ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь кхелхина гоьваьлла Iилманча Чокаев Кати


Чокаев Кати
Чокаев Кати

Нохчийчохь кхелхина филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик Чокаев Кати. И хаам бина фейсбукерчу шен агIонехь журналисто, бакъонашларъярхочо Серганова ТIауса.

Чокаев Кати дуьненчу ваьллера 1929-чу шеран Чиллан-беттан 29-чу дийнахь Шелахь. Дешна цо ГIиргIизойн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетехь. Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институтехь, РСФСР-н серлонан министерствон къаьмнийн школийн институтан Нохч-ГIалгIайн филиалехь, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь. Нохчийн Республикин Iилманийн академи кхолларан вовшахтохараллин комитетан декъашхо хиларе терра, жигара дакъалаьцна цо 1992-чу шарахь Академи схьаелларехь, цуьнан дуьххьарлерчу декъашхойх (академикех) ву иза.

Iилманан 150 сов белхан автор ву Чокаев Кати, шайна юкъахь 11 монографи а йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG