахь ву йа вац, цкъачунна хууш дац.

  • 2024-чу шарахь гучуделира, "Германина Альтернатива" партин депутатан гIоьнча хиллачу Сергиенко Владимирна Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша вербовка йина хилар.
  • Оццу шеран гезгамашин-баттахь дийцадаьккхира АдГ-н депутато Риш Роберта Петербургехь аьттурадикалан йукъараллийн съездехь дакъалацарх лаьцна. И вовшахтоьхнера православин олигархо Малофеев Константина а, философо Дугин Александра а. Цул тIаьхьа Риш фракци йукъара дIаваьккхира.
This item is part of
XS
SM
MD
LG