Москва гIалин кхело лаьцна витина, "Восток" батальонан хилла командир Ямадаев Сулима вийна аьлла, бехкевен 41 шо долу Нохчийчуьра вахархо Мазаев Зелимхан. Талламан комитето кхин а цхьа бехк баьккхина цунна дуьхьал – терроризманан ахча латтор.
Кхелан материалашкахь болчу хаамашца (Кавказ.Реалиин долахь сацамаш бу), бехктакхаман гIуллакх айдина мангал-беттан 28-чохь, оцу дийннехь лецира Мазаев. Талламна хетарехь, дуьненаюкъарчу террорхойн ИГИЛ организацин агIончашна ахча дехьадоккхуш хиллера иза 2014-чу шарахь. Цхьана Сугаиповна дIахьажош хилла ахча.
Лаьцначул тIаьхьа Мазаевн адвокато дийхира дIасавалар доьхку кIеда барамаш дуьхьалбахахьара аьлла. Цуьнан жима пхи бер хилар а, иштта "юкъараллина пайден гIуллакх" цо деш хилар а тергоне ца ийцира кхело. Адвокаташа дIахьедо, Мазаев ИГИЛ-ца воьзна хиларх тоьшаллаш дина дац материлашкахь аьлла.
Мазаев Зелимхан гIаравелира, Дубайрчу прокуратуро "Восток" батальонан экс-командир верна 2009-чу шарахь цунна бехкаш дехкинчул тIаьхьа. Талламо а, Цхьаьнатоьхначу Iарбой Эмираташа (ОАЭ) а хьесап дира, нах бехачу хIусамна хьалхарчу машенаш дIахIитточу меттигехь Ямадаевна герз тоьхнарг Мазаев ву аьлла. Шен лорах уьш кхетале оцу пачхьалкхера аравала аьтто белира цуьнан. Карарчу хенахь иза бехкевеш ву бакъо йоцуш герзашца йолу тоба вовшахтохарна а.
- Ямадаевца йоьзна истори хиллачул тIаьхьа Мазаев масийттазза нисвелира Москварчу бакъоларъяран органийн белхахойн тергонехь: 2021-чу шеран гурахь ресторанехь "йицйинера" цо Стечкинан тапча, ткъа 2012-чу шеран юьххьехь ша шен когах тапча туьйхира цо. 2015-чу шарахь шен кхаа доттагIца цхьаьна долара инкассаторшна къола дан гIоьртира иза, амма ялх шо хан туьйхира цунна. Набахтехь кхо шо а, исс бутт а баьккхира цо, оцу хенан доккхаха долу дакъа талламан изоялторехь.
- ОАЭ-н Iедалша лехамашка велира Ямадаев Сулим верна шеконашка эцна Оьрсийчуьра ворхI вахархо. Цаьрца вара Пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам а, Мазаев Зелимхан а.
- Ямадаев Сулимас дакъалаьцна Нохчийчуьра хьалхарчу тIамехь къобалъязчу Ичкеригахьа, шолгIачу тIамехь – Оьрсийчоьнан агIор, "Восток" батальонан командир вара иза. 2009-чу шарахь вийра Дубайхь. Ямадаев Руслан 2003-2007-чу а шерашкахь Оьрсийчочьнан парламентан депутат вара, Москвахь вийра иза 2008-чу шарахь. Вежарий ЯмадаевгIар байъале хьалха Кадыров Рамзанан политикан конкуренташ лорура уьш. "Новая газетан" хаамашца, вежарий ЯмадаевгIар гунахь хила тарло 2006-чу шарахь журналист Политковская Анна йерна.