ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIай – Путине: "Тхо массарел а кIезиг бакъо йолу къам ду"


please wait

No media source currently available

0:00 0:03:13 0:00
Линкана тIе
Садовская Алена

Казахстанерчу гIалгIаша, шайна аьтто бац даймахка юхадерза, реабилитацех долу низам кхочушдеш дацарна а, Къилбаседа ХIирийчоь дуьхьал латтарна а, боху. Иштта хоуьйту, шайна нохчийн-гIалгIайн дозанаш къасточу барамо бинчу хьаамах лаьцна а. Оьрсийчохь шаьш "массарел а кIезиг бакъо йолу къам ду", яздо цара президенте Путине.

Махкахбаххарх Казахстанера цIаберзаза бисинчу гIалгIайн диаспоро – даймахкал арахьарчу гIалгIайн уггаре йоккха диаспора ю иза - 1000 куьг лахьийна шаьш Путин Владимире дечу дIахьедарна буха. Цара доьху Оьрсийчоьне ткъеитт шагергга хьалха тIеэцна "репрессеш йинчу халкъашна реабилитаци ярах долу низам" тесна цадитар.

Дукха хан йоццуш Казахстане ваханчуьра цIавирзина бакъоларъярхо Муцольгов Мохьмад. Цунна гарехь, даймахка цIабахка а лууш, реабилитацех лаьцна долу низам, арахецар доцург, кхочушдеш дацарна дукха бу Азехь бисина гIалгIай.

"Царех дукхахберш БуьрийтIера а, гонахарчу ярташкара а арабаьхначу нехан тIаьхьенаш ю. Доккха дакъа ду царалахь Пригородни кIоштахь тIеман конфликт иккхича, бевдда, юха а Казахстане баханчийн. ХIинца юха ца бахкало уьш – Къилбаседа ХIирийчоьно яц боху цигахь царна Iан меттигаш, ярташ я дIаяьхна, я церан латтанаш хиш Iалашдечу зонийн декъайигина. ГIалгIай реза бу керла ярташ кхолла а, хIирашца цхьаьна баха а, амма хIираша хуьлийла дац иштаниг олу.

Черменехь, масала, дIасакъастийна, шаьш-шаьш доьшуш лела школашка хIирийн а, гIалгIайн а бераш. Оцу доллучо а некъ боьхку гIалгIашна шайн дай баьхначу меттигашка юхабахка. Цундела бина цара Путине кхайкхам", дуьйцу Муцольговс.

Цо тоьшалла до, я ша а, я шеца Казахстанехула чекхваьллачу ГIалгIайн халкъан цхьааллин кхеташонан декъашхочо Барахоев Ахьмада а айбина бацарх цигара гIалгIайн Путине кхахйкхам бан.

"Иза церан инициатива, церан хьогам бу. Цара тхо шаьш долчу дахка ара а довлале кечдина лаьтташ дара и документ. Куьйгаш лахьош бара гIалгIай, тхо Казахстане кхаьчначу хенахь. Ткъа дIадахьийтина цара кехат Путине тхо цигара цадаьхкинчул тIаьхьа. Делахь а, ас къобалдо иза, кийча ву оцу кхайкхаман декъашхо хила а, элира "Кавказ.Реалиига" Несарарчу бакъоларъярхочо.

1944 шарахь вайнах шайн махка кхаьчча а, цул тIаьхьа цигахь уьш дIатарбеш а, царна гIодеш а хьийзина Казахстанера политикаш, юкъархой депортацин 75 шо кхочуш ГIалгIайчу хьошалгIа кхайкха ваханера ша а, шен накъостий а, боху Муцольговс.

Реабилитацех долчу низаман гIийла кхоллам хьехорал совнах, гIалгIаша шаьш Путине бечу кхакхамехь ялхайо "гIалгIайн латтанашца лелош йолу харцо". "Къайлах" шайн къоман латтанех 10% нохчашна дIа стенна елла, хоьтту Казахстанерчу гIалгIаша. Боху, шина къоман республикаша бина барт "низамца богIуш бац". Яздо Путине, шаьш Оьрсийчохь "массарел а кIезиг бакъо йолу къам ду".

Путина жоп ца делла цкъачунна.

Комментареш

New Comments Available

Кадыров Рамзана Къоман агенталла кхоьллина, махкал а арахьа бехачу нохчашна гIоьнна. Оьший-те Европехь бехачарна Нохчийчуьра гIо?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG