ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхел йина волу Нохчийчуьра ЛГБТ-жимстаг Магамадов Салахьан волу меттиг хIинца а хууш яц


Магамадов Салахь а, Исаев ИсмаьIил в
Магамадов Салахь а, Исаев ИсмаьIил в

ТIемалошна гIо дина аьлла Нохчийчохь кхел йина волу Магамадов Салахьан волу меттиг хууш яц товбецан-беттан 15-хь дуьйна – цуьнан адвокатан а, бакъоларъярхойн а аьтто ца баьлла цуьнах лаьцнарг довза. Хьалхо хаам бора, Магамадов "Владимирский централ" олучу набахте-2 хьажийна, аьлла, амма иза цигахь вац.

"Салахьан волу меттиг хьалха санна бевзаш бац. Оха ФСИН-е кхайкхам бина, Салахьана тIекхачийта, аьлла, хIунда аьлча, иза Владимир гIалан набахте-2 чохь хила везаш ву. Иза цхьа меттиг ю хаамаш довза йиссина", - дийцина Кавказ.Реалиига СК SOS кризисан тобанехь.

Кавказ.Реалиино хаам бина ма-хиллара, товбецан-беттан 15-хь кризисан тобанца юкъаметтиг лелош волу адвокат Немов Александр Магамадов Салахьна тIекхача гIерташ вара, амма "Владимирский централан" белхахоша цкъа дуьхьало йира, яьсса вовшахкхетаран чоьнаш яц, аьлла, тIаккха элира, хан тоьхнарг оцу хьукматехь вац, амма цуьнан волу меттиг ца бийцира. Магамадов кхуза Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-ра схьавало везаш вара, дIахьедора, цо кхузахь цхьа шо доккхур ду, аьлла.

Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанан кхело бехкевеш сацамбира 20 шо долчу Магамадовн а, 18 шо долчу Исаевн а хьокъехь Чиллан-беттан 22-чохь. Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело апелляцин кхелехь листира иза Стигалкъекъа-беттан 11-чохь, амма хийцам боцуш битира. ТIемалошна гIо дина аьлла, бехкаш дехкира цу шинна. Магамадовна бархI шо тоьхна, Исаевна – ялх шо.

Магамадов а, Исаев а къар ца ло, шаьшиъ цхьана а хIуманна бехке вац бохуш. Адвокаташа тергалдо бехке хиларх тоьшалла дина цахилар а, кхел йоьдучу заманчохь низамаш дуккхаза дохийна хилар а, царна хета, вежаршна тIаьхьабовлар церан сексуалан ориентацица а, гендеран идентификаллица а доьзна хилар (цу шиннах цхьаъ гей ву, важа гендере дехьавала дагахь хиллера), иштта Нохчийчуьрчу Iедална оппозицехь йолу телеграм-канал лелор.

  • 2021-чу шеран Чиллан-баттахь Магамадов а, Исаев а лачкъийра Нижний Новгородерчу кризисан хIусамера, и шиъ Нохчийчу дIавигира. 2021-чу шеран Марсхьокху-баттахь цара дIахьедира, шайна йетта, бехкаш тIелаца бохуш. Царна тIехь къизаллаш лелорах бехктакхаман гIуллакх доло реза ца хилира Нохчийчуьра Талламан комитетан урхалла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG