ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Садукъдаларца доьзна баларша сингаттамехь латтабо бахархой


Талла воьлча гучудолу ванная олучу цIано ечу чохь дог галдолий а, садукълой а кест-кеста меттигаш  нислуш хилар. Ма-дарра  аьлча, цу кепара хеназа стаг валанза юрт каро хала ду махкахь.

Къаьсттина дукха нисло оьрсашлахь "угар" олучу садукъдаларца доьзна нах балар. Юкъараллехь гIар а долуш, кху деношкахь цу кепара ши сингаттам иккхина Нохчийчохь. Масех де хьалха 13 шо долу кIант кхелхина Гуьмс кIоштан Илсхана эвлара.

Оццу хенахь бохург санна 18 шо долу кIант а велла луьйчуш Iашшехь Теркйист кIоштан Ломаз юьртара. Къамеле ваьлча, бахархоша карладоху шайн юьртахь нисьелла цу могIарера Iожаллаш.

Садукъдаларца доьзна юьртахь нисделла баларш бахьанехь дагалецамаш юьйлу Новр кIоштара Марет.

Марет: «Тхан юьртахь, суна дага а догIуш,садукъделла баларш маситта а нисделла-кх. Ледарлонна, кхерамазалла лар цаярна нислуш баларш ма дуй уьш, ма-дарра аьлча. Оьрсий бехачу меттигашкахь цIе яго пеш а, колонка а чохь ца юьту, арайоккху.

Газ чухеца баьхкинчара цхьа ледарло тIех ца йолуьйту, гIалаташ дIа ца даьхча куьг а яздина, пурба а ца ло газ чухеца. Нохчашна юккъехь могуьйту… ТIаьхьалонан ойла ца йо.

Суна а дага а догIуш, 13-14 шо долу кIант вела са а дукъделла, кхиъна яьлла йоI елира, гIеметта хIоьттина стаг веллира…. Дукха нисъелла бохаме меттигаш. Ас сайн аьллар хилча, телевизор чухула хьехамаш бойтуш, кхайкхамаш бойту хьожийла дойтур дар-кх».

МЧС олучу орцаллин министараллехь капитан а волуш эпсар ву Магамадов Iела. Цо цхьа могIа бахьанаш дагардира цIано ечу чохь хеназа юх-юха а нислучу бохамашца доьзна.

Iела: «Уггаре хьалха бехке хаза бакъо а йолуш, Iедалера даьккхина кехат цахилар а ду. Арахьара чубохьу гIирс-коьчалла тала а теллина, цо болх муха бо а хьаьвсина дина зераш цахилар а ду. ХIинца еш йолу цIано еш йолу чоьнаш кхерамазалла ларьеш ца йо.

НеIарш масала лаххула мох кхетийта йитина херо а йолуш, неIар тIехь Iуьргаш хуьлура хьалха Советан Iедал долуш,хIинца иза а дац. Вентиляца олу-кх мох хьаьвзаш, дIаузуш хиларх. ХIаваъ чудогIийла декъаза, ледара хуьлу ХIинца иза а дац кхин хьесапе оьцуш а цхьаболчара.

Колонка чуьра хIуо-кислород дагадо,тIедогIу кхин дац,тIаккха луьйцуш вверг кхетамчуьра а волий охьавужу. Туьнталг дика йоцуш газ чухьийзош хила а тарло.. Соьга хаьттича нахана телехьожийлашкахь хьехамаш бан болийча, уьш кхето болийча во-м хир дацара. Иттаннах цхьа кхетча а дара-кх дика.

Кхерамазалла лар цаяр бахьнехь нислу-ш лаьтта баларш хьахаделча могIарерчу бахархоша шаьш билгалдоккхура, шений, шений и тайпа бохам хир бац аьлла, тоьхна чIагIонан мухIар долуш санна, бакълена а бала а кхаьчна, само ца еш берш кIезиг цахилар.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG