Нохчийчоьнан таханалерчу куьйгалхочун дена, республикан хилла Оьрсийчоьнгхьа волу хьалхарчу президентана Кадыров Ахьмадна лерина болу иэсан хIоллам бохийна Казахстанерчу Малая Сарань эвлахь бевзаш боцчу наха. Оцу эвларчу кхин а цхьана хIолламна тIехь шинна а агIора "йамартхо" дешнаш йаздина баллонехь долчу басарца.
1ADAT оппозицин телеграм-канало оцу тIелатарийн ши видео арахийцира. Буьйсанна йаьхначу видеошкахь гуш ду, авторша телефонан стогар латабой, йуххера гойту и хIоллам, тIаккха цхьаверг йоккха жIов йетта йолалйо цунна тIе. Кадыров Ахьмад жималлехь Iийна хIусам лаьттинчохь бу и хIоллам. Видео йаьккхинчу нехан йаьххьаш йац гуш, йа церан аьзнаш ца хеза.
Сарань гIалин ОВД-н белхахочо Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь бакъду элира эвлахь хилларг, цхьа хIоллам бохийна, вукхунна тIе дешнаш йаздина, бохура цо – масхьокху-беттан 5-чу буса хилла ду и ший а.
Кадыров Ахьмад вина меттиг йу Малая Сарань. ТIаьхьо тIе басар диттина болу, "Къам дезар, Делах кхерар" боху дешнашца кечбина хIоллам хIоттийнера 2012 шеран марсхьокху-баттахь. Цуьнан автора Такиров Жаика бахарехь, оцу дешнийн маьIнаца вехаш хиллера кхелхина волу хьаькам.
Марсхьокху-беттан 6 дийнахь Москварчу хенаца 12 сахьт даьлча казахийн оьрсийн маттахь йолчу зорбанашкахь хIумма а дац оцу хиламехь дуьйцуш.
- Кадыров Ахьмад 1951-чу шеран марсхьокху-беттан 23-хь вина ву Казахстанерчу Караганда гIалахь, цига цуьнан доьзал дIабохийнера 1944-чу шарахь. 1957-чу шарахь бен юха ца бирзира КадыровгIеран доьзал Нохчийчу. 1995-чу шарахь Ичкерин муфтий хIоттийра иза, хIеттахь гIазот кхайкхийра цо Оьрсийчоьнна. Амма тIаьхьо федералхошца велира иза, 2000 шеран мангал-беттахь дуьйна Нохчийчуьрчу цхьана ханна кхоьллинчу администрацина куьйгалла дора цо. Иза дехьавалар оппозицихошна йамартло хета цо дуьхьалонанидейна йина.
- Вийначу Нохчийчоьнан президентан Кадыров Ахьмадан васт десторах лаьцна – республикехь цуьнан ц1е лелош 300 урам бу, Соьлжа-ГIалара коьрта майда а, паркаш, Нохчийн пачхьалкхан университет, школаш, гимназеш, берийн бошмаш, "Нохчийчоьнан дог" маьждиг, "Новая газето" Чиллан-баттахь хаамбарца, шен ларми чохь дуккха а нах байина Росгвардин полк а. Цул совнах, махкахь футболан а, латархойн а клубаш ю, иштта, 2020-чу шеран ГIуран-баттахь дуьйна Америкерчу финансийн санкцйин тептаре язйина Кадыров Ахьмадан цIарах фонд а ю.
- Нохчийчохь 346 урам бу КадыровгIеран доьзалан декъашхойн сий деш цIерш техкина, тIаккха церан цIерш хийца атта хилийта Iедало ур-атталла меттигера низамаш а хийцина, йаздо "Би-би-си-н оьрсийн сервисо". Масала, воккхачу Кадыровн цIе лелош йу Соьлжа-ГIалара футболан клуб, стадион а, гIоьналлин фонд, гIалара бIов, меттигера аэропорт а.
- Хьалхо Балканашкахь Кадыровн алерина барамаш д1ахьора. Дуьйцура, Сербехь Кадыров Ахьмадан цIе тиллина урамна, цуьнан цIе лелор ю цигахь йилла леринчу хьафизийн хьуьжаро, бохуш. Кадыровн-воккхахчун цIе туьллур ю аьлла парканна Къилбаседа Македонехь. Боснехь а хир ю Кадыровн Ахьмадан парк, цул совнах, тIай хир ду Кадыров Рамзанан цIе лелош. Хьехавора Нохчийчоьнан таханлера куьйгалхо Сербин Республикан а, Боснин а, Герцоговинан а фестивалехь.