ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелан сацам тергал ца беш Польшера депортаци йан мега нохчийн мухIажарна


Польшан, Беларусин доза. Архивера сурт
Польшан, Беларусин доза. Архивера сурт

Польшан Iедало махкара араваккха мега Нохчийчуьра мухIажар Акиев Iальви, бутт бу иза миграцин лагерехь латтош волу. Зуламан тоба кхолларан гIуллакхехула и схьавалийта гIерташ хьийзара Оьрсийчоь, амма Варшаверчу кхело Акиев йухаверзар цунна кхераме ду аьлла тIечIагIдина.

Акаевс Кавказ.Реалиига дийцина ма-хиллара, 2018-чу шарахь Оьрсийчохь цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийра, Шемахь низамехь йоцучу вовшакхетараллина йукъахь дакъалацарехула йолчу артиклаца (УК РФ 208 арт. 2 дакъа). Польшехь экстрадицин барамаш болийра – нохчочо миграцин набахтехь диъ шо даьккхира, экстрадицехула масех кхелехь ийшира иза.

"Польшерчу кхело йуьхьанца Оьрсийчоь жимма Iийча эвлайаалла долуш пачхьалкх санна йуьйцу, дуьненайукъара берташ кхочушдо бохура цо. Ас царна бIостнехьа дерг дуьйцура. Украинерчу тIамо хьаьшна церан тоьшаллаш. Прокурор а йухавелира, оцу гIуллакхехула ша суна кхин бешкаш дохкур дац элира, цул тIаьхьа кхело а сацам бира, [Оьрсийчохь] сан дахарна кхерам лаьтта аьлла", - дуьйцу къамелдечо.

Кхел хиллачул тIаьхьа Акиев полин декъе вигира, цигахь и дIалецира, бакъо йоцуш пачхьалкхехь ву аьлла, и схьаваьллачу пачхьалкхе дIавалархьама. Экстрадицин процедурехула дIаваларал совнаха, административан кепаца а дIавала тарло и стаг. Мигрантийн Пшемыслерчу лагерехь ву и хIинца, Украинан дозанна гергахь.

"Со кхузахь латто бакъо йац церан, хIунда аьлча, Iазап ца магоран ООН-н Конвенцин 3-чу артиклаца а догIуш, ницкъбан кхерам лаьттачу стагна экстрадици, йа депортаци йан йиш йац, тIаккха суна кхерам хилар Варшаверчу кхело тIечIагIдина", - билгалдоккху Акиевс.

Австрерчу жигархоша протестан акци кхайкхийра Акиев Iальви дIаваларна дуьхьал – Венерчу Польшан векалтна хьалха кечйан гIерта уьш.

  • Хорватерчу кхело лаьцна латторан хан дIайахйаран гIуллакх теллина Оьрсийчуьра схьавеъначу нохчочун хьокъехь, кхин а кхо бутт баккха беза цо цу чохь – чиллан-бутт чекхбаллалц. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиига анониман кепехь дийцина цуьнца депортацин набахтехь латтош хиллачо. Украинехь тIомбан дуьхьал хиларна Оьрсийчуьра бевдда нохчий бу буьйцурш.
  • Лахьан-беттан 7-чохь дийцадаьккхира Хорватихь Нохчийчуьра бахархой лецарх. "Европера нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас хIетахь дийцира, цхьаболчу мухIажаршна тIехь ницкъбинера, кхерамаш тийсинера, аьшнашбинера бохуш. Нохчийчуьра бахархоша латкъамаш бора, миграцин набахтин белхахоша хIуьттаренаш лелорна а, шайна лоьрийн гIо ца кхачорна а. Лецначарлахь бу иштта ЦIечу жIаран волонтераш а, царех цхьа а вац Оьрсийчоьно лехамашка велла а, Хорватин низамаш дохийна а.
  • Кавказ.Реалиино хаам зорбане баьккхинчул тIаьхьа Хорватин омбудсмено Шимонович-Айнвальтер Тенас терго йира бакъонашларъярхойн хаамашца, Оьрсийчу дIабала хьийзош болчу, шайн махка баьхкинчу мухIажарийн хьолан. Оцу хаттарна тIехула гIуллакх диллина омбудсменан офисо.
  • Австрин депортацин набахтехь латтош ву, военкоматера тIекхойкхуш кехаташ кхаьчначул тIаьхьа республикера ведда волу Нохчийчуьра ши вахархо. Уьш Хорвати йухабахийта дагахь бу – тарло, цигара Оьрсийчу царна депортаци йан а. Царна т1ехь кхел йина, амма цуьнан жамI хууш дац. ​

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG