ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнан куьйгалхо цхьаmнакхетта республикерчу махкахойн юкъаралла кхиийтарехула а, адамийн бакъонашкахула а йолчу Кхеташонца. Цунах лаьцна Кадыровс хаам бина шен инстаграмехь.

«Оха цхьаlолу жамIаш а дира, дийцаре а дира хьалхара декхарш. Цхьаьнакхетаран декъашхоша билгалдаьккхира, бахархойн бакъонаш а, церан лаамаш а ларбарехь республикехь инзаре хийцамаш хилла хиларх лаьцна. Цара масалш далийра, 1990-гIа шераш чекхдовлуш а, 2000-гIа шераш дуьйлалуш а адамаш доьза довш хиларх лаьцна. Цу тайпачу нехан терахь дара эзарнашкахь. Тахана цу тайпаниг буьззинчу барамехь дIадаьлла», - боху Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Кадыровс чIагIдарехь, низамаш лардон органаш болх беш ю, адамашна дуьхьал зуламаш ца дайта а, зулам дина нах берш а жоьпе озор а Iалашонаш йолуш.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG