ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Казахстанехь маьрша нах а, бераш а даларх хаамаш алсамбуьйлу


Алматара Республикан майда. Дечкен-беттан 7-гIа де, 2022 ш
Алматара Республикан майда. Дечкен-беттан 7-гIа де, 2022 ш

Алматахь гIаьттинчу къепенехь 11 шо долу бер дийна. Зорбан гIирсаша а, иштта КазТАГ а, "Интерфакс" агенталлаша а бина цунах лаьцна хаам, меттигерчу омбудсменна Саин Аружанна тIетевжина,яздо Азаттык Свобода Радион сервисо. Саина дийцарехь, карарчу беттан 5-чохь вийна и кIант, шен деца-ненаца урамехула воьдучу заманчохь.

Саина иштта дIахьедо, Алматан дарбан цIийнехь чIогIа лазийна 15 шо долу кхиазхо а хиларх. Чевнаш йинера цуьнан дена а. Саина бахарехь, машенахь боьлхуш хиллера уьш, церан машенна тIе герзаш деттачу хенахь.

Дечкен-беттан 8-чохь Jerusalem Post газето хаамбира, Израилан арахьарчу гIуллакхийн министраллана тIетевжина, Алматахь къепедацарш доьлхучу юкъанна 22 шо долу Израилан вахархо Когиашвили Леван а верах.

Orda.kz сайто шен телеграм-каналехь зорбане ехира журналисташа моргехь гулйина истореш. Цигарчу наха дуьйцура герзах шайн гергара нах баларх, иштта диъ шо долу йоI а цхьаьна.
Официалехь цкъачунна оцу хаамийн тоьшаллаш дац, йа бакъ дац аьлла, дIахьедина а дац.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло тIаьххьара зераш дира беллачех Дечкен-беттан 7-чохь. ХIетахь дIахьедира, 18 ницкъхо а, 26 вахархо валарх а (оцу нахах дуьйцуш "ликвидаци йина" олура). Чевнаш йина вара 748 стаг.

Казахстанехь "антитерроран операци" ю дIахьош кху беттан 6-чохь дуьйна. Пачхьалкхан перзиденто Токаев Касым-Жомарта дIахьедира, операци дIахьочу структурашна дина омра ду "шаьш оьшучу далахь, герз тIедахийта" аьлла.

Алматахь Дечкен-беттан 4-чохь йолийна маьрша протестан акцеш харцахьа йирзира. Алматарчу полицин департаментан буьйранчас Таймерденов Каната бахарехь, протесташ лаьттачу деношкахь шахьарахь ягийна 120 сов машен, талораш дина 120 туьканна, 180 кафена, ресторанна, йиттина 500 сов вахархочунна, 130 зуда а, къано а ву царалахь. Ягийначу машенашлахь полицин, цIейойъучу дакъойн, орцан медицинан ю 33. Амма и информаци бакъян я харцъян яц таро яц йозушйоцчу хьостанашкара.
Iедалхоша "зуламхойн группаш", "террорхой" олу протестан декъашхойх дуьйцуш.

Дечкен-беттан 10-гIа де къоман тезет кхаккхийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG