ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къаьстина дукха доьзалш буху Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а


Карарчу шеран хьалхарчу пхеа баттахь Оьрсийчохь дIасакъаьстина 251 сов доьзал – ворхI шеран рекорд ю иза. Оцу кепара зераш далийна дуьненаюкъарчу аудитан- консалтинган FinExpertiza машано. Цара дина жамIаш довзуьйту "Лента.ру" гIирсо.

Динчу зерашца а догIуш, Оьрсийчохь доьдучу шеран Дечкен-баттера Стигалкъекъа-батте кхаччалц доьзалш бохар дистина 44 процентна цул хьалхарчу шарахь оццу хеначохь хиллачуьнца дуьстича. Пачхьалкхан йоллу регионашкахь хаало ишта хьал.

Къаьсттина дукха дIасакъестарш даьржина ГIалгIайчохь (3,5-зза сов), Нохчийчохь (2,7), Дагестанехь (2,1), Кхарачой-Чергазийчохь (2), Къилбаседа ХIирийчохь (2).

Доьзалш къастаран динамикехь 15-гIа меттигехь ю Москва – 63 проценте лакхадаьлла цигахь къаста луучийн терахь.

КIеззиг доьзалш буху Белгородскан (15%) а, Воронежан (19%) а, Калининградан (19 процент)а кIошташкахь. Ненецкан автономин гонашкахь 23 проценте ду терахь.

Компанин президенто Трубникова Еленас билгалдаккхарца, тIаьххьарчу итт шарахь доьзалш кхолларна а, къастарна а юкъара хадар лахлуш ду. Нагахь санна, 2012-чу шарахь зударий балор 31 процентна къастарал а сов хиллехь, карарчу заманчохь ялх проценте лахделла и терахь.

Маршо Радионо стохка яздира, Къилбаседа Кавказехь зударий балор а, доьзалш бохар а лахделла хиларх коронавирусца доьзна нах чохь совцаро. Статистикан урхалло Росстато тоьшалла дарца, шеран хьалхарчу беа баттахь кегийнаха доьзалш кхоллар лахделлера 76,9% цул а хьалха хиллачу шарца дуьстича.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG