ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керимов Сулейманан гергарчарна а, партнерашна а дуьхьал санкцеш яьхна Америко


Керимов Сулейман
Керимов Сулейман

Дагестанан цIарах Федерацин Кхеташонан декъашхо волчу миллиардеран Керимов Сулейманан гергарчарна дуьхьал санкцеш яьхна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллин арахьарчу активашна тIехь терго латточу урхалло. Иштта цхьа могIа цуьнан белхан партнерашна а, цаьрца йоьзначу компанешна дуьхьал а цхьаьна.

Финансин министраллин пресс-релиза тIехь билгалдоккху, юьйцург "Кремлан элиташца боьзна, шайн кхоллам малхбузенах хьарчийначийн, глобалан финансийн юкъалелачеран а, кхинболчийн а маша" хиларх.

Тептарехь ю Керимовн хIусамнана Фируза а, йоьIарий Гульнара а, Амина а, кIант СаьIид а. Иштта санкцийн тептаре ваьккхина, пресс-релизехь Керимовн ахча лелорехь коьрта юкъаралхо ву аьлла билгалваьккхина цуьнан йишин кIант Гаджиев Нариман.

Керимова Гульнарин доларчу йеа компаних хьакхаелла санкцеш, Керимовн бизнес-операцешкахь юкъара ву аьллачу Швейцарин веа вахархочух а, цхьа могIа цуьнца боьзначу нахах а, компанех а, шайлахь Оьрсийчоьнан совдегар, Bonum Capital инвестгруппин долахо Алиев Мурат а, цуьнан компанеш а йолуш.

Эххар а санкцеш яьхна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа Мальтин, Оьрсийчоьнан а Emperor Aviation авиакомпанех а, цуьнна бархI бортах а, хIунда аьлча, царна хетарехь, оцу кемано дIасалелош хилла "люкс" категорихь Керимов Сулейман а, цуьнан доьзалхой а Украинехь тIом баьллачул тIаьхьа а цхьаьна.

Ша Каримов США-н санкцийн тептаре ваьккхина ву 2018-чу шарахь дуьйна.

  • Керимов - Дербентан вахархо, совдегар, Федерацин Кхеташонан декъашхо, Оьрсийчоьнан парламентан хилла депутат а ву. Оьрсийчохь болчу хьоладайшлахь иссолгIа ву иза, цуьнан бахам Forbes журналан лараршца, 14,5 миллиард долларш ду. Карарчу хенахь США-н, Британин, ЕС-н а санкцеш бухахь ву иза.
  • Украинехь тIом болабелчхьана Евробертан санкцийн тептарехь ву Керимов Сулейман. Документа тIехь яздо, 9,8 миллиард мах болу, цо тIехь контрол латтош йолу "Нафта Москва" инвестхолдингера даккхий ахчанаш кхочуш хилла музыкантана Ролдугин Сергейна, ткъа иза лоруш ву Путин Владимиран долара активашна тIехь урхалла деш ву аьлла. Чиллан-беттан 24-чохь Путинца хиллачу цхьанакхетарехь Керимовс дакъалацаро тIечIагIдо, Путинна гергарчу бизнесхойн могIарехь иза хилар а, "Украинан территорин цхьаалла, суверенитет, йозуш цахилар йохон хьажийначу сацамашна иза тIетовш, уьш кхочушбеш хиларан".
  • 2022-чу шарахь Америко дIаяьккхира, Керимовца юзуш йолу 106 метар "Амадея" суперяхта. Футболан майданан барамехь долчу кемана тIехь ю дийна омараш чохь йолу аквариум, куьйга хазбина пианино, бассейн, вертолет охьахаон майда а. ТIаьхьо америкахойн Iедалхоша дIахьедира, яхти тIехь Фабержен хIоа а дара аьлла.
  • 2017-чу шарахь Керимов лецира Францихь, шена тIера ясакх дIа ца яларна, делахь а, бехкаш тIера дехира, цхьаболчу хаамашца – Путин Владимиран гIоьнца. Хаамбора, Керимов маьршавоккхуш болх дIахьочу заманчохь, цуьнгара даккхий ахчанаш кхечира, Сочихь "Сириус" школано лелочу фонде бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG