ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Калининградера нохчийн анклав…


Нохчийчоь -- Нивенское, Google картан сурт.
Нохчийчоь -- Нивенское, Google картан сурт.

Калининград махкарчу Нивенское эвларчу бахархоша кехат хьажийна Кадыров Рамзане, шаьш Нохчийчоьнах дIатохар доьхуш.

Цу эвлара ши эзар вахархо тешна ву, шаьш Нохчийн республикана юкъахь хилча шайн токхе дахар а, сирла кхане а хир яра бохучух.

Изза хеташ бу дуккха а цу хьокъехь социалан машанашкахь комментареш йитина нах а. Амма царна юкъахь ваьлла цхьа стаг, Нивенское эвлара нах ца кхета шаьш мича гIерта бохуш.

Цу стага чIагIдарехь, цу нехан кхане да воккхавевеш хир яцара, цара доьхург кхочуш хилча. Цо дуьйцург харц хилар гойтур ду вай, цо яздинарг гочдина довзийтиначул тIаьхьа.

Реза воцуш комментари йитинчу авторо, масала, цхьана ханна хуьйцур вай боху Нохчийчура а, Нивенское эвлара а Iедалийн чулацам, меттигерчу юртдех Иван Петровичах Кадыров Рамзан а веш.

ТIекхочу шолгIачу де. Iуьйре. Нивенское эвлахь дIахIоьтти нохчийн Iедал.

Шен куьйга Кадыров Рамзане орца доьхуш дерриг а вон ду, вон ду, вон ду бохуш кехат яздина волчу, эр вай цунах, Дироков Романан сатасале дезар дара эвлара ведда къайлавала. Иза ваха хуур вара Нивенское эвлан йистехь йолчу тоьли чохь.

Буьйса чIагIйеллачу хенахь, къайлаха цунна сискал а, муьста берам а эцна лелара яра цуьнан тешаме хIусамнана - Мария. Нивенское эвла хьовдур бара Иван Петровичан муртазекаш. Цара дагор дара цуьнан цIа, ткъа доьзал, эвлах а баьккхина, дIахьажор бара, шайн ворхIа да ваьхначу метте - Дагестане.

Ткъа ша латкъамча меллаша кхетамчура вера вара, интернетехь социлан машанашкахь тоьли чохь ша кхо дей, кхо буьйсий яьккхича шех устаз хилира бохуш, чIагIдеш.

Ткъа Иван Петровичана мот хьокхучу блоггерша аьшнашдийр дара цу стага дуьйцург.

Юртахь а, цул арахьа а гIарваьлла волу сцени тIехь яккха тиллина Француз цIе йолу илланча лаьцна луьра таIзар дан дIавуьгур вара Иван Петровичан ккуьйган гвардино, юьртахоша сакъийринчул тIаьхьа йитинчу нехех, коьртачу декъана чагIаран шишанех а, тIассех а меттигера татол цIандечу субботнике ца веана аьлла.

Лула-кулара бевза-безарш орцахбовлар бахьана долуш, масийтта де даьлча иза цIа воьрзур вара, цIарца вуьйцуш воцучу шен доттагIчуьнца луьйш-олуш хьевелира ша цIа ван, ур-аттала хIусамнене хаам бан аьтто а боцуш, ткъа цу корта боцучу зудчо, цхьа а бахьана доцуш, орца даьккхина хиллера бохуш, гарехь, Иван Петровичан конторехь кечдинарг а дуьйцуш.

Меттигера таксист Закидонов Вася лоцур вара луларчу Жмеренка юьрта вахана вогIуш хин йистехь машен йила сецначохь антифриз мелла вара аьлла. Иза Иван Петровичан а, меттигерчу килсан мозгIар Куйнабохьан кхеташ-кхиоран къамеле ладогIа дIакхачор вара сихонца, леррина цу хьашташна кхоьллинчу эвларчу стадионе.

Бухахь карор бара цунна берриг а шен шишанчаш, ткъа цигахь яьккхина кино хьийзор яра кхаа дийнахь а, кхаа бусий а меттигерчу эстрадан седанан Макова Миледин шоу меттина.

Путаева Анастасия лоцур яра, цхьа а бух боцу латкъамаш барна. Амма цуьнца дерг атта доьрзур дара. Сихонца лаьцна схьавалийначу шен хIусамдена улле хиина Iачу цо цецъяларца дуьйцур дара, шена хIун хилла а ца хууш, цхьа тилкхазъяьлла яздинера ша латкъаман кехат бохуш.

Иза яздале шатIанан аматехь марха еана хIума хилира шена эр дара зудчо, цуьнга ладоьгIуш набаран тов туьйсуш Iачу, шайтIа хьахош а хезначу мозгIар Куйнабохьан ши бIарг серла а боккхуш.

Ткъа хьаькамийн а хьаькамах лаьцна цавашарца къамелаш дарна лаьцначу жимачу стагах Вовех хилларг дийца хIуттур вац со...

ХIун эр ду кхузахь?! Бакъ ма дац иза! Нагахь баккъалла а Нивенское эвлахь Нохчийчура къепе хIоьттича хир дерг кхи дара. Массера а бан болх хир бара. Болх боцучарна пенсеш а, пособеш а хIиттор дара. СагIанаш доькъур дара цу эвларчу бахархошна юкъахь.

Латкъам бан оьшуш хьал хир дацара. Иза хилча сихха Кадыров Рамзана дIанисдийр дара. Цхьатерра бакъо хир яра хIоранна а... Iедал хесто.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG