Махкарчу Росгвардин урхаллин а, МВД-н а белхахойн а, иштта регионехь биссинчу тIеман министраллин эскархоша а "болх чIагIбан беза" аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Украинера тIом берззалц иштта раж латто еза регионехь, билгалдаьккхина Кадыров Рамзана Нохчийчоьнан ницкъаллин дакъойн командирашца хиллачу цхьанакхетарехь.
"Боллу бIахойн, хуьлийла Росгварди, тIеман министралла йа МВД, шайн гIуллакхдар чIагIдинчу кепе дерзо деза", - яздина мехкан урхалхочо шен телеграм-каналехь, хьахийна цхьанакхетар дирзинчул тIаьхьа, регионан территори тIехь ницкъахойн белхан раж хийцаран бахьанаш а ца далош.
Мангал-баттахь Украинехьа тIемаш бечу къобалъязчу Ичкерин агIончаша Кадыровга тIом кхайкхийра, иштта дIахьедира, Нохчийчохь вовшахтухуш гIаттамхой бу, республикана "деоккупаци" ян Iалашонца аьлла. Бутт баьллачул тIаьхьа регионан куьйгалхочо чIир кхайкхийра Ичкерин агIончашна.
- Церан божарий тIеман декхарш кхочушдан дуьхьал бовлахь, хала бохкучу доьзалшна Iедало кхачочу таронех а, ахчанех а баха церан доьзалш аьлла, тIедиллира Нохчийчоьнан куьйгалхочо хьалхо. Цунах лаьцна дIахьедина Кадыров Рамзана Соьлжа-ГIалахь хиллачу кхеташонехь парламентан спикер Даудов Мохьмад вистхиллачул тIаьхьа. Вукхо дийцира къечу доьзалашкара божарий реза цахиларх керлачу кадыровхойн полке язбала.
- Украинан кхерамзаллин урхалло таллам болийна Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьокъехь, цунах шек бу пачхьалкхан Зуламан кодексан Iедалан кхаа къепехь: къиза тIом бар, территорин цхьаалина тIелатар, Оьрсийчоьнан тIеман агресси къобалъяр. Украинана дуьхьал зуламаш лелор бакъ дац ца баьхна Кадыровс.
- Стигалкъекъа-баттахь дийца даьккхира, Нохчийчуьра Украине тIаме бахначарлахь кеп-кепарчу зуламашна таIзарш дина нах хилар, царех цхьаболчийн хIинца а тоьхна хан чекхъяланза ю аьлла. "Можем объяснить" телеграм-каналан лараршца, Нохчийчуьра Украине вахначу 953 "лаамхочух" тептарера мел лахара а 101 стаг "криминалан хьалхалера а, тахане а" йолуш ву.
- Кадыровхойн Украинерчу дакъойх хьакхалуш дац Оьрсийчоьнан армин уставаш. Цунах лаьцна дIахьедина, чиллан-беттан 24-чохь долийначу тIелатарехь дакъалоцуш хилла, цул тIаьхьа тIеман агресси емалйина, "ZOV" книги тIехь цунах лаьцна яздинчу Филатьев Павела
- Марсхьокху-беттан 17-чохь Украинан тIеман министраллин талламхойн урхалло дIахьедира, Нохчийчохь вовшахтухучу керлачу йеа батальонашкахь ницкъахоша лечкъийна бигина нах бу аьлла. Киевн хаамашца, доккхачу декъанна бу уьш нохчийн ярташкара бахархой – царна кхерамаш туьйсу бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал даха йа къизаллаш лелор ю олий. Украинхойн таллархоша мах хадабо цуьнан, Оьрсийчохь тIом бан луурш кIезиг хиларца. Оцу чIагIдарех лаьцна комментариш ца ло йа Москвахь а, йа Соьлжа-ГIалахь а.