ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Казахстанна критика йинчу Кадыровна дагадаийтина дIабохийна нохчий кIелхьарабахар


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Казахстанера пачхьалкхан "КТК" телехьожийлан журналиста Пономарев Сергейс жоп делла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана йинчу критикана – тIаьххьарчо дIахьединера, Оьрсийчоьно Казахстанна йозуш ца хилар ларъеш гIо дина, амма Украинаца бечу тIамехь Оьрсийчоьнна гIо кхаьчна.

Пономарева дагадаийтина республикан куьйгалхочунна, 1944-чу шеран Чиллан-баттахь нохчий дIабохор – журналисто бахарехь, Казахстанан аренашкахь кхача а, йовха бедарш йоцуш, дийна бисса аьтто хилла церан меттигерчу бахархоша гIо дарна.

"Суна ца моьттура вайнехан кхолгIачу тIаьхьенан иштта йоца иэс ю… 90-чу шерийн юьххьехь дIабохийна де тIекхаьчча Соьлжа-ГIалахь вара со, Нохчйчуьра хьалхара тIом болалуш репортажаш йора аса, меттигера бахархошца къамелаш дора. ЦIабаьхкинчу наха, массара аьлча санна, белха а боьлхуш, баркаллашца, ларамца дуьйцура казахех лаьцна!", - яздира Пономаревс шен фейсбукерчу агIонехь.

Къобалъянзачу Ичкерин хьалхарчу президентах лаьцна а дагадаийтира цо – цуьнан къамелаца а догIуш, Дудаевс Казахстанах нохчийн шолгIа даймохк олуш хилла. "Цхьамма карлаяккхийша Рамзан Ахматовичан иэс, цхьана минотанна а эхь хета мега цунна", - дIахьедина Пономаревс.

Дагадоуьйту, хьалхо Кадыров Рамзана шен телеграмерчу каналехь кхайкхам бира коллективан кхерамазаллин Бертан Цхьанакхетаралле (ОДКБ). Боьдучу тIамехь Оьрсийчоьнна гIо ца дарна бехк баьккхира цо цаьргара.

"Шу тап аьлла стенна Iа? Шайн лулахойх лаьцна стенна ца дуьйцу? ТIом дIаберзийта стенна ца гIерта шу? Вай цхьана тIом ма бина Бандерана дуьхьал. Ткъа хIинца хIумма а ца хилча санна, Американ, йа Европан санкцех кхоьруш, дист ца хуьлуш Iа шу… Эрмлойчоьнна а, Азербайджанна а юккъехь тIом боьдучу хенахь коьрта гIуллакх динарг Путин вара. Казахстан шен суверенитетах йолуш хенахь гIо хьан дира? Оьрсийчоьно! Ткъа Оьрсийчоьнна эшча верриг тебна Iа – санкцех кхоьру", - дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

  • Мангал-беттан 17-хь Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьана вист хуьлуш Казахстанан куьйгалхочо Токаев Касым-Жомарта "ЛНР" а, "ДНР" а "квазипачхьалкхаш" ю аьлла, церан йозуш ца хилар Казахстано тIелоцур дац аьлла тIе а тухуш. СНГ-н гIуллакхашкахула парламентан лахарчу палатан комитетан куьйгалхочун гIовсо, депутата Затулин Константина цунна жоп луш, Казахстанна кхерам тесна "Украинехь санна" цуьнца юкъаметтиг лело – оцу дешнашна дуьхьала цуьнгара бехк баьккхина белхан накъосташа. Масала, "Единая Россия-н" кхеташонан коьртачу секретара Турчак Андрейс хьехна Затулинна "шен ойла шегахь латтор".
  • Казахстанан президент Токаев Касым-Жомарт реза ца хилла Невский Александран оьрсийн орден тIалаца, де хьалха Москвано цунна дIайала хьехна хиллера иза. Цуьнан пресс-сервисехь дIахедира, шен дарж цо дIакхоьхьучу юкъанна цхьа а совгIаташ тIе ца лаца сацам бина цо.
  • Охан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыровс зарратан герзаца а, "ерриг гIаланаш схьаяхарца" а Украинана кхерам тессира. Украине тIамца Оьрсийчоьнан чугIортарх лаьцна дуьйцуш, Кадыровс тIеман тийсдаларех шена хетарг дийцира: "Соьга хаьттича, ас цкъа дуьххьара Луганск а, Донецк а цIанйийр яра, тIаккха кхин дIа болх болор бара. ДIахьедийр дара, нагахь санна, йолах тIом бан веана Украинехь цхьаъ хилахь, тактикан зарратан тохар дийр дара билгалъяьхначу меттигашка, забарш ца яйта".
  • Иза Кадыровн дуьххьара зевне дIахьедар дац - Стигалкъекъа-баттахь цо Путин Владимире кхайкхам бира, Украинаца болчу тIеман "шолгIа этап" йолайе, Киев, Харьков, Херсон схьа а яккха, аьлла. Оцу юкъанна ши бутт а бара 300 эзар стаг вехаш йолу Украинан къилбера Херсонна Оьрсийчсоьнан эскарша дола ден, иштта Харьковна тохарш дора, амма украинхойн Iедалан долахь юьссу иза, ткъа Киевна тIелатар Зазадоккху-баттахь дерзийра, оцу агIор кхачамбацарш хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG