ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Советан Iедалх лаьттачу нохчийн гIаттамхойх тIаьххьарниг


Магомадов Хасуха а (хьалхара могIа, сирлачу духарахь), нохчийн гIаттамхой а, 1930-гIа шераш.

42 шо кхаьчна Магомадов Хасуха вийна.

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:43 0:00
Линкана тIе


Магомадов Хасуха вийна 42 шо хьалха Шуьйта кIоштан Бенан уллехь. 71 шо долувоккхачу обаргана гобина лаьттина масийтта дийнахь. Ларамза маса топ кхетта велла иза. Иштта цуьнан а каяьлла лаьттах доьллинчу Iода тIе хIоьттина топ тоьхна тIелеттачарах цхьаъ вен. Оцу дийнахь цигахь хиллачеран тоьшаллашца цо мохь биттина хилла, ша вала веана ву кешнашка, шена тIе ма гIорта бохуш. Каш а хилла цо ша шена даьккхина.

Цул тIаьхьа Iедало кхаьънаш догIушхаамаш баржийнаполитикин луьра зуламхо вийна шаьш аьлла. Билгалдаккха деза вийначу Хасухина дакъа терзанца оьзча, 35 кила бен ца хилла.

37 шарахь лелла Магомадов Хасуха обарг. Оцу некъа тIе иза ваьлла 1939-чушарахь, дов даьлла стаг вийначул тIаьхьа. Наха витинехь а, Iедало ца витина, цо маьрша дахарх къахкина лелла иза. Оцу хенахь иза 30 шарал хан тIехъяьлла стаг хилла. Цуьнан кIант Магомадов Денис масех шо хьалха еллера Маршо радиога интервью. Цу тIехь цо дагалоьцу шен дех дуккха а хIуманах.

Магомадов Дени.
Магомадов Дени.

Къам дохочу хенахь, шега баккхий вежарша дехар диннашехь тIе ца дитина цо цаьрца дIавахар, элира цо: "Дуьненчохь йоккхучу заманчохь хIокху ДегIастанчуьра дIа а гIур ма вац ша, хIокху Iедалх теша а тешна, церан кара а гIур ма вац ша, аьлла дуй биънера цо.Вай цIера дохочу хенахь а, вежарша аьллера цуьнга, юккъе валий, тхоьца дIаволахь. ХIан-хIа, вогIур вац ша, дуй къарбан йиш яц шен аьлла, дIа ца ваханера цаьрца".

Обаргийн некъа тIехь цхьалла лайна цо. Цхьана юкъана кхечу обаргех дIа а кхетта лелла, амма ша цхьалха хилча, даима тIаьхьабевлла лелачу низамхойх къайлавала аьтто баьлла.

Хийлазза мотт а тоьхна цунна, хийлазза цIеххьана бинчу гонна кIелхьаравала аьтто а баьлла цуьнан, аьлла кхин дIа а дуьйцу цуьнан кIанта Денис: "Цхьана меттехь шина сахьтехь сов вижа йиш йоцуш вара ша олура цо. Гуьржийчу дIаваха аьтто бацара Итом-Кхаьлла кхаччалц гуо лаьцнера.

БIаьсте йолу хан яра боху цо, черчий гIовттаза.Лайн лар йолуш а, йоцуш а меттигаш яра бохура. Чан Iин олучу меттигехула ша чекхволуш шен тIеIоттабеллера бохура. Ша чен Iуьрг чувахара бохура. Шаьлта а яьккхина чаца буьйса яьккхина ша бохура.

Вуьйш схьа а баьхкина, оцу Iуьрг чу цхьамза Iоьттина хилла. Чано «гIагI» аьлла гIовгIа йича, кху чу гIоьртича-м чано ватор вара иза, аьлла бела а белла, дIабахара бохура уьш. Ша тIаккха цу чуьра ара а ваьлла, Iин чохь ламаз а дина, дIавахара бохур".

Магомадов Дени ша а оцу хенахь 30 шарал тIехъяьлла хан йолуш, шен деца Хасухица уьйр йолуш хилла. Цкъа фотоаппарат а эцна, цуьнца къайлах цхьаьнакхета вахана иза. Дас ца даккхийтина шен сурт. Шен иза доцу дела, Iедална кара ца вахана ша тахана а, аьлла. Оцу бахьаница иза кара а ца воьдуш, лелла.

Массарна а хууш ду, цо Соьлжа-ГIаларчу дарбан хIусамехь хьенан-мила ву а ца хууш ехха хенахь Iиллина. Иза лелар паргIат, масала Соьлжа-ГIалахь а, аьлла дагалоцу Магомадов Денис: "Ша гIала а воьдий, цигахь ресторан чохь хIума а кхоллий, дIавоьдура бохура цо. Шок ма-тоьххинехь, тIеян Iамийна говр яра цуьнан. Иза Пригородни олучу меттигехь хьуьнха яжа дIа а хьоьций, ресторанехь а Iай дIавоьдура ша бохура цо".

Магомадов Хасуна сий айдеш, цуьнан леларх хьакъдолу фильм яккха езара аьлла хета поэтана, юкъаралхочунна Хасимиков Сулбанна. Нехан эсехь-м иза иштта а висина ву, элира цо: "Цуьнах лаьцна дийца дуккха а ду. Вайн Нохчийчохь вевзина ца Iаш, Къилбаседа Кавказехь а гIараваьлла хилла иза. Цундела, цуьнах массара а вовшах а кхетта, исбаьхьа фильм яккха езара, тIаккха вевзар вара иза. Даладекъалвойла иза".

Магомадов Хасуха -тIаьххьара обарг лоруш ву Советан пачхьалкхехь хиллачарех. Цул хьалха а хилла, дуккха а къомах Iедалан харцо ца лайна кара герз эцна, амма иза санна бехха и некъ дIакхехьна цхьа а вац.

Цхьа хIума а ду Хасухин дахар юккъера дукхачу нахана ца хууш. Нохчий дIабохийначу хенахь цо Дагестанера зуда ялийна хилла. Цо вина ши кIант а хилла цуьнан. ХIара тIом болабелча, Соьлжа-ГIалахь нохчийн агIор дакъа а лаьцна цушимма. Цхьаъ велла, вукхуьнах хIун хилла хууш дац.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

ТIейогIучу аьхка стенгахь садаIа дагахь ду шу?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG