ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аланийн килс я музей?


Скворцов Глеб

Кхарачой-Чергазийчохь хIирийн диаспорой, меттигерчу Iедалой вовшашлахь къуьйсу Шоана ломара Жиржисан килс

Деношкахь хIирийн "Лаба" юкъаралло дехар дахьийтина Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочуьнга Темрезов Рашиде. Шоанара килс а, цунна гонахара латта а мехкан туризман министралле а, "Къилбаседа Кавказера аланийн керста центр" олучу хьукмате а дIадаларна шаьш реза дац, боху цу тIехь Кхарачойн кIоштарчу Хетагуров Костан юьртарчу бахархоша (370 доьзалх лаьтта и юрт).

Кехатан авторша дийцарехь, килс а, гонахара латта а коммерцин, туризман пайдене дерзо бохку уьш долаэцна нах.

"Синбахамаллин объект хилла ца Iаш, еза меттиг ю тхуна килс. Цига доIанаш дан лела тхан юьртахой а, тIебаьхкина нах а. Тхан кхетамехь, коммерци лелайойла дац килсан лаьтта тIехь", яздина Хетагуровн юьрто.

"Лаба" юкъараллерчу хIираша доьху Темрезовга, шайна еза йолу Жиржисан килс туризман хьашташка а ца ерзайойтуш, кегий гIаланаш а, ярташ а денъян Iалашо йолчу шайн юкъараллин Iуналлехь йитар.

Халкъалахь "Лаба" олучу Хетагуровн Костан юьрта тIехула лаьтта Везачу Георгийн (исламехь – Жиржис, я ал-Худр) килс. 1868 шарахь Нар чIажара схьабевллачу хIираша йиллина Лаба. Нархой дIатарбеллачу оцу меттигна гена йоццуш нисъелла аланаша Х-чу бIешерачохь Шоана лома тIехь хIоттийна и килс а.

Оцу заманара дуьйна схьа меттигерчу хIираша шайна еза лору килс. Цу тIе, хIирийн къоман къаьсттина боккха ларам бу Георгий-Жиржисе. МозгIарша доладеш килс яцахь а, цига шарахь шозза, бIаьста Георгийн - Толамхочун Дийнахь а, хIирийн къоман "Джеоргуыба" олучу гуьйренан дезадийнахь а дIагулло дукха адам.

Ткъа дукха хан йоццуш керт хIоттийна килсна гонах, шлагбаумца бихкина цунна тIебоьду некъ. Еза меттиг Iалашъян езаш хилар нийса кхетадо Кхарачойн кIоштарчу Iедало – кхо шо хьалха аьхкира килсан цIенкъа деши лоьхучу вандалаша.

Шоанара килс, чохь даьккхина сурт
Шоанара килс, чохь даьккхина сурт

2011-чу шарахь бевзашбоцучара ягийра килс, чуьрчу иконашца цIерш а летош. ЮНЕСКО-с лар еш а, пачхьалкханна мехала а объект ю Жиржисан килс, иза Iедало меттахIоттийча нийса хир ду, бехира хьакамаша хIетахь, амма ца дира хIумма а. Меттигерчу бахархоша шайн ахчанца меттахIоттийра иза.

Туризмна пайде хуьлучу агIор килс денъян дагахь ду меттигера Iедал. Ахча делча, чубуьтуш хир бу туристаш. Амма инициатива цатайна Лаберчу хIирашна.

Шаьш 150 шо ду килсан доладо, иза динан объект ю, цундела шайгахь йита еза, боху цара. Дагахь бу дов Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочуьнга Битаров Вячеславга даккха – цунна тIекхача гIерта лабахой кху муьрехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG