ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедован менеджеро Кадыров хьокъехь шена тийсинчу кхерамех дIахьедар дина Канадерчу журналисто


Нурмагомедов Хабиб
Нурмагомедов Хабиб

Канадхойн Bloody Elbow спортан сайтан журналисто Зидан Карима дIахьедар дина, Iали Iабдель-Iазиза шена кхерамаш тийсина аьлла. Iали Iабдель-Iазиз UFC эдинчу латарийн чепионан Нурмагомедов Хьабибан, бразилхойн латархочун Вердума Фабрицин хилла менеджер ву. Зидана дийцарехь, 2015-чу шарахь Iабдель-Iазиза журналистана кхерамаш тийсира Нохчийчоьнан куьгалхо Кадыров Рамзанца шен гергарло хилар хьехош. Цунах лаьцна Зидана йозанаш динера.

Ара ца долуш сацийначу Sports on Earth журналан "UFC чемпионан Оьрсийчоьнца долу гергарлонаш" аьллачу текстехь Зидана йаздора, латархочо Вердума нохчийн "Ахьмат ММА" клубаца динчу контрактах. Цигахь журналиста билгалдаьккхина политик республикерчу адамийн бакъонашна гIело йарца гIараваьлла хилар.

Цул тIаьхьа, цо дийцарехь Iабдул-Iазиза телефонехула и текст дIа ца йаккхахь, ша Кадыровга хилларг дIадуьйцур ду элира. Зидана цо бохуриг ца дира. Амма шен кхерамзаллина сагатдан волавелира иза- цу хенахь иза Оьрсийчохь вара, тIаьхьо цигара дIавахан сацам бира цо. Менеджеро тесинчу кхераман тIаьхье хилла, ца хилла хууш дац.

UFC лигин, Кадыров Рамзанан гергарлонах дерг тIаккхахула а дийца ша сацам баро шен карьерин хьал хийцина бохуш, дийцира Bloody Elbow сайтан кхечу агIонехь Зидана. Иза бахьана долуш хийлуза шега Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга гечдар деха, боху, вен тарлуш болу кхерамаш тийсар тIечIагIдо цо.

Йа Iабдель-Iазиза а, йа Кадыров Рамзана канадхойн журналистан дIахьедарна цхьа а комментареш ца йина.

Iали Iабдель-Iазиза - Египтерчу UFC-н хилла латархо ву. ТIаьхьо менедженарн болх бан волавелла иза. Нурмагомедовца, Вердумца болх бина ца Iаш, йуккъерчу йозаллехь летачу экс-чемпионан Камару Iусманан гIуллакх дIахьош а ву и. Иштта цо Iуналла до аттачу йозаллехь летачу Гейджи Джастинна а, аттачу а, тIех аттачу йозаллехь летачу Сехудо Генрина а. Уьш кхоьэ 2022-чу шеран лахьан-баттахь Нохчийчу веара. Украинерчу тIамана йолахой кечбечу "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" гранатомет йеттийтира цаьрга.

  • Геджи Джастинна тIейазбеллачара машанашкахь йемалдира цуьнан цига вахар. Царна жоп луш, латархочо йаздира, шена Кадыров цкъа а гина вац, шен цига вахарн бахьана беран дуьненчу даларан де даздар дара. Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIентан Кадыров Iелин инстаграмехь Гейджи президентан резиденцехь волуш йина видео йара.
  • Зидан Карима шен блогехь дуьненчуьра кхинболу спортахой а бо йемал. Нохчийчоьнца уьйр хиларна. Масала, иштта хилира чемпионца Камару Iусманца а. 2020-чу шарахь республике вахарна луьра критика йира цо цунна. Цу хенахь Зидана йаздира, "Кадыровн къиза раж спортаца цIандеш ву" аьлла.
  • Украинера тIом къобалбарна а, адамийн бакъонашна гIело йарна а нохчийн спортан клубаш Америкахойн Вовшахтоьхначу штатийн санкцешца лаьцна йу. Хьал иштта доллушехь, ММА-н америкахойн латархой Соьлжа-гIала богIучуьра севцина бац.
  • Кадыров Рамзанан 16-шо долчу кIанта Iелис контракт дина нохчийн эделлачу латарийн лигица. ГIуран-баттахь шен дуьххьарлерчу латарехь толам баьккхира цо. Ши бутт бу иза Дубай гIалахь а, Таиландехь а тренировкашкахь волу. Цуьнца цхьаьна бу UFC-хь дикка вевза Чимаев Хьамзат а, кхинволу иттех спортахо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG