ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Казахстанера харжамаш: Токаевна - 77%, протестхошна - лецарш


Казахстан. Алматы, харжамашна резавоцург лаьцна вуьгуш бу полисхой
Казахстан. Алматы, харжамашна резавоцург лаьцна вуьгуш бу полисхой

Казахстан къастаелла яьллачух тера шен рогIерчу лидерца – президентан харжамашкахь хьалхаваьлла Токаев Касым-Жомарт

Харжамийн Коьртачу комиссино цкъачунна баржийначу хаамца, кIирандийнахь бирзинчу харжамашка баьхкина 77% казахстанхой, 70,6 % наха кхаьжнаш тесна Токаевгахьа.

ШолгIачу меттехь ву оппозиционер Косанов Амиржан – 16%. Казахстанан исторехь президент яха лерина дуьххьара зуда-кандидат яра Еспаева Дания – цунна кхаьчна 5% гергга кхаьжнаш, хаамбо Азаттык Радионо. Пачхьалкхан коьрта гIант къовсуш верриг вара 7 стаг.

Харжамаш боьлхучу юкъанна тергамчаша а, журналисташа а хаамаш баржабора, цхьаццайолчу каппашкахь къайлах кхаьжнаш чукхуьйсу гIутакхашна, бохуш.

Оцу хьелашкахь Токаев Касым-Жомартна наха белла кхаьжнаш хаъал кIезиг бу шел хьалха президентан харжамашкахь тоьллачо баьхначул – тIаьххьара президентан дарже воьдуш Назарбаев Нурсултана бехира 97% кхаьжнаш. Лидер харжа арабевлларш а бара хIинцачул дуккха а дукха – 95% харжамхой.

Президентан дарж кхо бутт хьалха мукъаделира. ГIентара гIаьттинехь а, хаъал Iедал шен карахь кхобу Назарбаевс тахана а.

Боьлхуш харжамаш а болуш, проетстан гуламаш лаьттира кхоьртачу гIаланашкахь – Нур-Султанехь, Алматыхь, Шымкентехь, кхечу меттигашкахь. Харжамашна бойкот яр доьхура махкахошка акцийн хьалханчаша. Казахстанан милицино бинчу хаамца, лаьцнарг вара 500 гергга вахархо. Севцца бац гуламаш карарчу ханна а, лецарш а ду дIахьош.

Полице бигинчу нехан могIаршкахь вара Маьрша Европа Радио/ Маршо Радио корпорацин Азаттык Радион ши корреспондент Троценко Петр а, Тойкен Сания а. Хьалхо оцу корпорацино Чехера, Оьрсийчуьра, ГIиргIазойчуьра харжамаш тергалбан хьажийначу 7 корреспондентна шайн болх дIабахьа а дихкира Казахстанан Iедало.

Оцу хьокъехь дIахьедар дина Маьрша Европа Радио/ Маршо Радион президентан декхарш кхочушдечу Синделар Дейзис. "Харжамашкара хьал довзийта хьийсийна журналисташ лецар – иза церан болх бохор, нехан бала кхаьчу хиламаш бовзийта царна дехкар ду", аьлла Синделара.

ХIинцалера харжамаш ялхалгIа бу Казахстанан исторехь. Хенал хьалха президент харжар нисделла доьазза. 30 шера чохь дуьххьара президентан дарж шен карара далийтина Назарбаев Нурсултана.

Харжамийн Юкъара Комисси йоцург, кхийолу хьукматаш а яра харжамийн жамIаш лоьруш. Оццу терахьашка еъна Iилманан-талламийн "Кегийрхой" центр а: цуьнан жамIашца, 69, 94% кхаьжнаш баьхна Токаевс, 14,96% - Косановс.

Харжамашкахь цхьана а кандидато ца баьхна баха догIу 50% кхаьжнаш, аьлла Казахстанехь премьер-министр Iийначу, хIинца оппозицехь волчу Кажегельдин Акежана. Оппозицино хеттарш дина харжамхошка, тергалйина каппаш, хьалхарчу турехь цхьанна а ца тесна толамбаккха оьшу 50% кхаьжнаш, харжамаш нийсса дIабаьхьинехьара шолгIа тур яра хила езаш, аьлла политико.

Казахстанехь официалехь дIакхайкхийна бац Токаевн толам цкъачунна, амма Iедало тоьшалла до харцонаш харжамашкахь лелла яцарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG