ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хамидов Iабдул-Хьамид. Абубешар


Хамидов Iабдул-Хьамид. Абубешар (комеди)

(Цхьана декъехь комеди)

Дакъалоцуш берш

Абубешар, 35-40 шо

Баянт, Абубешаран зуда, 28 шо

Мохьмад, Абубешаран лулахо, 30 шо

Маржан, Мохьмадан зуда, 25 шо

Асет, колхозхо, 25 шо

Хьамид, колхозхо, 30 шо

Гуьйре. Iуьйренан хан. Абубешаран цIенойн уьйтIе. УьйтIахь жимо Iожан дитт. Дитта гонах кхозуш жимо куьзга. Цу дитта кIелахь лаьтташ тиша стол а, гIант а. УьйтIе бен цIенош гуш дац. ГIанта тIе ког а хIоттийна, машин цуьргаца леррина кIархаш къагош ву Абубешар.

Абубешар (дика кIархашка а хьожий, леррина хьарчадой машин цуьрг кисана а дуьллий, куьзгана чу хьожий шен мекх а тодеш). ХIай да ма ека Абубешар, хьо берзан! Делан элчанан дуьхьа ма кIант а ю-кх хьо ян-м! (Леррина цигаьрканах кIур а боккхуш дIа-схьа волало. Кура кеп лоций, хаьн тIе куьг а хIоттадой соцу). Да ма ека, Закри, хьо лоьман, ма кIант яйтина а хилла-кх ахьа! ОшхIаду биллахI хир яц, Абубешар, хьоьга а кхочуш кIант! Вуьшта кIант дика велахь а, мала хIума-м яц. Хезий хьуна? Хезий хьуна?

(Баянт карахь маха боккхуш коч а йолуш, уьйтIа йолу)

Хьо къар-м ца елла? ХIун деш ю хьо цу чохь?

Баянт. Цхьацца сайн гIуллакхаш деш ю-кха. ХIун боху ахьа?

Абубешар. Со муха кIант хета хьуна? (лерина дIахIутту)

Баянт. (цаяшарца) Дера ву, хьесан бустам санна, куц долуш кIант.

Абубешар. Аса боккъал а боху хьуна.

Баянт. Аса а дера боху.

Абубешар. Бахахь, гIой оцу вайн шинарина хIума йиллал.

Баянт. Ас кху кучана маха боккхушехь, гIой, айхьа йиллахьа.

Абубешар. Цунна маха-м тIаьхьа баккха а мегар ду, хьада гIой, хьайга бохург де ахьа. Хьо арайолуш сан кисет а ялахь схьа.

Баянт чу а йоьдий, карахь деса ведар а долуш, арайолу.

Баянт. (Кисет дIа а луш) Ахьа йиллинехь а хIумма-м дацара хьуна иза.

Абубешар. Хабар дах ца деш…

Баянт дIайоьду

ХIинца баккъал а аса йиллича оцу шинарина хIума соьга йиллийта йоллур-кха и. Дагахь а дац-кх цунна аса и хIума юьллуш гинчо суна: «Баянт чохь йижина Iуьллушехь, Абубешар гIодмаш мара а доьхкина хьийзаш вара», эриг хилар.

Карахь хин ведар а долуш, чуйогIу Баянт

Баянт. Йилли-кх аса хIума. Кхин-м дац дан хIумма а?

Абубешар. Ду.

Баянт. ХIун ду?

Абубешар: Хьадал,гIой, цхьа мемсан молханан шиша дал суна, корта эккхаш боллу сан.

Баянт. КIордийна, хьех-мерах а чекхдаьлла-кх суна хьан и мемсан молха. Вахаран ойла маца ян безам бу хьан?

Абубешар. Ма дахди ахьа иза. Хьадал, чехка гIой, йоьл.

Баянт. Дера дахдийр дацара, стаг, сайна хала ца хетахьара-м. Шо сов хан ю хьо цхьанххьа балхахь а воцуш лелаш волу. Вайн гIуллакх мемсан молха муьйлучохь дацар-кх, стаг. Хьуна тIехь дац, ков раз а даьлла лаьтташ ду, ягочун гIайгIа ца бина, борз санна тIедогIуш ду Iа..

Абубешар. Царна-м цаI дер вай. Хабар а дитий, чехка гIой аса хьайга аьлларг дай йоьл.

Баянт. Ва стаг, ахьа со хьайга йист а ма ца хуьлуьйту? Хьой, хьан доттагI Дурди воцург кху юьртахь мел верг колхозехь хаза болх а беш, вехаш ву. Сан-м кху юьртахошца а яй яхь. Вайн лулахочунна Мохьмадна кху шарахь, кхин ерг, йоцург, кхо бIе пунт ялта делла.

Абубешар. Кхин хьо елла дIаяллалц Мохьмад хьахавай соьга йист ма хилалахь. Мохьмад хIун ю? Гихь хьаьмцаш бухкуш леллачу Дугин Мохьмад. Яккха а яьккхин ахьа цуьнан цIе, соьца а нисвина.

Баянт. Кхин шен дан хIума доцуш цуьнан дас боьхкина хьаьмцаш хIунда буьйцу ахьа. Хьо мила ву?

Абубешар. Мила ву бохург хIун ду? Юьртахь тур текхаш хиллачу Мусин Закрин кIант Абубешар ву-кх! Хьуна хаа-м хаьа, сайна дуьхьало йича аса элхьам алале стеган бат хорбазан бертиг санна схьаоьцур ярий.

Баянт. И дика кIант хилар дац, сонта хилар ду. Хаза хьанал болх а беш, нах санна вехаш хилар ду-кх дика кIант хилар.

Абубешар. Сацадел хьайн къамел. Хьо ма чIогIа хьехарш дан ели. Суна сайна хаьа дан дезарг. Кхин йистхилар доцуш, ас хьайга аьлларг дай йоьл.

Баянт. ХIинцца гIур а ю, стаг, кхин гIур а яц-кх. (ДIайоьду)

Абубешар. (тIаьхьа мохь туху) ОшхIаду биллахI гIур юу, хьо кху цIентIахь Iахь-м.

(Керта Мохьмаддий, Маржанний догIу)

Мохьмад. Салам Iалайкум. Хьо хIун деш ву, Абубешар?

Абубешар. Ва Iалайкум салам! Со, боьршачу нехан маIа ян зуда а яхийтина Iаш ву-кх. Шуьша ма чIогIа либирзад даьлла, арадаьлла.

Мохьмад. Седьмой ноябрехь араволуш тIедуха сайна чоа дайтина ас, цуьнца тилла куй байта, цхьа дико эца холхаз карор дацара техьа аьлла, базар даха арадаьлла тхойшиъ. Иштта хIара а яра цхьацца чохь а, тIехь а оьшург оьцур яра ша бохуш.

Абубешар. (ца вешаш). Дера ю аша араяьккхинарг чIогIа кура кеп. Салманний, цуьнан зудий даха «Москвич» хаьхккина. Шу-м чIогIа лелаш ду хIара зударий юххе а баьхна. Суна-м кIеззиг эхье ма хета аша лелориг.

Маржан. Зокх дера дара, Абубешар, хьан санна хаза зуда хилча и юххе йоккхийла.

Мохьмад. Хьуна зудчунна там бича а, цуьнга хаза велавелла вистхилча а, цуьнца деза тускар лаьцна веача я цунна хьалхара дечиг даьккхича эхь ду моьтту. Цунна хазахетарна-м ца кхоьру хьо? Цкъа а самукъа ма дойла хьан, аьлла бодане ойла йолуш хила ца веза зудчуьнца, и-м доьзалан нана а, хIусамнана а, стеган накъост а яй.

Абубешар. И ахьа бохурш лелийча цхьаберш буьйлалур бу дийца: «Хьажахь, Абубешар шен зудчунна хьалхара хи дохьуш вогIуш варий-ц, зуда юххе а яьккхина клубе воьдуш варий-ц бохуш».

Мохьмад. Хьекъал долчуша и дуьйцур а дац, сонтачара дуьйцурш тергалда оьшуш а дац. Ахьа эхье лоруш дерш эхье гIуллакхаш дац хьуна, Абубешар. Эхь нийсаниг ца лелийча ду-кх. Вай хIунда ца боху вешан зударий юххе?

Вайна луъург лаа а лууш, вай санна адамаш дац хIорш? Колхозехь, фабрикехь, заводехь вайга нисса болх а беш, цул тIаьхьа шайн цIахь оьшург а деш, бераш а кхиош вайн накъостий бац хIорш? Шен даймахкана ямарт хилча ду-кх эхь.

Деш а, дуьтуш а доцуш, муьйлуш лелча воккханиг ца лерича, нехан коча лилхича, къола дича, гIийлачунна гIо ца дича, и ду-кх эхь. И хьайниг санна доьхна лаьтташ ков доллушехь, къаьркъанан шиша дан зуда яхийтича ду-кх эхь. Хьуна-м дера моьтту, Абубешар, и куй топ санна ирахбахийтина «со», «ас», бохуш хьо лелча дерриг а чекхдолу. Хьуна хала а ма хета, аса, хьайга иштта кIоршаме аларх. Вайшиъ цхьа юьртахо а, ши лулахо а ву. Суна халахета хьо ишта волуш.

Маржан. Кхин хIумма а ца хилча а, хьайн зудчан Баянтан дуьхьа а и малар дита дезара ахь.

Абубешар. Малар кIант воцчу кIентан дов ду. Вуьшта, шен багара церг, кхел талхина охьайожжалц дита мегар доцуш и оьзда хIума хеташ а ву-кх со.

Маржан. Лар йоцург ма дийцахьа, Абубешар. Малар стеган мостагIа ву. Цхьа дезде деача шен барамехь малар ша ду.

Мохьмад. Малар дита а деза, сан бригаде балха ван а веза. Ас юкъара а хилла дIаоьцуьйтур ву хьо. Сарахь Баянт а ялош тхоьга вола, цхьаьний клубе гIур ду вай, баьхкина вайн артисташ а бу, боху.

Абубешар. Артисташ муьлш бу?

Мохьмад. Эшарш а локхуш, халха а бовлуш берш бу-кх. Ца догIуш ма Iелаш ший а.

Маржан. ХIинца базара догIий шуьшиъ?

Абубешар. ТIаьхьо догIур ду тхойшиъ.

Мохьмад. Вайшиннан хиллачу къамелан дика ойла елахь.

Абубешар. Йийр ю аса.

Мохьмаддий, Маржанний дIадоьду.

Абубешар. Клубе воьллахь тов! Ваша ватIа цу къамелан а. (Воьлу) хаза а хир дара Мусин Закрин кIант Абубешар зуда а эцна кдубе вахча. Цига а вахана нахе со вицийтар дара суна оьшуш. Цул тIаьхьа тоьлу суна, бака дIа а баьккхина, сарахь жерой болчу вахча. (Керта йогIу Баянт а гой) Схьакхечин и чIеран кIорни?

Баянта йист а ца хуьлуш оьгIазе, шиша стоьл тIе хIоттадо

ХIай-хIай, иштта хила еза зуда. ОшхIаду биллахI, хьан пIелг ца лазийта, шина куьпара зударий болуьйтур ма бара аса.

Баянт. (оьгIазе) Лен ма лелахь соьга. Валал, алий, кхин хIумма а дуй аса дан дезаш?

Абубешар. Ду. Суна кхалла хIумий, стакий дан а деза, вайна дечиг даккха а деза.

Баянт чуйоьду.

Асет. (сцени тIехьара керта мохь туху) Баянт! Ва Баянт!

Абубешар. (дIа а хьожий). Ой, ошхIаду биллахI ю Асет. (Сакъералой, дIа мохь туху) Схьайола чу, генахь а ца лаьтташ.

(Асет керта йогIу)

Асет. Iуьйре дика хуьлда хьан, Абубешар.

Абубешар. Диканца дукха ехийла хьо а.

Асет. (шиша а гой). Хьо-м Шелара эла Закри санна Iаш ву! Шиша а ду стоьл тIехь.

Абубешар. Сан стоьл тIехь и боьршачу нехан маIа даима а ю лаьтта. Шелара Закри хIун хилла-м хаац суна, вуьшта со эла вуй кху юьртана а хаьа, хьуна а хаьа. Шен хеннахь, хьо соьга еана хиллехьара, хьо а эла санна Iаш а хир яра.

Асет. Вола ма лолахь суна. Оцу хьан аьшпийх со Iехалур яц хьуна. Баянт юй чохь? (чуяха дIайолало)

Абубешар. (цунна тIаьхьа а хьожий, куьйгаш вовшийх а хьакхадой) Маржа дуьне яй! И-м яра! Йитахьа Баянт. Юьрто дуьйцуш юкъ лергина шинара хуьлда сох, хьо соьга ягIахь, аса хьо тховса ца ялаяхь. Цу тIе кху шарахь кемсаш лелийна цхьа берхIитта бIе туьма эцна ахь бохуш а хезна суна.

Асет. Хьан-м сурт санна хаза, ерриге а колхохехь цIе яххана белхало а йолуш, нисъелла зуда яра. Ткъа хьо маларш а муьйлуш, зуда а хьийзош, деш хIума а доцуш лелаш ву, бохуш юьрто а вуьйцуш ву. Совнах дерг коьртара дIа а дахий, хаза хьайн зудчун хама а беш, малар а дитий, балха а гIой, ваха гIорта хьо.

Абубешар. Ахьа уьш дийцахь, хьуна со вовза а ца вевза-кх. Со и семанна буьххьера айраш идош хилла. Цуьрин кIеза ду-кх хьуна со, аса хьо куьйгаш тIехь ца лелаяхь. Йолахьа соьга.

Асет. Эхь-бехк а долуш, ша зуда а, хIумма а йолу зуда зудчунна тIе гIур яц. Ткъа ахьа, со куьйгаш тIехь-м муххале а лелор яцара, и сан берхIитта бIе туьма мелла чакх а даьккхина, я эккхор яра, я гали а гихь лелор яра. Цул совнаха, цхьа кхин Асет йолчу а вахана, и хIинца айхьа соьга дуьйцург, цуьнга а дуьйцур дара.

Абубешар. Цкъа собар дехьа.

Асет. Кхул тIаьхьа соьга а я кхечу зударшка а и тайпа хIума ма дийцалахь, хьуна мухха хетахь а, цуьрриг а хаза дац хьуна. (чуяха дIайолало)

Баянт гучуйолу

Баянт. Ой! Асет, хьо яц иза? (Чехка шен карара шун охьадуьллу) Хьо хила марший, могашший. (Асетана мараэккха) Ма тамаша бу хьо яр. Схьаяло чу.

Асет. Чу ца йогIу со. Со-м базара йоьддучуьра чуйирзира, хьо ягIахь цхьаьний гIор аьлла.

Абубешар. Шуьшиннан къамел-хIума ян паргIато хилийта со чу воьду.

Шен шун а оьций, чувоьду.

Баянт. Ахьа кху шарахь дика ахча даьккхина боху.

Асет. И-м аса чул кIезиг ахьа а ца даьккхинера.

Баянт. Аванс бен схьа ца делла суна, хIокху кIиранах лур долуш ду. Хьо хIун эца йоьдку базара?

Асет. Караяхь дикчийх пухIан бой оьцур аса, аьлла йоьду-кх. (Стоьла хьалха охьахуу. ДIай-схьай а хьожий, меллаша) Вайн колхозан парторгой, Мохьмадий, Хьамидий вовшашца дага а бевлла, дийцина хьуна, Абубешаре, цхьа говзо малар а дуьтуьйтуш, балха а озош, гIуллакх дийр ду, аьлла.

Баянт. И тован гIерташ аса ца деш хIума ца дисина. ХIинца, ша аша гIо а дина гIуллакх ца хилахь, со дан хIума доцуш йисина.

Асет. ХIинццалц схьа хьо кIеза санна хьесталуш Iийна, жимма майра хилал хьо.

Баянт. Вай, дIаяьллахь. Делор яра цо шена дуьхьало йича тоьхна цхьа меже йор.

Асет. Устазор ю со, цо лелораш хичаш бен кIадда а яц моьттуш.

Баянт. ЭхI, цкъа и вега а велла тIекхохкавелча хуур дара хьуна. ДIаяьллахь, буьрса ву хьуна.

Асет. Цунах лета-м аса хьоьга а ца боху-кхи. Цкъа майра дуьхьал а ерзий, хьайна тоьхча айхьа могуьйтург цахилар дIахаийтал ахьа. Цу тIе ша стаг волу стаг зудчун коча кхисса а лур вац, хьуна.

Баянт. ЦаI ца дахь со холчохь-м ю. цкъа цхьаьнга йоьдуш, тIаккха вукхуьнга йоьдуш лела а ца лаьара. Я ишта лелачу зударийх яша а ца еша со. Хаац суна-м айса хIун дан деза.

Асет. Сам а гатде ахьа, вай массо а дика хьаьвзина, меттавалор ву хьуна иза-м. Стаг товийриг болх бу. ХIуъу дина а балха озо веза иза. ХIинца вайн колхозан гуьйренан белхаш чекх бевлла, кест-кеста цхьаьний арадолуш хила деза шуьшиъ. Тховса сарахь клубе валаве ахьа иза.

Баянт. Цига-м мича вогIур вара иза.

Асет. Къар а ца луш, валаве ахьа. Хьо базара йогIий?

Баянт. Чохь дан дезаш кIеззиг гIуллакхаш а ду сан. Тхойшиъ жимма тIаьхьо догIур ду.

Асет. Делахь хIета, шуьшиъ паргIатехь догIур, со дIайоьду. (Асет дIайоьду)

Баянт кертахь цхьацца гIуллакхаш дан йолало. Йиш а лоькхуш, гучуволу Абубешар.

Со мелла ву, мердолуш ву.

Со бугIа ю, со бIотIа ю.

Да-да-да-да, да-да-да-да,

Со вехна ву, со кура ву.

Со бугIа ю, со бIотIа ю,

Да-да-да-да, да-да-да-да.

Баянт. Ва стаг, и хIун мохь бу, эра бугIано санна, ахьа хьоькхург? КетIахула лелаш нах а ма бу.

Абубешар. Хилча хIун ду? Мадин Жаьммирза а, Жумин Акхтулла а, Iахин Темаркъа а, Исмайлан Дуда а сайл тоьлуш ца хета-кх суна. ОшхIада биллахI, сан дашана дуьхьал дош деанчу стеган дегIах алкханч чекхъяллал Iуьрг доккхур ма дара аса.

Баянт. Даьккхича, лерг а лаьцна, вига а вигина, чувуллур ву-кх. ТIаккха Iийр ву-кх, хьаьнгга дийций а, хIуъа а дай а, со кху чуьра араваккхийша, бохуш, воьлхуш. Нах а битий, цхьанхьа балха гIохьа, стаг.

Абубешар. Могаш вац со.

Баянт. ХIун хилла хьуна?

Абубешар. Гай тIера чутеIаш ву со. Вуьшта цхьа сайна безаш болх хилча, гIур-м вара со.

Баянт. Муьлха бу-техьа и хьуна безаш болх?

Абубешар. Башха жоьпалле а боцуш, атта а болуш, кара алсам хIума а йогIуш болу болх безара суна.

Баянт. Алссам кара хIума йогIур ю хьуна, ахьа Мохьмадан бригаде балха а вахана, мало а ца еш, хьанал болх бахь.

Абубешар. Хабар дитал. Вайшиъ базара доьдий?

Баянт. Доьду.

Абубешар. Додахь, ялал хIета.

Баянт. Хезий хьуна, тахана хаза де хир долуш а ду вайна, аса тIе муьлха коч юьйхича бакъахьа дара техьа? Колхозехь сайна совгIатана деллачу шолах тегнарг юха ас?

Абубешар. Ахьа хIун юьйцу? ХьаьчкIаш ца хьо вайша базара?

Баянт. (цецйолу). ХьаьчкIаш хIунда хьо?

Абубешар. Ца хаьа къорIанор суна-м! Хьо яц вайна цхьа жимо, пхьегIаш чуйохку шкаф а, суна коч-хечина дико кIади а эца еза бохуш?

Баянт. Я. Хилча хIун ду?

Абубешар. Ой, хIун ду бохург хIун ду? Ахча доцуш лур юй и хIуманаш?

Баянт. Ой, аса сайна делла ялта а доьхкина, хьайга делла бIе дезткъа туьма мича дехьина ахьа?

Абубешар. И хIун хеттарш ю, ахьа йийраш? Хьо соьга барт хоттуш-м яц? Шинарех делларг мича хьо ахьа?

Баянт. Ва стаг, хьо муха ву, йистхила а мегар дац хьоьга? Шинарех бIе туьма делла-кх, важа дезткъа туьма мичахь ду?

Абубешар. Ма дахди ахьа и. Аса ца боху хьоьга: шинарех а делла, цхьайолу шайнаш декхарна дIа-схьа а екъна, ишта дIадаьлла-кх. Соьгахь оцу ахчанах йисина цхьа кIезиг нахарташ ю, вуьшта со уьш цакхоарна кхоьру. Хьадал, чу а гIой, кхо-йиъ пунт хир йолуш хьажкIаш нисъел гали чохь.

Баянт. Уьш-м нис а йина лаьтташ ю. Цхьа ворда-хIума лаца еза вайша.

Абубешар. Ванах, уьш хIун ю ахьа юьйцурш? Ас дешначу къорIанор ву со, хьо телхина моьттуш. Иштта хала ду и дан? Гихь дан ца мега ахь иза?

Баянт. Ва стаг, ахь хIун дуьйцу? Аса муха дохьур ду оцу дуьненан йисте кхаччалц, кхо-йиъ пунт деза гали?

Абубешар. Деллахьа дац хьан хатI зудчах тера. Эхь а ца хетий хьуна, суна хьалха а хIоьттина и дийца. Хьох хIун йо, кхо-йиъ пунт хьаьжкIаш чохь йолу гали базара а ца дахьаделча?

Баянт. ХIун до бохург хIун ду? Аса колхозехь даьккхинарг а дууш Iаш дац вайшиъ? Ткъа хьо, бага божа «яблоко», бохуш, балха а ца воьдуш, вижина Iуьллуш ву. Со хьайга еанчу хIокху беа баттахь цхьа шай деаний ахьа, хIокху цIен тIе? Аса даьккхинарг мала-м мелла.

ХIетте а эхь а суна хета деза, хатI доцург а, мегар йоцург а со ю! Дера, бага са а кхаьчна сайн ницкъ кхочург дан гIерташ-м йоллу со. Со хьан оххал бен яц, хIетте а гали айхьа ца дохьуш, хьо соьга даийта гIерта. Эхь дац, цкъа охьахиъча хударан яй а бууш, поп санна волчу хьуна соьга оццул деза гали даийтича.

Абубешар. Со оьгIаз а ца вохуьйтуш сацаел и хьайн зурма. Нахе со вийцийта йиш йолуш вац со. Цу тIе, хьан гIуллакх хIун ду? Сан багах дош доллушехь, хьайга боххург дар ду-кх.

Баянт. Хьан куй лекха бу аьлла дан дезаш-м дац аса иза?

Абубешар. Ду, дац-м аса хоуьйтур ду хьуна. (ГIаж лаха дIахьоду)

Баянт. ХIара сан коча ца кхиссавалийта, сайга дахьалахь хIинца цкъа хьур а ду, кхул тIаьхьа хьур а дац-кх. (Чуйоьдий гали гехь арайолу)

ГIаж а буйнахь Абубешар схьавогIу.

Хезий хьуна, стенга ваха хьо?

Абубешар. Кхузахь ву.

Баянт. ХIокху сан гирчу гали тIехула, хьо тIе хIунда ца хоу?

Абубешар. И бохург хIун ду?

Баянт. Хьуна базар ван атта хир дар-кх тIаккха.

Абубешар. Хабар а дитий дIайолалол. Со чуьра шайнаш схьа а эцна, тIаьхьакхуьу хьуна.

Чувоьду, уьйтIа юккъе а ялале Баянт гал а йолий, охьакхета. Цигаьрка а уьйзуш араволу Абубешар.

Хьо хIун деш Iуьллу цигахь, етт санна, тIекIел а яьлла.

Баянт. Хьала ца гIаттало, гIо дехьа суна.

Абубешар. КетIахула дIа-схьа оьхуш нах бу, царна гур ву со. Хьо хьалагIатта хьо. ТIаккха аса гали дIанисдеш гIо дийр ду хьуна. (Баянтана тIевогIу)

Баянт. Нисдийр дац хьуна ахьа хIара сан гихь-м. (Гали охьа а кхусуш, хьалагIотту).

Гали Абубешарна тIе кхета.

Абубешар. АллахI, Аллахь, сан ког! (Куьйга ког а лоций, цхьана кога тIехь гобоккху) Ги долла и гали, я аса юьйр ю хьо.

Баянт. Дера дуьллур дац-кх ахьа со йийча-ам. Со-м говр яций, адам дай.

Абубешар. Суна дуьхьал луьйш яц хьо? Хьайн делан наьIалт хила оцу хьан совратана. (АстагIа а лелхаш) Схьаэца хIокху сохьта и гали я аса гIаж хьокху хьуна. (ГIаж хьалаойу)

Баянт. Ахьа суна хьокху ца хьокху-м хаац суна, аса хьуна-м хьокхур ю и. (Катухий цуьнгара гIаж схьа а йоккхий, гIаж тухий куй дIабохуьйту) Хьуна хIун моьтту?

Абубешар. Ой, гIаж туьйхи-кх ахьа суна? Аса бер хьан болх. (Баянтера гIаж схьаяккха куьг кховдадо)

Баянт. (куьйгах гIаж туху) Тоьар ду ас хьуна диттина са. Аса бийр бу хьан болх. (кхи цкъа-шозза а гIаж туху)

Абубешар. (кхерало) Аса дешначу къорIанор яьлла и хьер. Ой, собар де, нахала доккху ахьа вайшиъ.

Баянт. Хьо нахала ваьлла-м дукха хан ю.

ГIаж етташ Абубешар эккхавой диттана го боккху шиммо а. Шена гIаж мосазза кхийти, «ошхIаду» олу Абубешара

Абубешар. Аса дешначу къорIанор яьлла и кхоччуш хьер! (Водий кех араэккха)

Баянт. (ТIаьхьа мохь туху) Аса дуьйцург дош дац хьуна хьо толуш хийца ца лахь, со хьоьца Iахь! (Чуйоьду)

Абубешар меллаша, тебий, кхоьруш керта вогIу. Баянт ши чамда а карахь арайолу

Iе хьайна хIинца, хьайн шамали а лоькхуш, Абубешар, аьлча а, ва Боькъа!

Абубешар. Со веллачу йогIийла хьо, зуда, дIагIон елахь.

Баянт. Лен ма лелахь соьга. Со леш а дицлур дац суна хIокху беа баттахь ахьа сан хьийзор. Серлонах Iаьциг бац хьан дегIаца, ша берг бода бу хьо.

Абубешар. Со лолда хьан, ма гIохьа дIа. ОшхIаду биллахI хир ву со и масмалик санна. Со кхана балха а вахана, оцу Мохьмадал а тоьлуш дIа ца хIоттахь, со Мусин Закрина дина эс аду-кх хьуна.

Баянт. ЭхI, Iийнарг а ма Iийна елира хIетте а, кхин ца Iе-м хала хьаха дацара. Арадккхал сан шинара.

Абубешар. Ма дийцахьа, зуда, хьаштдоцург. Шинара мукъан а дитахьа.

Баянт. Иза-м хьаха дуьтур дацара аса. (Леррина Абубешаре а хьожий) Iодика йойла хьан, стаг! Наггахь дага мукъане а лацалахь со. (Елха а ийзош дIайолало) Марша Iойла хьо, стаг. (ДIайоьду)

Абубешар. Марша гIойла, сан хьоме зуда. (Велха а озавой, бIаьргийх йовлакх хьокху, тIаьхьа а хьожий) Ва нах, боккъалла а дIа ца яха иза? ОшхIаду биллахI, шинара хьалха а даьккхина йоьдуш ма ю. (Воьхна дIай-схьай волало ) ХIара хIун ду? Вовшашца барт бича санна и массо а суна луьйш ма ву.

Ва нах, боккъалла а иштта ледара ву техьа со? Ой, аса дешначу къорIанор, сан йиш-м яц Баянтах а ваьлла Iан. Ой, хIинца Мохьмадей, Хьамидей далург а далур дац техьа соьга? Цкъа дика ойла ян еза хIокху белхан. (Стоьла хьалха гIанта тIе куьйга корта а лоций охьахуу)

Керта Хьамид вогIу.

Хьамид. Салам Iалайкум! Хьо ма чIогIа ойланашка вахана Iа, Абубешар?

Абубешар. Ва Iалайкум салом. Деллахьа ма дика болх бу хьо веана. Вайша волчахь ЭгIаштара стаг а вац, Баянт дIа а яхана ма виси со.

Хьамид. Иза-м суна дуьхьал а кхеташ яхара.

Абубешар. Ой, хьаштдоцург ма леладе, гуттар а иштта хир ваций иза-м, толур вай иза-м, аьлла сацо ца гIоьрти хьо?

Хьамид. Аса хьо толур ву а аьлча, хьо то а ца велча, со юьхьIаьржа хIутту дела шена даьккхина ала а ца ваьхьна ма Iийра со-м.

Абубешар. Сан ненасара кханнехь балха а гIур ма ву со, цхьа доккха дезде, я иштта кхи меттиг ца Iоттаелча мер а ма дац. Цул совнаха, ошхIаду биллахI, Баянтин хама а, сий а дийр ма ду аса. Хьадахь, Хьамид, хьайна хала делахь а, алахьа цуьнга ма гIахьара дIа.

Хьамид. ДIавала, ваьхьар вац со, ахьа хьайн дош кхочушдийр дац.

Абубешар. Аса кхул хьалха мер дац аьлла а я балха гIур ву аьлла а дош луш хезний хьуна?

Хьамид. Ца хезна.

Абубешар. Нагахь аса сайн дош кхочуш ца дахь, хьо хьалха а лаьтташ, хIокху сайн мекхах аса цIе ца Iоттахь, со къонаха вац-кх хьуна. Хьадахьа, генаялале юхаялаехьа иза.

Хьамид. Иза-м ас юкъара хилла юха а ялийна, кетIахь лаьтташ ю, хьан дош шех тоххалц чу ца йогIуш.

Абубешар. (ЧIогIа сакъералой) Со лолда хьан, боккъалла а бохий ахьа?

Хьамид. Дера боху.

Абубешар. Ой! Мичахь ю иза? Валохьа ткъа.

Хьамид араволу. Абубешар чIогIа сакъераделла дIа-схьа волавелла лела. Хьамид, чамда а карахь, Баянтца чувогIу. Абубешара дуьхьал а волий, Баянтера чамда схьаоьцу.

Гуттар а ца кхеташ ца хуьлий стаг-м, зуда. КъинтIера ялар а, ястаялар а доьху аса хьоьга. Нагахь санна, хьуна а, нахана а ца моьттучу кепара со хийца ца лахь, кху Хьамидан тоьшаллийх дIаяха а, сан стаг цахилар нахала даккха а бакъо ю-кх хьуна.

Хьамид. Со кху керта вогIуш шуьшинге концерте догIий ала веара.

Абубешар. (киснара чехка ахча схьа а доккхуш) Ой, догIий бохург хIун ду? ДогIу дера-кх. ХIан, хIара ахча ду хьуна, шайн оьцуш тхойшинна а билеташ эцалахь.

Баянт. Аса муьлха коч юха, стаг, сайн шоланиг юха аса?

Абубешар. Шола коч а юха, тIехула жакетка а юха, суьйре шийло хуьлу вайна. Хьамид, дуьло, чугIо вай?

Хьамид. ХIан-хIа, со билеташ эца воьду.

Абубешар. ГIо хIета, тхойшиъ тIе хIума а юхуш, кечам бан доллу. Билеташ диканаш эцалахь.

Хьамид. Дика ду.

Хьамид, Баянте бIаьрг а таIабой, дIавоьду. Абубешара чуяхьа ши чамда схьаоьцу. Вовшашка а хьожий, безамца делакъежа.

Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран гIадужу-беттан 15-чу дийнахь. Иза нохчийн яздархойх тоьллачех ву. Цул сов иза актёр а, байтанча а, драматург а, гочдархо а, театран кхолларалийн белхахо а, Нохч-ГIалгIайн АССР-ан Хьалкъан артист (1959), Совет Пачхьалкхан яздархойн декъашко (1943), Нохч-ГIалгIайн яздархойн Бертан гIентда (1959-1961). Цуьнан дахаран некъ цIаьххьана хедира машенан бохамехь 1969-чу шеран товбеца-беттан 6-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG