ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Харцо кхин ловр яц ас". Казахстанера протестхой


Казахстанера протестхой Тулесова Асия а, Толымбеков Бейбарыс а хIинцца мукъабаьхна изоляторера.
Казахстанера протестхой Тулесова Асия а, Толымбеков Бейбарыс а хIинцца мукъабаьхна изоляторера.
ЭГЕМБЕРДИЕВА Жазгуль
ОРАЗБЕКОВА Шолпан
ЭНГЕЛЬГАРДТ Павел

Еарийдийнахь хинболчу президентан харжамашна дуьхьалбовларна, бахначу баттахь лийцира Казахстанера жигархой. Изоляторера мукъабовлуш бу уьш хIинца. Лайначу таIзаро ца хийцийтина цаьрга дог-ойла - шаьш дуьхьал ду харжамашна, чIагIдо цара.

Алматахь хIора шарахь хуьлучу марафоне, карахь "Бакъдолчух идина вер вац", "Сан харжа бакъо ю" аьлла кечйина баннерш а йолуш, баьхкинчех пхи стаг лецира полицино. 15 де-буьйса даккхийтира изоляторехь Тулесова Асияга а, Толымбеков Бейбарысе а.

Кху беттан 1-чу дийнахь Нур-Султанехь, Алматахь, Карагандахь, Семейхь, Актобехь лецира кхин а 80 протестхо. Царна а йиттира изза хенаш.

Тулесова Асияс ша изоляторера мукъаяьлча бохура, атта дац стагна чохь валла, амма ша лерина яц дог-ойла хийца.

"Изоляторехь Iачу юкъанна ас цхьа книжка йийшира, болам оьшур бац, нагахь санна лидерш алссам белахь, жигаралла кар-кара луш, дIакхехьа еза массара а, бохура цу тIехь. Иза бакъ ду, харцо ялхораш дуккха а хилча, хьал а долало хийцадала", боху Тулесовас.

Ша лаьцначул тIаьхьа хиндолчух йолу ойла хийцина Толымбековс.

"Лацале хьалха со эскарехь гIуллакхдан кечлуш вара. Кегийнах Iамочу меттехь вара, цигара цхьана денна суо дIахецар дийхира ас. Со марафонерчу протестхойн тобано бохучуьнга ладогIа ваханера. ХIинца ас хийцина сайн Iалашо, гIур вац со эскаре. Лаьа халкъанна пайде хила, амма ас алссам бохьур бу и пайда кхузахь, протестан боламехь", - аьлла хета Бейбарысна.

Жима стаг тидаме эцна Iедало. Ша изоляторера араволлушехь, журналисташна интервью елира цо. ТIебаьхкинчу полицисхоша а, эскархоша а кегийнах эскаршка бига кечбечу метте вигира иза, цигахь бехкевира эскаре ваха цалаарна, кехаташ хIиттийра.

"Ас цкъачунна куьг ца таIийна кехатна, юристашка арз хьажийна, мел нийса хIоттийна и кехат хьовсийта", – элира жигархочо.

*****

Данияров Талгат кхечу протестан гуламехь лецира. Нур-Султанехь. Шена тоьхна 35 эзар тенге ($100) гIуда такха дезаш ву иза. Доьзал ша цхьамма кхобу, шен хIусам а яц цуьнан, болх а бу юкъ-кара хуьлучех.

Пхи бер ду Талгатан, жимахниг, йоI, Даунан цамгарца еха, иза ларъеш Iа нана, болх бойла дац цуьнан. 100 эзар тенге ($300 гергга) оьцу боккхачу доьзалан дас гIишлошъечу фирмехь.

"Газ, серло ца яйархьама, пеш ягайо оха Iай, кхача а цу тIехь кечбо. Пешанна а оьшу кIора. Iедало ца ло тхуна и ягориг. Газах 90 тенге доьху, берашна даон эца деза 4 бепиг дийнахь, шура еза ю, ткъа жижиг-м тхуна гуш а дац, ца дуу оха иза", дуьйцу Талгатан зудчо шайн доьзалх а, халонех а лаьцна.

БархI шо ду Талгатан доьзал цIенош, аьлча а, петарш лучу рогIе хIоттийна. Ткъа рагI яц меттахйолуш а.



"Могашалла латто ахча ца тоьу тхуна. ХIусам нехан ю, мах луш деха тхо. Оцу доллучо а халчу хьоле кхачийна тхан доьзал, кIордийна дерриг а, цундела ваханера Талгат гуламе", боху зудчо.

"Деттар ду суна гIуданаш! Амма харцо лелар яц даим. Духур ду харц Iедал. Берийн дуьхьа ду ас лелориг, уьш кхечу хьелашкахь даха деза. Тахана а кIора багабо оха чохь! М муха хуьлу?! Харцо яц иза?! Махко мехкдаьтта, газ юхку, ткъа тхо кIора багош деха!"

Ишта дуьйцу ша протесташка лелар Денияров Талгата.

Казахстанан президентан харжамаш хуьлучу денна лерина ю протестийн рогIера митинг. Хьалхарчу митинге вахарна цунна тоьхна гIуда 35 эзар тенге ду. Амма гIур ву иза кху рогIерчу гуламе а.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG