ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхаъ эцарца доьзначу гIуллакхехула лаьцна Ангарскерчу колонин хилла хьаькам


Ангарск гIаларчу №15 колонин хьаькам хилла Верещак Андрей
Ангарск гIаларчу №15 колонин хьаькам хилла Верещак Андрей

Кхаъ эцарца доьзна гIуллакх толлуш кхело шина баттана лаьцна Ангарск гIаларчу №15 колонин хьаькам хилла Верещак Андрей, хаам бо Сибирь.Реалиино, Иркутскан областан таламан комитетан урхаллина тIе а тевжаш. 2020-чу шарахь Охан-баттахь №15 колонехь бунт хилира, цул тIаьхьа дуккха а чубоьхкинчу наха латкъам бира шайна ницкъ бина хиларх лаьцна.

Талламан версица, Верещака 1 миллион сом эцна хилла шен куьйгакIелларчу белхахочуьнгара, кIоршаме белхан дисциплина йохорна иза дIаваккха сацам цабийриг. Цул сов, Ангарскан гIалин кхеле хьажийна Верещак Андрейс шен даржал тӀехваларца доьзна бехктакхаман гIуллакх.

Талламхоша чIагIдарехь, 2017-чу шарахь Дечкен-баттахь колонин хьакамо дайина оцу учрежденина делла 700 эзар сом барамехь федералан бюджетера ахча, "лесопатологин" таллам беш, колоница цхьа а юкхаметтиг йоцучу хьуьнан декъана.

  • 2021-чу шарахь Охан-баттахь Gulagu.net бакъонашларйон проекта хаам бира, ФСИН-ан (федеральная служба исполнений наказаний - федералан таIзарш кхочушдон сервис) полковник а, Ангарскерчу №15 колонин хилла хьаькам а Верещак Андрей вехаш хила мегаш волу ков-керт карийна шайна Иркутскана гергахь йолчу Харат эвлахь аьлла.
  • Проектан хаамашца, цуьнан герзан коллекци ю 6-7 миллион мах болу, иштта ду моторан хинкеманаш а, танкаш (танки-вездеходы). Видеон авторша дийцарехь, ерриг гIишлош оцу лаьттан декъана тIехь – коттедж а, баня а, гараж а, насос лаьтта гIишло а, ур-аттала чуьра мебель а, нардаш а, шахматаш а – йина ю чубоьхкинчу наха ИК-15 колонин промзонехь.
  • 2020 шарахь Охан-беттан 10-хь ИК-15 колонехь иккхина бунт, тутмакхаш дийцарехь, йолаелира колонин белхахочо чувоьллинчу стагана йиттинчул тIаьхьа. Цул тIаьхьа оцу стага шен пхенаш хедийра, видеокхайкхам дIа а язбина. Эшам хиллачо чIагIдарехь, и ролик гучуяьллачул тIаьхьа ФСИН-ан белхахоша юха а йиттинера цунна. Цул тIаьхьа, лелочунна шаьш дуьхьал хилар гойтуш шайна чевнаш йинера барака чохь хиллачу массо а тутмакхаша – 17-тта стага.
  • Кхечу, бакъонашларъярхоша йовзийтинчу версица, тутмакхаш дуьхьалбевллера шайш колонехь латторан раж чIагIъярна – пандемия бахьана долуш Иркутскан областан ерриг а ФСИН-ан учрежденешкахь чубоьхкинчу нахана дихкинера гергарчаьрца цхьанакхетар а, тIаьхьайохьург схьаэцийтар а. Иркутскан областехула йолчу ФСИН-ан зорбан сервисан версица, Ангарскерчу №15 колонин чубоьхкинчара тIелатар динера оцу учрежденин белхахочунна.
  • Бунт иккхинчул тIаьхьа цхьана шарахь колонехь латтош болу нах дехьабохуш хиллера кхечу колонешка а, СИЗО-ка а (талламан изоляторшка). Цигахь царна ницкъ беш хиллера, бунт вовшахтохаран декъа хилар тIелацийта гIерташ. Чубоьхкинчара а, церан гергарчара а, адвокаташа а бина латкъамаш бухе а бохкуш, Иркутскан областехь 2021-чу шарахь талла долийна ду масех бехктакхаман гIуллакх. Уьш доьзна ду ГУФСИН-ан белхахой шайн даржал тӀехбовларца а, чубоьхкина нах хьийзорца а, царна ницкъ барца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG