ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Казахстанан кхело кхин а шина баттана лаьцна вуьтур ву нохчо Мовлаев Мансур

Мансур Мовлаев
Мансур Мовлаев

Алматара талламхойн кхело сацам бина стигалкъекъа-беттан 8-чохь Нохчийчуьра вахархо Мовлаев Мансур кхин дIа а лаьцна вуьтуш, 2026-чу шеран товбеца-батте кхаччалц. Цунах лаьцна хаамбина цуьнан гIуллакх къуьйсучара, хаамбина «Настоящее Время» телеканало.

Кхелехь дакъалоцуш йа Мовлаев а, йа цуьнан адвокаташ а боцуш дIайаьхьна хилла суьдо шен кхеташо. Казахстанан Бехктакхаман-процессуалан кодексаца а догIуш, экстрадицин кепехь стаг 12 баттал а сов лаьцна вита мегаш ду, нагахь санна иза дIавала кечвеш велахь, йа иза дIавала бинчу сацамна дуьхьал бина латкъам луьстуш белахь.

Мовлаевх дог лозучара карладоккху, Мовлаев дIавала Коьртачу прокуратуро бинчу сацамна дуьхаьл чуделла арз листина даьлла, ткъа иза дIавалар йукъахдаьккхина Лакхарчу кхело, Нохчийчуьра вахархочо шена тховкIело йоьхуш Казахстанан Iедалхошка дина дехар листина даллалц.

"Аьлча а, низамо билггал къастийна цхьана а кепара баххаш дац. Иза иштта делахь а, кхело хьесап дина, тховкIело йоьхуш чуделла дехар- иза дIавала бинчу сацамна латкъам бар санна хIума ду аьлла, уьш кеп-кепара процедураш йоллушехь. Адвокаташна хетарехь, оцу тIехула дуьззина хеттарш кхоллало кхин дIа иза чохь латтор низамехь ду бохучух", - аьлла ду хаамехь.

Цхьанатоьхначу Къаьмнийн организацино тIедожийна Казахстанна, цуьнан латкъам кхачам боллуш теллина баллалц, Мовлаев Оьрсийчу дIа ма ло аьлла.

  • Тхан сайтан хаамаца, 2020-чу шарахь кхел йина ву Мовлаев Нохчийчохь наркотикашца доьзначу гIуллакхехула. 2022-чу шарахь иза маьршаваьккхира хенал а хьалха. 2022-чу шеран марсхьокху-беттахь иза йуха а лачкъийна вигира Шела-кIоштан полицин белхахоша, лаьцна латтийра Нохчийчуьра цхьана набахтехь. Цул тIаьхьа ша маьршаваьлча Мовлаевн ка йелира карахь кехаташ а доцуш Оьрсйчуьра ведда вала, ишта кхаьчна ву иза ГIиргIазойчу.
  • 2023-чу шеран гIадужу-баттахь Бишкекан кхело, бакъо йоцуш шайн мехкан доза хадорна Мовлаевна йалх бутт кхайкхийра колонихь баккха, цул тIаьхьа шайн пачхьалкхера ара а воккхуш. Оццу шеран лахьан-беттан 20-чохь иза дIахийцира, йаккха тоьхна хилла хан чекхйаларна. Цул тIаьхьа ГIиргIазойчуьра дIавахара иза.2024-чу шеран гIадужу-баттахь цо видео дIайазйира шен цIарах кхайкхам беш, хIетахь цо дIахьедира шен ши ваша Зеламха а, Хьамзат а Нохчийчохь лачкъийна аьлла.
XS
SM
MD
LG