ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карантине воьду ша аьлла дIахьедина Путина


Путин Владимир
Путин Владимир

Таджикистанан президентца Рахмон Эмомалица хиллачу къамелехь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира хаам бина, шен гонехь дуккха а нах коронавирусан ун токхуш хиларна, карантине ваха веза ша аьлла. Кремлан пресс-гIуллакххоша бина и хаам. Информацехь ца хоуьйту, президенто коронавирус толлуш тест йиний.

"Путин Владимира хаам бина, шен гонехь болчарлахь ун даьлларш гучубовларца доьзна еххачу ханна изоляцин раж ларъян декхаре ву ша аьлла", - яздо хаамехь.

Кху деношкахь, спортхошца-паралимпийцашца къамел дечу юкъанна Путина хьахийнера, кеста карантине хаа там бу ша аьлла.

Амма цул тIаьхьа масех минот яьлча Кремлан пресс-секретаро Песков Дмитрийс элира, "сурт хIоттош" бохура президенто аьлла. Керла кхин комментари йитина яц Песковс цунах лаьцна.

ХIинцале а къаьстина, кху беттан 15-чохь Душанбехь схьайоьллучу ОДКБ-н а, ШОС-н а саммите Путин гIура воцийла. Онлайнехь дакъалоцур ду цо.

БIаьста дIахьедора Путина, ша Оьрсийчохь йина вакцина тохийтина аьлла(тIаьхьо билгалдаьккхира цо «Спутнике V» яра иза аьлла.

ТIаьххьарчу деношкахь дуккха а нахана юкъахь хIиттийначу барамашкахь дакъалецира Путина. Оцу юкъанна къаьстина, Путинца цхьанакхетар хилале хьалха, и нах карантине бохуьйтуш хиларх.

Де хьалха Москвахь вовшахкхийтира Путин Владимир а, Шеман президент Асад Башар а.

Стохка бIаьста, эпидемин хьалхара тулгIе йоьдучу юкъанна, президенто масех баттахь чуьра болх бира. Иза карантинехь хиларх яздеш дацара.

Свобода Радионо яздарца, Путинан гонашкара билггал мила ву ун даьлла, хоуьйтуш дац.

Гезгмашин-беттан 19-чохь Пачхьалкхан Думе харжамаш хир бу. Хьалхо дуьйцура, президент кхаж таса дагахь ву бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG