ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Катаран арахьарчу гIуллакхийн министр цхьаьнакхетта талибийн Iедалан премьер-министраца


Шейх Мухьаммед бен Абдель Рахьман Аль Тани "Талибанан" политикан агIон лидерца Барадар ГIани IабдуллахIца даьккхина сурт (аьтту агIорхьара), архивера сурт
Шейх Мухьаммед бен Абдель Рахьман Аль Тани "Талибанан" политикан агIон лидерца Барадар ГIани IабдуллахIца даьккхина сурт (аьтту агIорхьара), архивера сурт

Катаран арахьарчу гIуллакхийн министра Шейх Мухьаммед бен Абдель Рахьман Аль Танис кIиранан дийнахь дийцарш дIадаьхьна Афганистанан коьртехь йолчу Талибанан Iедалан премьер-министраца, молла Мухьаммед Хьасан Ахундаца хаам бо Американ Аз зорбан гIирсо. Шейх Мухьаммад ву кхечу пачхьалкхашкара Кабуле баьхкинчу лаккхарчу даржашкарчу Iедалхойх уггар лакхара дарж долу стаг, Товбеца-баттахь талибийн герзаца йолчу тобанаша иза дIалаьцчхьана.

Шейха Мухьаммед бен Абдель Рахьман Аль Танис премьер-министрца молла Мухьаммед Хьасан Ахундаца хиллачу шен цхьаьнакхетарехь оцу пачхьалкхан керлачу лидершка кхайкхам бина, къоман маслаIат даре, хаам бина Катаран арахьарчу гIуллакхийн министралло.

Талибанна алссам Iаткъам бан торо йолу пачхьалкх лоруш ю Катар. Цо коьрта дакъалецира америкахошна а, кхечу пачхьалкхин махкахошна а, афганхошна а Афганистанера эвакуаци еш.

Катаран коьртачу гIалахь Дохехь дIатарйелла ю, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташца дийцарш дIадахьар шен Iуналлехь латош йолу Талибанан политикан офис. Ткъа оцу дийцаршкахь эххаре а сацам бира Американ эскарш Афганистанера арадахарх лаьцна.

Шейх Мухьаммеда а, керлачу премьера Ахунда а иштта дийцаре дира Афганистанна кхераме йолчу терроран тобанашца къийсам латторца а, махкахь машар чIагIбарца а, адамаш маьршша дIасалеларца а доьзна хаттарш, хаам бо Катаран арахьарчу гIуллакхийн министралло.

Талибанан векало хаам бина шейх Мухьаммед цхьаьнакхетта хиларх лаьцна премьер-министраца а, кхиболчу а лаккхарчу даржашкахь болчу министрашца.

"Цхьаьнакхетар хьажийна дара шина пачхьалкхан юкъаметтигашна а, гуманитаран гIо дарна а, экономикан кхиарна а, дуьненаюкъараллица уьйрашна а", - аьлла ду Талибанан хаамехь.

Катаран арахьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, Шейх Мухьаммед иштта цхьаьнакхетта хьалха хиллачу Афганистанан Iедалехь лаккхара даржаш дIалоцуш хиллачу Iаблулла IабдуллахIца а, ткъа иштта президент хиллачу Карзай Хьамидца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG