ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къастозачу бахьанашца кхелхинчу Кадыровн берийн хиллачу тренеран дарж дIалаьцна цуьнан вашас


Эдилов Iабдул-Керим ву Кадыров Рамзанан воIаршца, 2016-чу шарера сурт
Эдилов Iабдул-Керим ву Кадыров Рамзанан воIаршца, 2016-чу шарера сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочун секретариатан урхалхо хIоттийна Эдилов Валид. Хьалхо оцу даржехь хилла, дахначу шеран гIуран -баттахь къастозачу бахьанашца веллачу Эдилов Iабдул-Кериман ваша. Кадыровн Нохчийчуьра рожан критикашна хетарехь, Кадыров Рамзанан омраца вийна хила тарло иза.

ЭдиловгIеран ши ваша тайп-тайпанчу хенашкахь кеп-кепарчу даржашкахь вара, кест-кеста вовшийн хуьйцура и шиъ позицешкахь: масала, 2022-чу шеран чиллан-батте кхаччалц Iабдул-Керим мехкан урахлхочун секретариатан куьйгаллехь вара (хIетахь министрийн кабинетанвице-премьер хIоттийра иза). Цкл т1аьхьа дарж караийцира Валида. 2022-чу шеран мангал-баттахь тIаьххьарниг Нохчийчуьра спортан министр чIагIвтира, оцу гIентахь Iийра иза 2022-чу шеран лахьан-батте гергга.

Иштта лахьан-баттахь дIакхайкхийнера Эдилов Iабдул-Керима "шен лаамца" и дарж охьадиллина аьлла. Цул хьалха дIавайнера иза информацин майданара, тIечIагIбазчу хаамашца, Нохчийчоьнан куьйгалхочун "уллорчу гонера" дIаваьккхинера иза, таIзарехь нисвелла.

39 шо долу Эдилов Iабдул-Керим кхелхира гIуран-баттахь, цунах лаьцна хаийтира оппозицин информацин ресурсаша, хаам тIечIагIбира Кавказ.Реалиин хьасташа а. Официалехь цуьнан кхалхарх дIа ца хьедира, цуьнан бахьанаш а хууш дац.

Эдилов Iабдул-Кериман валар тамашен нисдаларх материал зорбане йаьккхинчу британхойн The Guardian ресурсана йелачу комментарихь, Швецихь вехачу оппозицин нохчийн бакъоларйархочо Садулаев Мансура хьесап дира, Кадыров Рамзанан тIедилларца иза вийна хила тарло аьлла. "Нагахь санна, Эдилов цхьана кхечу бахьанашца веллехь, Кадыровн гонерчара а доцуш, йа кхечу цхьаммо вийнехь, Кадыров оьгIаз оьхур вара, цо кадам а бийр бара", - хета Садулаевна.

Хууш ду, Эдилов Iабдул-Керим а, Валид а вара Кадыров Рамзанан бераш спортан латаршна Iамош.

  • Эдилов Iабдул-Керим ийначу кепехь латархо вара. 2019-чу шарахь UFC-н контракташна юкъараваьккхира, цхьахдолчу бахьанех дара допинг-тестах чекх ца валар. UFC юкъара Эдилов дIаваккхар Нохчийчохь бакъ ца дора, Кадыровца къамел хиллачул тIаьхьа ша юкъараваьлла бохура.
  • 2015-чу шарера 2022-чу шаре кхаччалц "Ахмат" футболан клубан коьрта директор вара Эдилов Валид.
  • 2016 -чу шарахь Эдилов Iабдул-Керима шен инстаграмехь Porsche машенан сурт хIоттийра, цо бахарехь, Кадыров Рамзанан воIарша совгIатна йеллера и цунна.
  • Вежарий Эдилов Iабдул-Керим а, Валид а –Кадыров Рамзанан юьртахо вара: ший а ЦIоьнтрара ву (хIинца Ахмат-Юрт).
  • Кавказ.Реалиино масийттазза йаздира, дукхахдолу урхаллин даржаш дIалецна Кадыров Рамзанан юьртахой а, гергарнаш а бу бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG