ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кёльнерчу маьждигашна радиокедех пайда эца бакъо елла, ламазе кхойкхуш


Германи, Кёльнера рузбан маьждиг, ГIад. 2018 шо
Германи, Кёльнера рузбан маьждиг, ГIад. 2018 шо

Германехь Кёльнерчу Iедалша дIахьедина, гIаларчу маьждигийн радиокедех пайда эца бакъо ю аьлла, ламазе кхойкхуш. Цуьнах лаьцна хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо.

Ламазе кхайкхар (азан) декар ду хIора пIераскан дийнахь, делкъалтIаьхьа, пхеа миноте кхаччалц хеначохь.

Радиокедех пайда эца бакъонан кехат даккха дезар ду маьждигийн, иштта цара лардан дезар ду азан декаран чIагIаллин тIегIа.

Ламазе кхайкхар хазийта маьждигашна бакъонан кехат лур ду шина 2 шаранна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG