ТIехь ницкъбинчу Къилбаседа Кавказан регионашкарчу тутмакхийн гIуллакхаш лелон адвокат Алиева Аза Саратовн кIоштара адвокатийн палатера Москва дIайахна, Федералан таIзар кхочушдаран урхаллин (ФСИН) агIор шена Iаткъам барна. Цунах лаьцна ша юристо дийцина Кавказ.Реалиин сайте.
Алиевас бахарехь, цо социалан машанашкахь а, зорбанашкахь а тутмакхийн бакъонаш хьешарх дийцинчун скриншоташца рогIера ФСИН-ра арз кхаьчча сацамбира цо дехьайала. "Сий дойу" хаамаш бу уьш элира урхалло, Саратовн кIоштара адвокатийн палатина тIедожийнера, юрист дисциплинаран жоьпалле озайе аьлла.
Латкъам йухатеттинера, оцу палатехь Алиева йац аьлла. Адвокато тIетоьхна иштта, бух боцуш даим а ФСИН-о кхоьхьуьйту аьрзнаш бахьана долуш кхачам болллуш болх бар ца нислора шен, цундела регион хийца сацам бира ша аьлла.
- 2022-чу шеран мангал-беттан 6-чохь номер 2 йолчу колонера тутмакхаш тIелетира оцу набахтен белхалошна. ФСИН-н цхьа белхахо вийра, ворхIанна чевнаш йира. Тутмакхаша бахарехь, колонихь церан бакъонаш ца лорура динан билгалонца. Адвокаташа Алиева Азас а, Мунтян Снежанас а гIуллакхаш дIахьочу таIзар токхучу Дагестанера Атимагомедов Магомеда а, Курмагомедов Дауда а дIахьедира, шайн тIехь къизаллаш лелайора аьлла.
- 2021-чу шеран лахьан-баттахь Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь Алиева Азас дийцира ша Iалашбечарна тIехь Iазапаш лелорах, иштта Къилбаседа Кавказера бахархошна а цхьаьна. Инфекцин лазаршна дарба дечу Саравтовскан кIоштара дарбанан цIийнехь а дийцира, тутмакхашна тIехь терго латточу а, талламаш бечу а инстанцешна а хууш, оцу системо адамаш хIаллакдарх.