ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхарачой-Чергазийчохь ши полисхо вийна тIелатар дина


police
police

Вевзашвоцчо герз тоьхначул тIаьхьа кхалхар нисделла Кхарачойн-Чергазийчуьра некъан полицин шина белхахочун. Кхин цхьаъ ППС-н белхахо лазийна, хаам бо пачхьалкхан ТАСС агенталло регионерчу Оьрсийчоьнан Талламан комитетан урхаллин хьостана тIетевжаш.

Билгалдоккхуш ду, лазийна хилла полисхо дарбан цIийне хьажийна. Цавевзачо тIелатар динчул тIаьхьа белхан герз а, цуьнан патармаш а лечкъийна. Байъинчийн а, лазийначун а цIераш йохуш йац.

Хиллачун хьокъехь бехкзуламан гIуллакх долийна (бакъоларъяран белхахочун дахарна тIекховдар а, бакъо йоцуш герз а, тIеман гIирс латтор, герз, тIеман гIирс лачкъор аьллачу артиклашкахула).

Оьрсийчоьнан ницкъахошца йоьзначу SHOT телеграм-каналан хаамашца, республикехь "Сирена" план кхайкхийна. Цул совнах, хаам бо, тIелеттарг цхьаъ вац, масех ву бохуш: бахарехь, уьш ППС-н белхахошна тIелетта Карачаевскера Лахара базаран кIоштахь, охан-беттан 21-хь 23:40 сахьт даьлча, йуха – къайла бевла "Лада Гранта" машенахь.

Ишта SHOT гIирсо тIелатар дина хила мегачу зулумхойн цIераш а йоху: Семенов Руслан а, Бытдаев Марат. Кхин хаамаш бац оцу нахах лаьцна.

  • Чиллан-беттан 14-хь нохчийн Iашхойн кIотIарахь вевзаш воцчу кхаа стага герз а диттина полисхо лазийра, дIахьедира республикерчу Талламан комитетехь. Герз тоьхна байъира уьш йуха.
  • 2023-чу шеран заздоккху беттан 27-28-чу буса бевзаш боцчара ГIалгIайчоьнан а, Къилба-ХIирийчоьнан а дозанерчу постан герзаш диттина къйла бевлира, тIелатар динарш лоьхуш бу, цхьа полисхо лазийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG