ХIинжа-ГIаларчу аэропортера къепедацарш, Нохчийчохь керла батальон кхоллар, КъурIан дагорна лаьцна волчу Журавелан кхел йуха а дIататтар – цунах, кхиндолчух дуьйцур ду Маршо Радион 35-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Кавказера антисемиталла
ГIадужу-беттан 29-хь ХIинжа-ГIалахь антисемитин бараман декъашхоша дуьненайукъара аэропорт дIалецира, оцу гIалахь соцунгIа а йеш, Тель-Авивера Москва доьдучу кеманца хилла жуьгтий лоьхура цара. Палестинхойн къоманна тIехIутту шаьш аьлла, аэропортера арабовлучу нехан паспорташка хьожура и тоба, тIаккха аэропортан гIишло чулилхира уьш, кема хьалагIоттучу новкъа а бевлира. Тель-Авивера догIучу кемана чуьра нах кIелхьарабаха дийзира спецназан.
Официалан хаамашца а догIуш, оцу барамашкахь лазийнарг 20 сов стаг вара, шайлахь полисхой болуш. Оцу къепедацаршкахь хилларш иттанаш дIалецна аьлла хаам бира Iедало. Маршо Радиона ма-дарра дийцира хьалхо цигахь хиллачух, ткъа кху подкастехь ХIинжа-ГIалахь хиллачунна дуьххьара реакцех а, цуьнан тIаьхьалонех а дуьйцур ду.
Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс гIадужу-беттан 30-хь дIахьедира, аэропорт дIалацарна тIехула бехктакхамангIуллакх долорах, хиллачунна "Оьрсийчоьнан мостагIий" бехкебира цо, амма ца элира, ша буьйцурш билггал муьлш бу. "Цхьанна а гечдийр дац" аьлла тIетуьйхира цо. Оцу сарахь ХIинжа-ГIаларчу кхепелдацаршна комментари йира Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира а: "Американ Iедалерчу элиташна" критика йеш лелийна цо хилларг. Иштта украинхойн а, Малбузенан а леррина сервисаш йу аьлла цо бехке, амма тоьшаллаш ца далийна. Къамел дерзош Оьрсийчоьнан президента "бакъболу божарий" Украинина дуьхьал болчу тIаме кхайкхира – цо бахарехь, "палестинхойн къоман кхоллам" цигахь луьстуш бу.
Киевехь, Вашингтонехь харцбира ХIинжа-ГIалара къепедацарш гIиттийнарш шаьш бу боху хаамаш. Украинин президента Зеленский Владимира гIадужу-беттан 29-хь дIахьедира, хилларг – иза бахархошлахь кхечу къаьмнашка хьагI кхуллу Оьрсийчуьрчу пачхьалкхан пропагандин тIаьхьало йу аьлла. Американ къоман кхерамазаллин Кхеташонан векало Кирби Джона элира, Путин Владимиран дIахьедарш – уьш "оьрсийн рогIера риторика" йу, "шен пачхьалкхехь цхьаъ галдаьлча, кхиниг бехкевеш".
ХIинжа-ГIалахь хиллачу къепедацаршна гIадужу-беттан 30-чу сарахь комментари йира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана: Путина санна, хиллачунна бехке лаьрра цо "Малхбузенера схьа лелийна хIилланаш", иштта хьехна Палестинех дог лозучарна Украинина дуьхьал тIаме бахар. Цул сов, республикехь Iедалца дага ца бовлуш хIоттийначу барамашкахь кхузза шега дехар дича а ницкъахошна дуьхьал ваьллачунна хье йуккъе герз тоха аьлла тIедиллина Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
Путин, Кадыров вистхиллачул тIаьхьа ХIинжа-ГIалахь хиллачух къамел дина Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс. "Оьрсийчоьнан мостагIех" лаьцна дIахьедира цо йуха а, полисхошна ницкъбинарш, къепе йохийнарш жоьпаллех бевр бац элира. Делахь а, лахьан-беттан 2-хь 15 стагна дуьхьал административан гIуллакх даккхарх девзина, кхин а ши декъашхо церан могушалла бахьанехь нуьцкъах белхаш байта хьажийна.
ХIинжа-ГIалахь хиллачунна социалан машанаш бехкейина оьрсий Iедало - уггар хьалха, 20I6 шарахь дуьйна Украинехь вехаш волчу, оьрсийн думан депутат лаьттина волу Пономарев Ильяно ахча латтийна "Утро Дагестан" олу телеграм-канал. Оцу хьасто баккъала а кхайкхамаш бинера бахархошка, Тель-Авивера "кхайкханза баьхкинчу хьешашна дуьхьал бовла" аьлла. Амма оцу кепара къамелаш кхечу Кавказерчу пабликашкахь а хезара. ТIаккха Дагестанехь, ГIебарта-Балкхаройчохь антисемитийн барамаш хIиттийра, ХIинжа-ГIалара хьал хилале. Масала, Хасавюртарчу хьешан цIийнахь "Израилера мухIажарш" лоьхура, Черкесскехь "жуьгтий арабаха" бохуш дIахьедора, Нальчикехь хьалайуттуш йолчу жуьгтийн культурин центран гIишлонах цIе тессира. Аэропортана тIелеттачул тIаьхьа Пономарев Ильяс дIахьедира, "Утро Дагестан" каналаца хIинца цхьа а йукъарло долуш вац ша. Телеграм йиллина волчу Дуров Павелан сацамца хIинца дIакъевлина и канал.
ХIинжа-ГIаларчу къепедацарша йекъна Оьрсийчуьра йукъаралла: Путина, Меликовс Малхбузерчу "мостагIех" дуьйцучу йукъанна, къепедацаршкахь хиллачарна гечдаре кхайкхина UFC-н латархо хилла волчу Нурмагомедов Хьабиба. Оцу кепара дIахьедар дина Татарстанан муфтис Самигуллин Камиля а. Амма Москвахь оцу наханна шога таIзар де бохурш хеза - цунах дIахьедира президентан Iуналлера адамийн бакъонехула йолчу Кхеташонан декъашхочо Кабанов Кирилла а, Федерацин Кхеташонан декъашхочо Клишас Андрейс а. "Радикалашца-экстремисташца ловзарш даро" Iедале болу "тешам дIабаккха тарло", цундела набахтехь йаккха хенаш йетта йеза царна, аьлла хьаькамаша.
Оцу йукъанна Дагестанан муфтиятехь а хилла оцу тIехула листарш - лахьан-беттан I-хь гучудаьлла ма-хиллара, цигара балхара дIаваьккхира шиъ динан Iилманча: Саадуев Мохьаммад-Расул а, Атаев Зайнулла а. Хьалхо Саадуевс "Палестинехь хуьлург джихIад ду" элира. Атаев тIетайра оцу дIахьедарна, амма муфтиято “меттигера бахархой Iадош къамелаш” ма де аьллера.
Къилбаседа Кавказерчу республикашкара антисемитийн барамашна комментари йеш Оьрсийчоьнан коьртачу жуьгтийн моллас Лазар Берло аьлла, оцу нехан “тоъал гIиллакх ца хилар” ду бахьана. “Баккъала а цхьаъ хийцаделла Къилбаседа Кавказехь. Дикачу агIор а ца хийцаделла”, – аьлла дерзийна цо.
Керла совгIаташ доцуш виссина Кадыров Адам
Соьлжа-ГIаларчу СИЗОхь лаьцначунна йиттинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана Кадыров Адамна къоман совгIаташ дан реза ца хилла ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, Адыгейн а Iедалхой. Оцу кепара дехар кхаьчнера цаьрга Кадыров Рамзанан администарцин векалшкара, йаздо "Верстка" сайто.
Журналисташа бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалша дехар динера ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, Адыгейн а Iедалхошка Адаман гIо лаца аьлла: оцу регионийн куьйгалхошна хьийхира жимахволчу Кадыровна къоман цхьахдолу совгIат ло аьлла, "лакхара мел хуьлу - дикахон ду" олуш. Муха бух балийна республикий Iедалхоша совгIаташ дан дуьхьал хуьлуш, ца йаздина “Вёрстко”. Амма боху цара, Адыгейн куьйгалхо Кумпилов Мурат "чолхечу хьоле нисвинера оцу дехаро": нохчийн Iедалхошна дуьхьалвала а, йа Кадыров Адамца хиллачу историна йукъагIерта а ца лаьара цунна. ХIунда аьлча, "цхьа маьIна долуш" федералан центро бен цуьнан мах хадор бац.
Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь 19 шо долчу Журавель Никитина йиттинчул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун I5 шо долчу кIантана республикан Турпалхочун седа белира, цул тIаьхьа ГIезалойчоьнан куьйгалхочо Минниханов Рустама шен куьга дIайелира цунна ГIезалойчоьнан лаккхаллехь шолгIа йолу орден. ТIаьхьо "Кхарачой-Чергазийчоьнна динчу гIуллакхашна" орден йелла Кадыровн кIантана – регионан лакхара совгIат ду иза.
"Версткин" хьасташа чIагIдо, Кадыровн кIантана совгIат де боху инициатива Москвара йац, Соьлжа-ГIалара йу. Федералан Iедална и дерриг "ца тов", амма йукъагIорта дагахь бац уьш, чIагIдо гIирсаца къамел динчара.
Нохчийчохь – кхин а цхьа батальон
Кадыровн цIарахчу полицин полкан буьйранчан жимахволу ваша Чалаев Бекхан хIоттийна Бенойн БойсгIаран цIарахчу каде гIуллакхаш дайта вовшахтоьхначу батальонан урхалле, Росгвардина чудогIуш ду и дакъа. Бекханан ваша Чалаев Замид – нохчийн лаккхара ницкъахо ву, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан цхьа могIа пачхьалкхийн а санкцеш йу цунна дуьхьал йаьхна.
Чалаев Бекхан куьйгалле хIоттийначу батальоно стенгахь, хIун дакъа лоцур ду, хууш дац. Хьалхо Нохчийчоьнан Iедалхоша хаамбира, оцу декъе дIаэца кечбеш Гуьмсера "спецназан университетехь" эскархой бу аьлла. Украине хьийсо тIемалой а, йолахой а, "лаамхой" а бара цигахь Iамош.
Иттаннашкахь лецна, Чалаев Замида куьйгалла дечу Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан ларми чохь байъинчу нахах лаьцна тоххара "Новая газето" йаздира. Оцу полкан хиллачу белхахочо Гезмахмаев Сулеймана тIечIагIдира, мел кIезиг а, 13 стаг цигахь вийна хиларх. Цо бахарехь, Соьлжа-ГIалахь Кадыровн цIарахчу полкан декъа тIехь бертаза нах латтабо, царна тIехь ницкъбо, Iедалхошна гергахь "бехкеберш" хIаллакбо. 2021-чу шарахь, рогIера къизачу зуламийн тоьшаллаш зорбане даьхначул тIаьхьа, Чалаев Замидана Оьрсийчоьнан турпалхо аьлла цIе йелира.
Хьалхо Кадыровс ша улло ваьккхина лело Чалаев Замид Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно болийначу тIамехь "жоьпалле вира Луганскан агIонна". 2021-чу шарахь Чалаевс дIахьедира, ша "психикан лазаршна дарба дечу клиникера" Кадыровс ара а ваьккхина, шех Оьрсийчоьнан Турпалхо вина аьлла.
Набахтехь ницкъбарх дIахьедина нохчочо
Бишкекера талламан изоляторехь шена тIехь ницкъбина аьлла дIахьедина Нохчийчуьра вахархочо Мовлаев Мовсара. Iазапаш хьегийтина Мовлаевга Нохчийчохь, Оьрсийчу веддера иза. ГIиргIазойчохь бехкевина иза бакъо йоцуш шайн мехкан доза хадорна. Йалх бутт хан тоьхна цунна чохь баккхийта, цул тIаьхьа пачхьалкхера ара а воккхуш.
СИЗО-хь шена йиттина аьлла дIахаийтина Мовлаевс гIадужу-беттан 31-чохь апелляцин кхелан кхеташонехь, йаздо "Кавказский узел" гIирсо, амма дерриг а дийца ца ларийра иза. Кхелахойн коллегин куьйгалхочо йукъахваьккхира иза, кхеле таллийта доллу кехаташ схьа ца кхаьчна аьлла, дийцаршдар дIатеттира лахьан-беттан 16-чу дийне.
Мовлаевн адвокато Автандил Бакыта ресурсана йеллачу комментарихь билгалдаьккхира, гIело йарх латкъам ГIиргIазойчоьнан Iазапех дIахьедарехула йолчу Къоман Центре хьажийна аьлла. Иштта Автандила чIагIдо, Мовлаевн гIуллакхан материалашкара "берриг аьлча санна дIабайъина" Нохчийчохь цунна тIаьхьабовларх а, цунна тIехь къизаллаш лелорах а хилла хаамаш. Цунна хетарехь, Мовлаев Оьрсийчу дIавахийта шайн таро йу ала дина хIума ду и.
Бакъо йоцуш доза хадорах Мовлаевна таIзар кхайкхийра кху шеран гIадужу-беттан 4-чохь. Мел а лаккхара хан тохахьара шена аьлла, дехар динера цо, Оьрсийчу ша дIа ца велчхьана. Гезгамашин-баттахь ГIиргIазойчоьнан Iедалшка велира Мовлаев, шена мухIажаран статус лахьара аьлла. Карарчу заманчохь цуьнан дехар луьстуш ду пачхьалкхан къоман кхерамзаллин комитето.
КхоалгIа дIатеттина КъурIан дагийначунна кхел
Нохчийчохь кхоалгIа а йухатеттина КъорIан дагорна бехкевечу Волгоградера вахархочун Журавель Никитин гIуллакх листар – волайнхой бу аьлла дIакхайкхийна нохчийн маьждигашкара I3 имам кхеле ца веана йуха а. Соьлжа-ГIалара Висаитовн кIоштан кхело видеозIенехула хеттарш дира Волгоградера бехкаш дахкаран агIонера шина теше: маьждиган имаме Бектемиров Ильясе а, VI.ru сайтан корреспонденте Богданов Иване а.
Журналисто дIахьедина, КъорIан дагош видео "Утро Дагестан" телеграм-каналехь гира шена аьлла.
"Видео тIехь цхьана стага, Волгоградера Ворошиловскан кIоштара Поворинская урамехь долчу маьждигах терачу маьжигна хьалха КъорIан дагийра. Видео йоккхучун карахь жайна дара. Цуьнан йуьхь гуш йацара", - аьлла Богдановс. VI.ru сайтехь лакхарчу корреспондентан болх беш ву иза, гIаличуьра хаамех йаздо цо.
Кхелехь йуха а бусалбанашка шена гечдар дийхира Журавель Никитас, цо элира, ша КъорIан Iамо волавелла, йаздо "Сапа Кавказ" телаграм-канало а, "Чечня Сегодня" сайто а.
"Суо чохь латточу йукъанна КъорIан доьшуш ву со, и толлу аса, Делах тешачийн дог-ойла айса мел сийсазйина тIаьхьакхиархьама", - Журавель Никитин дешнаш далийна РИА "Новости" агенталло, кхелан гIишло чохь хиллачу корреспондентана тIетевжина.
Бехкаш дохкучу агIор волу кхин а ши теш а, волайнхой лерина I3 имам а кхеле ца бахкарна дов хаттар дIатеттина лахьан-беттан I6-чу дийне.
Журавель Никита бехкево далла Iамал йан а, динца доьзна барамаш дIабахьа а билгалйаьхначу меттигашкахь Делах тешачийн дог-ойла сийсазйарна а, иштта динца болчу цабезамца йухахьара леларна а. Цо дIахьедина, КъорIан дагорна ша бехке хиларна къера а ву ша, амма шога къепе йохо лаам болуш вацара ша аьлла.
ГIадужу-баттахь кхин а йалх баттана лаьцна вуьтуш, хан дIайахйира цуьнан. Журавелан адвокатна Антонова Юлияна хетарехь, иза лаьцна латторца цуьнан кхерамзалла ларйийр йу. Марсхьокху-баттахь волгоградхочунна йиттира Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта, тIаьхьо республикин Турпалхо аьлла, цIе йелира цунна. Оцу гIуллакхехула хьалхара кхеташо йолайалале Кадыров Рамзана видео йаржийра, цу тIехь ницкъбо лаьцначунна.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: