ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхарачой-Чергазийчохь гIаттамхо вара аьлла, ши стаг верах дIахьедина ФСБ-но


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Кхарачой-Чергазийчуьрчу къайлахчу сервисийн урхалло хаамбина, контртерроран операци дIахьочу заманчохь тIемалой хетта ши стаг верах

"Зуламхошка герз охьадиллий, каравола аьллера. Бакъоларъяран иорганийн белхахошна дуьхьал герзаш детта буьйлабелира. Оцу хиллачу кхийсаршкахь зуламхой хIаллакбира", - хаамбина ТАСС агенталло къоман антитерроран комитетан тIетевжина.

Iуьйранна дуьна хаамийн агенталлаша яздора, Кхарачой-Чергазийчуьрчу Карачаевскан кIоштахь контртерроран операцин раж кхайкхийна, теракташ кечдеш хилла ши стаг ву лоьхуш бохуш.

Хьалхо Къоман антитерроран комитето дIахьедира, Дагестанерчу Буйнакскан кIоштахь лерринчу операцехь гIаттамхой бу боху ши вахархо верах.

2016-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Къилбаседа Кавказехь тIемалой бара аьлла, 250 стаг вийна хиларх хаийтира Росгвардино. Иштта урхалло дIахьедира, бакъо йоцуш герзашца вовшахтоьхна тобанаш Iамош йолу 29 база а йохорах.

Зазадоккху-баттахь ФСБ-н директора Бортников Александра дIахьедира, Къилбаседа Кавказехь "бандгIеранаш доккхачу декъанна хIаллакйина", аьлла.

Оьрсийчоьнан Iедалхоша Къилбаседа Кавказехь террорризм эшийна бохуш, дIахьедешшехь, регионехь кест-кеста кхийсарш хуьлу полисхошца, "хIокху-оцу" террорхойн организацешкахь дакъалоцуш хиллера бохуш, лоьцу нах.

Оцу гIуллакхашна бехкебечара дукха хьолахь дIахьедо, бух боцуш лоьцуш, Iазапаш хьоьгуьйту шайга бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG