ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказера тутмакхашна йиттина "ЧВК Вагнеран" тобанехь тIамтIе баха дуьхьал хиларна


Калугера ИК-2 колонира тутмакх. Gulagu.net телеграм-каналера сурт
Калугера ИК-2 колонира тутмакх. Gulagu.net телеграм-каналера сурт

Калугера ИК-4 колонера Къилбаседа Кавказан мехкашкара тутмакхаш бертаза "ЧВК Вагнеран" тобане ийзабо, вербовкина дуьхьалболчарна ницкъбо. Цунах лаьцна хаамбина бакъоларйаран Gulagu.net проекто, колонира суьрташ а, видеош а зорбане йохуш.

Кавказ.Реалиига Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира дийцарехь, Къилбаседа Кавказерчу таIзар динчарна Iаткъам бина ца Iаш, иштта бала бохьу Юккъерчу Азин пачхьалкхийн бахархошна а цхьаьна. Хьукматан цхьахволчу белхахочуьнгара кхаьчна бакъонашаларйархошка белхан съемка.

Зорбане даьхначу суьрташ тIехь масех тутмакх камера чохь куьйгаш тIехьа а дахийтина стоьлах дIагIортийна ву, хетарехь, видео дIайазйечо "къуйн ламасташ" къобалдечуьра юхадовла боху цаьрга.

"Карарчу хенахь "ЧВК Вагнеран" тобане рекрутераша нах ийзош шолгIа тулгIе ю дIахъош. Дуьххьарлерачуьнга ладоьгIча, ойла а ца йеш, тутмакхаш дIайазлора хIетахь, лаамберш кIезиг бу хIинца. Цаьргахь информаци ю: хьалхарчу тулгIенехь вербовка йина 90 процент нах белла цигахь. Оцу юкъанна уьш Iехийнера: таIзарна кIелара а ца баьхнера уьш, пачхьалкхан совгIаташ ца дира царна, лур лу аьлла ахчанаш ца деллера дуккхаъчарна", - билгалдоккху Осечкина.

Эххар а ФСИН-е омра кхечира тутмакхашна Iаткъамбе, ницкъахошна хетарехь, "къуйн низамашна тIе а товш, вербовкина дуьхьалболчарна" а цхьаьна, ткъа уьш бу Къилбаседа Кавказера таIзардинарш а. Цундела кадраш тIехь гуш ду алсам къизалла а, кIезиг хоьтуьйту хIуманаш а царна тIехь лелош хилар.

Кавказ.Реалиин корреспондент гIоьртира зорбане даьхна суьрташ а, видео а бакъхиларх тоьшалла тIечIагIдан а, иштта Къилбаседа Кавказерчу нахана тIехь гIелоярх комментарий эца а, амма официалан сайтерчу Калугерчу УФСИН-н пресс-гIуллакххойн телефонан номершца телефон дIатоьхча цхьаммо а жоп ца делира.

  • "ЧВК Вагнера" – Оьрсийчоьнан официалехь доцу тIеман дакъа ду, цуьнан эскархоша дакъалоцу Шемахь а, Африкехь а, Украинехь а лаьттахула дIахьочу операцешкахь. "ЧВК Вагнеран" долахо ву – совдегар, Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца а, Нохчийчоьнан урхалхочуьнца Кадыров Рамзанца а гергарло долу Пригожин Евгений. Оьрсийчоьнан низамаша дихкина ду долахь тIеман компанеш лелор.
  • Хьалхо Кавказ.Реалии сайто ма-дарра дийцира, "ЧВК Вагнеро" Оьрсийчоьнан къилбера тутмакхашна тIамтIе вербовка ярх.
  • Вербовка йинчу тутмакхашна видео гойту дезертирашна тоьпаш тухуш, хаамбира Радио Свобода оьрсийн сервисо, оьрсийн Би-би-си канална тIетевжина, цаьрга дийцинера колонишкарчу церан хьасташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG