ТIекхочийла долу линкаш

Хасбулатов: Ас аьлла хиллера, воккхахилча, Кремле а вахана, Сталин таIIийна чувуллур ву ас!


Хасбулатов Руслан.

Лахьан-беттан 22-чу дийнахь 75 шо кхаьчна политик а, Iилманча а, хьехархо а волчу Хасбулатов Руслана.

Лахьан-беттан 22-чу дийнахь 75 шо кхаьчна политик а, Iилманча а, хьехархо а волчу Хасбулатов Руслана. Маршо Радион нохчийн редакци кхоллинчу кху 15 сов шарахь дуккхазза а интервьюш а елла, махкахь а, дуьненахь хуьлчун комментарtш а йина Хасбулатовс.

Къилбаседа Кавказан сервис кхуллуш гIортор йина а ву дуьненна а вевзаш волу политика, цигахь дехачу къаьмнийн меттанаш кху дуьнентIехь массанхьа а 'эфирехь хезаш хилча дика хир ду бохучух ша тешаш хиларна.

75-шо кхаьчнехь а, тахана а вуно сема а, мало ца еш юкъараллан дахарехь дакъалоцуш а, хьехархочун болх беш а ву Хасбулатов Руслан.

Маршо Радионо хозуьйту Хасбулатов Руслана цхьацца хенахь еллачу интервьюн кийсакаш.

Доьзалх лаьцна. Хасбулатов Русланан 2 шо хилла нохчий а, гIалгIай а махках баьхна Сибрех бохуьйтуш. Гергарчаьрца, тайп-тукхумца, дерриг къомаца лайна цо махках ваккхаран беза бала.

Хасбулатов: Тхан доьзалехь тхо виъ вара - кхо ваший, йиший. Со уггар жиманиг вара, шо кхаьчнера. Арадохуш кечамна цхьа сахьт деллера.

Тхан да партин обкоман декъашхо, "ЦIен Варзап" ("Красный Молот") индустрин декъан директор а лелла, воккха хьаькам вара, цунна дика хууш хиллера махкахдаха къам кечдеш дуйла. Цо накъосташка а, гергарчаьрга а хаийтинера, арадохур ду, кечдала деза аьлла. Иза чувоьллинера, хьанна хаьа, авторитете а волуш, цо хIун лелор ду, аьлла.

Иза тIедийн цамгар (тиф) ю аьлла, бахьана а хIоттийна, дарбан цIийне виллина, цу чохь вийна. Кхано, цIадаьхкича бен ца хиина тхуна иза а. Иза чохьваьллинчу дарбан цIийнехь болх бинчу цхьана ногIийчо дийцича.

Алматара Москох университете а вахана, цигахь чекхваьлла, махкахь дукха ваьхна а вац со.

Тхо Къилбаседа Казахстане, Петропавловск махка дахийтинера. Сибрех яра-кх иза, цхьана жимчу колхозе диссийна тхо - Гельц Максан цIарах колхоз. Цигара дагайогIу суна депортаци. 5-6 шо даьккхина оха цигахь. Вай стенна хьовсийна Сибрех а цигахь хиира-кх суна.

Нах цIерпошташца леш, уьш дIабохка а йиш йоцуш, оьзда нах ма хилла вайн даима а - шен гIуллакхна араваьлларг, топ тухий, вен а вуьйш. Доккха Iазап доьссинера нохчашний, гIалгIашний тIе. Нийсса ах вайн халкъ хIаллак ма дина.

Тхан нана, колхозе а йигина, цигахь хьелийозархо а хIоттийна, аьтто белира тхан, цо мацалла ца болуьйтуш схьабалийра тхан доьзал. Гергарнаш дукха белла мацалла.

Цу тIе, эвлара эвла гергарниг волчу ваха йиш а йоцуш. Колхозехь ахча ца лора, белхан денош а яздой, царна дуьхьал ялта яздора. Ткъа и ялта чекхдоккху хьер кхечу кIоштахь яра. Ша тхан кIоштан Iедал а генахь дара, цига, коменданте, хьера ваха бакъо еха ваха дезара, ткъа ваханарг дIа а лоций, комендантан раж талхийна олий, хан тухура. Иштта хьийзош, и Сталинан режим вуно боьха ма яра.

Вайн чартех некъаш бехкина, кешнаш хIаллак а деш, музейш, ва библиотекаш, еррриг а синбахаман хазнаш, театрш, нохчийн мотт дIабаьккхина, нохчех, гIалгIайх мостагIий а бина лелла...

Тхан нанас йоьлуш дуьйцура со воккха хиллачу хенахь. Гергара нах баьхкинера боху вайга хьошалгIа, соьга хаьттина, воккха хилча хьо мила хир ву, аьлла. Ас аьлла хиллера, воккхахилча, оцу Кремле а вахана, и Сталин волччу охьа а хиина, иза тIаIIийна чувуллур ву ас! ...Оццул вайн безам боцуш Iедал ма дара иза!

Дешарх лаьцна.

Хасбулатов: «8 класс а яьккхина, цул тIаьхьа сарахь доьшуш вара со (вежаршца цхьаьна доьзал кхаба ма безарий). Алматара Москох университете а вахана, цигахь чекхваьлла, махкахь дукха ваьхна а вац со. Амма дуьйцург а, гушдерг а ма дара гIелонца дозаделла.

Вайн чартех некъаш бехкина, кешнаш хIаллак а деш, музейш, ва библиотекаш, еррриг а синбахаман хазнаш, театрш, нохчийн мотт дIабаьккхина, нохчех, гIалгIайх мостагIий а бина лелла... Иза муха дицдо? Тхуна-м дицлур дац, сан хенарчарна-м дицлур дац, хаац, кегийчара хIун лелор ду. И дицдала йиш а яц аьлла хета суна. Дицло хIума ма дац иза.

Кхечу къаьмнаша, шайн цахилларг а тIехь тIе а детташ, дуьйцу, ткъа вай дицдала гIерташ ду сихха. Оьзда нах вай делахь-м дицлур дац, я дицдала йиш а яц.

Цундела со дарже ваханчу хенахь иза дара-кх сан коьртехь. И тайпа къхизалла ас кху Оьрсийчу юхакхочуьйтур яц, вайнахана хъьовха, кхечу къаьмнашна а, олий. ...Цундела со кхоьссина дIа а вахийтира! Цу тIе, Нохчийчохь болчу наха гIо а деш!

Баккхийчу наха со жима волуш олура, хьекъалениг вайх хьалаваьлчахь, вайнаха тIаьхьа а бовлий, озавой охьавоккху, цундела иштта хала схьадогIуш ду вай, олий. Иза муха хуьлу олий хетара суна суо жима волуш. Воккха мел хили, цунах кхеташ вогIу!

Нохчийчохь тIом беш а, зуламаш деш а Ал-Кайда ю бохуш, Кремло деш хиллачу дIахьедарех лаьцна.

Хасбулатов: "И леш бершший, и Iазап хьоьгуш бершший царах суна чIогIа къа а хета, делахь царна моьтту хир ду-кх, xIокху метта, Кремлехь, дац дерриг и зулам. ДIо хьуьнхула лелаш болу бандиташ бу уьш, аьлла, хеташ хир ду-кх цхьаболчарна.

Цхьа план яра вайн дIо Лихтенштейнехь къобал йина.



Уггар хьалха, кIорге хьо хьаьжча, дерриг и зулам оцу Кремлера охьадогIуш ма ду. Церан политикера. И мел ю и политика, суна хетарехь, и тIом шорлур бу. Кхечу уллехь йолчу республикашна тIебоьрзур бу. Шина хIорда юккъехь, тIом а бина, и массо нах хIаллакбан гIерташ бу-кх хIорш. Цу тIе, шайна гIортор еза, бохуш, дуьненаюкъара терроризм ю, бохуш...
Вай, дуьненаюкъара терроризм...хIан, делахь, хилийтахь, масала, хилийтахь, вай, международни терроризм хилча, международни силы [ницкъаш] хила деза-кх тIаккха оцу метте схьадалийна - американцаш а хила беза, европейцаш а хила беза, кхеченхьара пачхьалкхаш а хила еза.

Иштта дIадерзо деза, бохуш, лелаш вара со. Цхьа план яра вайн дIо Лихтенштейнехь къобал йина. И вайн план йолушшехь, иза хьахош а яц. Машар безаш бу бохуш, цара а тIаьхьа хьаха а ца йо".

Оьрсийчоьнан Федерацин Лаккхарчу Кхеташонан гIантда а волуш махкахь ГКЧП олу Iедал карчо гIортарх лаьцна.​

Хасабулатов Руслан: "40 километр Москохна уллехь Архангельское олучу цхьана эвлахь Iаш вара со. Сан цIа а дара цигахь, уллехь, цхьа ткъех метр, Ельцинан цIа а дара. 7 сахьт даьлча телевизорехула "Лебединое озеро" мукъам а локхуьйтуш ГКЧП йина шаьш аьлла, цара и шайн къамел дешшехь хиира суна иза карчам буй а, цара лелош дерг хIун ду а. Ведда чуиккхира со Ельцин волчу. Лахахь цуьнан зуда а ю, и Коржаков боху и "тхьодакх" а ю - цера и "охранник". Бершший а боьхна бу.

"Мичахь ву Ельцин?", - боху ас, - "Борис Николаевич".

"Лакхахь ву", - боху.

ШолагIа тIегIана тIе ведда хьалаваьлча, чIогIа воьхна Iаш ву хIара.

"ХIа, хIинца дIадели вайн гIуллакх!" - боху кхо со гича.-"Крючковс хIинцца арми схьайоуьйтур ю. Вайшиъ таIIийна чувуллур ву, дан хIумма а дац".

"Вай, и бохург хIун ду хьан, дан хIумма а дац?", - боху ас.

"Цхьана шарахь эха шарахь Горбачевс нийса ца лелабо некъ. Демократи хила еза, нахана латта дIадала деза, заводаш дIаяла еза бохуш лелаш верг вайшиъ вацара?"- боху ас.

Кхузахь штаб йийр ю вайшимма аьлла, и духьалояр вовшахтохар дIадолийра-кх ас. ТIаккха оха йоха а йира-кх и ГКЧП".

Нохчийчохь тIом ца хилийта хиллачу аьттонах лаьцна.

Хасабулатов Руслан: "Мангал-беттан 20-чу дийнахь (1994 шо) доккха кехат даийтинера соьга цо, Дудаевс. Шега оцу Кремлера наха бохург дош доций хии шена, ахь делегаци яийтахьара, оха аш аьлларг а дийр дара, федерацин барт беш дакъа а лоцур дара аьлла. Кхин цхьа а дов ша оьшуш а вацара аьлла, кехат даийтинера цо.

Суна хIара Росси санна йоккха пачхьалкх ма езара куьйгалла дан. Иза схьаяьккхира кхара соьгара"…


Со чIогIа хазахетта вара. Барт хили тхан аьлла. Сан когаметта вара Яров Юрий. Ас цуьнга элира, Дудаевга телефон а тохий барт бе, Гезгмашин-баттахь Сочехь кхетта а цхьаьнакхетар ду вай, и хаттар дуьцур ду вай аьлла.

Суна хетарехь, и конфликт йицйелла а хира яр-кх вайна, дерриг а нийсачу агIор дIагIур дара. Нагахь санна цо (Ельцина) герзаш ца диттинерахьара КIайн ЦIанна цхьа а тIом хир бацара. Республика кхуьуш а хир яра. Дала геч дойла царна, массерна а (чIогIа дукха вай хIаллак хили) и нах бехаш а хир бара-кх».

Кремло шега Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарж кховда дахь ша лур долчух жоьпах лаьцна.

Хасбулатов: (Вела а воьлуш) "Нохчийчохь куьйгалла дар суна къезиг ма-ду! Нохчий… Вайн махкахь-м дикка куьйгалхо ву вайн. Суна хIара Росси санна йоккха пачхьалкх ма езара куьйгалла дан. Иза схьаяьккхира кхара соьгара"…

Таханлерчу шен могашаллах лаьцна.

Хасбулатов: Тоьар йолуш ю, Дала лелош ву, Далла бу хастам!

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG