ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къаьсташ доцчу бахьанашца кхелхинчу нохчийн куьйгалхочун берийн тренер хиллачун вешина Кадыровн орден йелла


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Шен секретариатан куьйгалхочунна Эдилов Валидана Кадыров Ахьмадан- мехкан хиллачу президентан, тахана урхалехь волчун ден цIарах орден йелла Кадыров Рамзана. Валидан ваша Эдилов Iабдул-Керим тренер вара Кадыровн берийн, 2022-чу шеран гIуран-баттахь кхелхира иза шен 39 шо долуш кхастазчу бахьанех.

Цунна совгIат дарх Кадыровс ша дIахаийтина шен телегарм-каналехь, и барам дIабаьхьира Нохчийчоьнан куьйгалхочун, министрийн кабинетан администраци кхоьллина 24 шо кхачаран гурашкахь. ХIун динчунна йелла орден, хоуьйтуш дац. Эдилов воцчунна а, совгIаташ кхаьчна администрацин кхин а масех хьаькамна.

Нохчийчочьнан урхалхочун секретариатан куьйгалхо хIоттийра Эдилов Валид стохка зазадокху-баттахь – цуьнан ваша кхелхинчул тIаьхьа. Республикера рожана луьйчара дIахьедира, Кадыров Рамзанан омраца вийна хила тарло иза бохуш.

ЭдиловгIеран ши ваша тайп-тайпанчу хенашкахь кеп-кепарчу даржашкахь вара, кест-кеста вовшийн хуьйцура и шиъ позицешкахь: масала, 2022-чу шеран чиллан-батте кхаччалц Iабдул-Керим мехкан урахлхочун секретариатан куьйгаллехь вара (хIетахь министрийн кабинетан вице-премьер хIоттийра иза). Цул тIаьхьа дарж караийцира Валида. 2022-чу шеран мангал-баттахь тIаьххьарниг Нохчийчуьра спортан министр чIагIвира, оцу гIентахь Iийра иза 2022-чу шеран лахьан-батте гергга.

Оццу баттахь дIакхайкхийнера Эдилов Iабдул-Керима "шен лаамца" и дарж охьадиллина аьлла. Цул хьалха дIавайнера иза информацин майданара, тIечIагIбазчу хаамашца, Нохчийчоьнан куьйгалхочун "уллорчу гонера" дIаваьккхинера иза, таIзарехь нисвелла.

39 шо долу Эдилов Iабдул-Керим кхелхира гIуран-баттахь, цунах лаьцна хаийтира оппозицин информацин ресурсаша, хаам тIечIагIбира Кавказ.Реалиин хьасташа а. Официалехь цуьнан кхалхарх дIа ца хьедира, цуьнан бахьанаш а хууш дац.

Эдилов Iабдул-Керим а, Валид а вара Кадыров Рамзанан бераш спортан латаршна Iамош.

  • Эдилов Iабдул-Керим ийначу кепехь латархо вара. 2019-чу шарахь UFC-н контракташна юкъараваьккхира, цхьахдолчу бахьанех дара допинг-тестах чекх ца валар. UFC юкъара Эдилов дIаваккхар Нохчийчохь бакъ ца дора, Кадыровца къамел хиллачул тIаьхьа ша юкъараваьлла бохура.
  • 20I5-чу шарера 2022-чу шаре кхаччалц "Ахмат" футболан клубан коьрта директор вара Эдилов Валид.
  • 20I6 -чу шарахь Эдилов Iабдул-Керима шен инстаграмехь Porsche машенан сурт хIоттийра, цо бахарехь, Кадыров Рамзанан воIарша совгIатна йеллера и цунна.
  • Вежарий Эдилов Iабдул-Керим а, Валид а –Кадыров Рамзанан юьртахо вара: ший а ЦIоьнтрара ву (хIинца Ахмат-Юрт).
  • Кавказ.Реалиино масийттазза йаздира, дукхахдолу урхаллин даржаш дIалецна Кадыров Рамзанан юьртахой а, гергарнаш а бу бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG