ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхерам а, бехкаш а. Даймахкара нохчашна а, дозанал арахьа бехачарна а йукъара барт бохар

Нохчийн диаспоро Страсбургехь дIайаьхьна митинг. Кехата тIера йоза: "Нохчийн дахарш деза ду". Гайтаман сурт
Нохчийн диаспоро Страсбургехь дIайаьхьна митинг. Кехата тIера йоза: "Нохчийн дахарш деза ду". Гайтаман сурт

ТIаьхь-тIаьхьа хаалуш ду нохчийн диаспорина а, Нохчийчохь бехачу нохчашна а йукъара хьал гIоьртина хилар. ЦIера дIабахначара дийцаредо даймахкахь бакъонаш хьоьшуш хиларх, къам рхьатаIийна латтош хиларх, Нохчийчохь русификаци йаржарх. Даймахкахь бехачара дIабахнарш бехкебо шайн орамех а, нохчийн дахарх а хаьдда, "хийра гIиллакхаш" тIеэцна бехаш бу бохуш. Оцу йуккъехула официалан Iедалхоша йукъ-кара дечу дIахьедарша хьал кхин тIе а ирчачу доккху. Тхан редакцино теллира, мел гена даьлла и барт бохар, шина а агIор бехачу нохчашца хуьлуш дерг хIун ду а.

Оьшуш йоцу контакташ

Ши тIом баьллачул тIаьхьа нохчий шина декъе бекъабелира: дукхахберш цIера бевлира, Евробертан а, кхечу а пачхьалкхашкахь шуйра диаспора а кхоллалуш. Хан-зама мел йолу цу къоман декъадалар мохк хийцарца хилла ца Iийра. Республикехь бисинчарна а, дIабахначарна а йукъахь йукъараллин-политикан дуьхь-дуьхьал гIортар хилира, тIаьхь-тIаьхьа и хьал нахала а долуш.

Нохчийн Iедалхойн векалш а, царна муьтIахь болчу наха а бехкаш доху мухIажаршкара, "шу Европана дохкаделла", шайн "гIиллакхех хаьдда", дозанал арахьара меттигерчу Iедална а луьйш ду шу бохуш. Цаьрга олу: шу Малхбузехь дехаш ду, стен-борша а ца къестош, вовшашка маре оьху адамаш долчахь, ЛГБТ-парадаш хIитточохь, массарна хьалха дIахIуттий КъорIан даго а магош, амма аша деш кIад а дац, оцу хIуманашца къийсам латтон.

Ткъа диаспорехь болчара бехкаш дохку Iедалхошна, цара адамиийн бакъонаш хьоьшуш хиларна, бертаза шайн махкахой Украинана дуьхьал тIом бан хьийсорна, Москвана а дохкаделла хиларна. Регионера Iедалхошка а, цаьргахьа болчаьргара а бехкаш доху: "Селхана вайна тIе бомбанаш йиттинчу Оьрсийчоьнехьа дирзина шу" олий.

ХIокхуьнца, йа вукхуьнца зIе латтон мегар дац, хьан проблемаш хир йу

И дуьхь-дуьхьал латтар хан мел йолу а генна дӀадоьду, шен а, гергарчеран а йукъаметтигаш а йохош. Ур-атталла хьалха цхьана доьзалехь баьхначу йа вовшийн гергара хиллачу, тахана Европе дIабахна, цигахь бехачу нахана йукъахь а.

Францехь йехаш йолчу Раисина шен бӀаьргашца зеделира и къийсам: Нохчийчохь бехачу гергарчара тӀаьхь-тӀаьхьа цуьнца зӀе латтор сацийра. Хьалха шен-шен хIоранна а хьежамаш боллушехь, хIетте а цунах новкъарло ца хуьлура церан йукъаметтигашна. Амма тIаьхьо, къамелаш Украинерчу тӀамех а, Нохчийчохь долчу хьолах а лаьцна дийца долийча, дерриг а хийцаделира: цуьнан безачара билгалдаьккхира цуьнан Европехь долу дахарх а, цунна Iедалх лаьцна хетачуьнга а ладегIа шайн аьтто цахиларх.

"Нохчийчохь веха тхан йишин кIант дIавигинера Iедало. Соьга дийцарехь, инстаграмехь цхьаъ йаздина цо бохура. Цул тIаьхьа цуьнан накъостий а, доттагIий а лецна, дIабигина хиллера. Телефона чохь дозанал арахьа бехачу нехан, уьш хьан чуьра нах белахь а, церан телефнаш ма хилийта аьлла хиллера цаьрга цхьмамма-м. Цул тIаьхьа цхьацца волуш, соьца зIенера дIабевлира уьш, хIинццалц денна бохург санна къамелаш деш Iийна долллушехь. ХIинца цIерачарех сан ши йиша йоцург, соьга кхин дIа хьал-де хоттуш стаг вац", - дийцира зудчо.

Раисица нисделларг доцург а, цхьаболчу даймахкал арахьа бехачу нохчашна тоаме хуьлу социалан машанашкахь йитина комментарий а. Оцу тIехула уьйраш дIахедайо.

"Масех шо а ду со Австрехь веха, - дуьйцу шех лаьцна Iусмана. – Кест-кеста Нохчийчохь болчу сайн нахаца зIе латтайора аса. Нохчийн омбудсменан Солтаев Мансуран агIонехь аса йитина цхьа комментарий бахьана долуш, дерриг а хийцаделира сан. Цигахь Нохчийчохь бехачара йаздинера, цIера даймохк дIа а тесна, дIабахначийн бакъо йац кхузахь хьулуш долчух лаьцна йаздан аьлла. Оцу комментарина жоп деллера аса. Цул тIаьхьа, цхьа хьовзам баьллера а ца хаьа суна царна, соьца зIенера цхьацца волуш, бериш а дIабевлира. Цул тIаьхьа го суна, блок тоьхна сайна, сан номер шайн телефонаш чуьра дIайайина. И хIун ду аша лелориг аьлла, со къамеле ваьлча, суна жоп ца делира. ЧIогIа лазаме ду суна, сайн цIерачаьрга телефон а тоьхна, хьалха санна цаьрца къамел дан сайн аьтто бацарна. Цхьа декъаза комментарий бахьана долуш, массарех а дIахадий-кх со".

Нохчийчохь веха Мохьмад а тешна ву, цIерачу нохчийн Iедалхоша ден къамелаш, цара даим а латтош болу Iаткъам бахьана долуш, цIера дIабахначу нахаца ишта шогалла лелош хиларна.

"ЧIогIа ницкъ болуш, онда ма дуй нохчийн гергарлонаш, йукъаметтигаш. Кхин даьлла бахьана а доцуш, шен стагана букъ тухур ма бац. Амма даим а даймахкара дIабахнарш йемал беш, цаьргара бехкаш дохуш, лерг диллина, царна тIехь терго латтош хилча Iедалхоша, цо адамна кхерам ма тосу. Уьш кхерабо, Iадабо: цуьнца къамел ма де, хьокхуьнца ма де, цунах хьовзам хир бу хьуна бохуш. ТIаккха ца ваьллачу денна и стаг декхаре хуьлу шен гергарчарна хийравала, йа зIенера дIавала. Ишта политикехь лелош долчу хIуманаша хедош ду гергарлонаш", - аьлла тешна ву тхан редакцица къамелдийриг.

Нохчийн диаспорин Страсбургера митингехь. Гайтаман сурт
Нохчийн диаспорин Страсбургера митингехь. Гайтаман сурт

"ЧIагIалла йохар"

Мехкан урхалла деш волу Кадыров Рамзан иттаннашкахь шерашкахь дукхазза шога луьйш хуьлура, дозанал арахьа бехачу нохчашна. Нохчийчохь долчух лаьцна дийца церан бакъо йу аьлла ца хетара цунна, бехкаш дохкура царна динан а, къоман а мехаллаш ца лардо бохуш. Оцу йукъанна, хIора аьхка хьажа-хIотта даймахка богIурш патриоташ лору цо, даймахкара хийцамех баккхийбеш бу боху уьш. Ткъа шена дуьхьал болчарах "йамартхой" а, "питанчаш" а олу.

2020-чу шарахь Кадыровс дIакхайкхийра, Европехь бехачу "дикачу нохчашна" гIо дархьама агенталла кхуллур йу ша аьлла, амма, бохура цо, "шайн баганийн дола дан деза цара". Ткъа цIера дIабахначу "вон нохчашна" кхерам тесира цо, шуна "дан доггIург дан таро хир йу" шен аьлла.

Кхул а хьалха Нохчийчоьнан вице-премьеро Висмурадов Абузайда, "Патриот" цIарца вевзаш волчу, дIахьедира, дозанал арахьа бехачара "хьаштдоцург дукха дуьйцу", церан дукха хан ца йисина аьлла. Ткъа 2025-чу шарахь Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адама дош делира, Нохчийчоьнан Iедалхошна дуьхьал берш "хIаллакбийр бу" аьлла.

ТIом бирзина аьлла, ца хета суна: тхан бераш тIамтIе хьийсош ду

ХIуммаъ а кIеда вист ца хуьлу политикан мухIажарех лаьцна нохчийн къоман политикан министр Дудаев Ахьмад а. Ша вистхуьлучу заманчохь цо кест-кеста сийсазбо рожан критикаш, "нах йоцу хIуманаш", "шайтIанийн парти" олу цо царах. Дудаевс ишта чIагIдо, бозуш боцчу хаамийн гIирсаша а, "евроичкерийцаша" а регионехь хуьлуш болу муьлхха а барамаш харцахьабоху, кхайкхамбира мехкан бахархошка, махкара хьал талхо гIертачу нахана дуьхьал цхьана а кхетий, къийсам латтабе аьлла.

ТIаьххаьара хиллачух ду, Нохчийчоьнан урхалхочун гIоьнчас, кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министраллин куьйгалхочун гIовс волчу Сугаипов Амира дина дIахьедар. Цо цавашарца бехкбаьккхира, махкахь вониг лоьхуш болчу цIера дIабахначаьрга. Сугаиповс бохура, муьлхха а Iедалхошкара ларамза йаьлла кега-мерса ледарло схьа а лоций, доллу къам цара бехдо.

Къастийна хьаькамо билгалдаьккхира, даймахкахь бисинарш "Оьрсийчоьнна бохкабелла" бахарна йукъахь бIостаналла хилар. Сугаиповс билгалдаьккхира, оцу критикаша шайн блогаш оьрсийн маттахь лелош хилар, шаьш интервью луш а, оьрсийн маттахь къамел деш хилар, шайн йоллу контент а оьрсийн маттахь а, Оьрсийчуьра бахархошна лерина а йеш хилар. Цо дӀахьедира, шех лаьцна наха мел йазден вониг, ша вовшахтухуш охьадуьллуш хиларх, Кадыровс цкъа хьалхо аьллачунна тIе а тевжаш, бохура, царна бекхам ца беш ша валарна кхоьру ша.

Адамийн бакъонаш Iалашйан декхар волчу Нохчийчоьнан омбудсмено Солтаев Мансура а луьра къамелаш до, республикера дӀабаханчарах лаьцна дош олуш. Махкара дӀабаханчех цо олу "бевддарш", "туьйранчаш" а. Солтаевс бехке йо диаспора, жимма а дов дина меттиг нислахь, дозанал арахьа бераша "да-нана полице дӀадаларна", зударша шайн хIусамдай а дов даьлча, полицига дIа а хьедой, набахте хьийсабо бохура.

Омбудсмено ишта чIагIдора, Европера нохчашлахь академикаш бац, лоьраш бац, инженераш бац, ткъа оцу йукъанна, бохура, Нохчийчохь уьш дуккха а бу. Цул совнах, Солтаевс кхайкхамбира "евроичкерийцашка", шаьш дехкачу пачхьалкхашкахь "ЛГБТ-пропагандина" дуьхьал пикеташка довла аьлла.

Нохчийчохь маьждиг схьадоьллучохь. Гайтаман сурт
Нохчийчохь маьждиг схьадоьллучохь. Гайтаман сурт

Вайнаш, хийранаш

Шен цIе ца йаккхар а доьхуш, Нохчийчуьра социолого бакъдира, мехкан Iедалхоша цIера дIабахначех лаьцна ишта шога къамелаш даро, гергарчаьрца йолу йукъаметтигаш талхо тарлуш хилар.

"ХIаъ, иштаниг нисло, адамашна йукъахь политикана тIехула девнаш дуьйлуш, и бахьана долуш гергарчарна йукъахь а хиэро йуьсу. Цхьаберш политикех лаьцна шайн ма-хуьллу кIезиг дийца гIерта гергарчаьрца, цхьаболчара дийцанне а ца дуьйцу, дов эккхарна кхоьруш. Амма бакъду дозанал арахьа бехачарна даим а вочу агIор Нохчийчохь долчух лаьцна дийцича, цо мел а хьал дуьйлина латтадо. Нагахь санна, церан гергара нах даймахкахь бехаш белахь, царна ца лаьа шайна йукъахь политикех лаьцна къамелаш хилийта. Цундела шайна а, шан нахана а хьовзам ца баккхархьама, поликех лаьцна дийцаре ца дан хьийза", - бохура къамелдечо.

Вуьшта, элира цо, наггахь нислуш дерг бен дац и, нохчаша чIогIа леррина лардо гергарлонаш, политикан хьокъехь шайна хетарг цхьана ца дагIахь а.

"Оцу барт эгIаро массо а гергарчарна йукъара уьйраш хедайо аьлча, нийса хир дац. Цкъацкъа билггал политикан хьал бахьана долуш йукъахь хиэро латтайо, йа хададо гергарло, амма кест-кеста, йа массарна а йукъахь ца нисло и хIуманаш", - билгалдоккху социолого.

И тайпа меттигаш цхьаццанхьа нислуш ду, амма ур-атталла цара а гойту тахана республикехь адамийн дахар мел чолхе ду, бохуш дуьйцу бакъонашларъярхочо, "Европерчу Машаран ЦӀийнан" организацин куьйгалхочо Гашаева Зайнап. Цо дийцарехь, нохчий шиъ тӀеӀаткъам ловш бу – Ӏедалера а, йукъараллера а. Нах хаддаза кхерамехь беха, пачхьалкхан а, кхерамазаллин а ницкъаш церан дахаран массо а агӀонна бохург санна йукъагӀертарна.

"Хьолана Iаткъам бан хала ду тахана Нохчийчохь. Цхьаммо Iедална критика йахь а, вайн хууш ма-хиллара, цуьнан цIийнах мел верг таIзаре хIоттаво. Цундела политикаша цIера дIайахна дийнна тобанаш "йамартхой" бу баьхча, цо цатемаш алсамбоккху. Цундела оцу кепарчу дIахьедаршца сема, ларлуш хила веза", -билгалдоккху бакъонашларйархочо.

Гашаевана хетарехь, нохчийн "вайнаш", "хийранаш" бохуш, боькъуш хилча, иза кхераме риторика йу. Оцу нахера дуьйлу диканаш, церан тайна амал а ца йуьйцуш, уьш бехачу меттигца мах хадоро, хьал кхин тIе а талхадо аьлла хета цунна. Ткъа хьаькамаша и девнаш доьзалан гонашка а дерзош, бахархой шайна пайда хьулчу агIор лелор, дика дац, цо уьйраш йохайо.

Вуьшта аьлча, кхин дIа а дуьйцура Гашаевас, оцу нехан цIера бовда дезначу бахьанех а кхеташ хила веза.

"Уггар а хьалха, тIом бу и, 1994-чу шарера тханалерачу дийне кхаччалц схьа а берзанза болу. И тIом бирзина аьлла, суна ца хета, хIунда аьлча, тахана а кхайкхош мобилизаци йу. Шайн дахарна кхерам латтарна, берийн дуьхьа, болх лоьхуш, йа экономикан бахьанашца дIабаха дезна бу и нах. Цхьаболчийн таро ца хилла дIабаха, тIаккха "йамартхой" олу цара, билггал адамашна лаьттина сингаттам тергал ца беш. Цхьана халкъан дакъа ду тхо, цхьана культурин, доьзалан, политикан интересашна тIехула иштта адамийн кхолламаш лело мегар дац", - билгалдаьккхира цо.

Цо бахарехь, нохчий миччахь бехаш белахь а, Европехь, йа Нохчийчохь, дуккхаъ нохчий шайн ма-хуьллу гергарлрнаш лардан гIерта, компромиссаш а лоьхуш. Амма бакъду, шайн нахана хьовзам ца баккха шаьш деш долчу къамелашца ларбала беза уьш.

Соьлжа-ГIаларчу маьждига хьалха. Гайтаман сурт
Соьлжа-ГIаларчу маьждига хьалха. Гайтаман сурт

Австрихь бехачу "Нохчийн а, гIалгIайн а Кхеташонан" куьйгалхочо Мусаитов Шайхис а чIагIдо: диаспоро нохчий ца боькъу, дIабахнарш а, буха бисинарш а бохуш. Доьзалан йукъаметтигаш а чIогIа йеза хета царна бохура цо.

"Цундела наха тидаме ца оьцу, эмиграци бахьана долуш оцу стеган бакъо йац даймехкан лаьттанах лаьцна дош ала бохуш даьржинчу хIуманан. Оха тхешан даймахкаца йолу зӀе тхаьш дехачу меттигца лоруш йац. И къамелаш дечарна дукха дика хаьа, нохчийн историхь а, кхетамехь а тешам, вовшах жоьпалла латтор, шен са оьшучунна ца кхоор, мел деза ду", - аьлла дийцира Мусаитовс.

Цунна хетарехь, хIора нохчо, иза стенггахь велахь а, йукъарчу хьолах лаьцна дийца гунахь хила везаш ву. Метафора йалийра цо тогIи а, лаьмнаш а хьахош: тогIи чохь вехачунна хIора цигара тIулг бевза, амма ломана буьххьера хIоьжучунна дерриг а ма-дарра го. Даймахкана гена довларх, даймахкахь хуьлуш долчуьнца бала бац бохург дац и, билгалдаьккхира Мусаитовс.

"Чуьра хьежамаш а, арахьара хьежамаш а тхуна бIостане ца го. И ший а йукъаралла кхиорехь оьшуш ду. Ткъа цу перспективех цхьаъ лелегитималлех йаккха гIертарш, хуьлийла уьш Нохчийчохь йа дозанал арахьа, кханене хьежамаш кхион коьртачух нохчий баха хьийза", - тешна ву къамелдийриг.

Ткъа европахойн йукъараллера нохчех дерг аьлча, Мусаитовна хетарехь, монолитан политикан коллективе санна цуьнга хьоьжийла дац. Тайп-тайпа нах беха цигахь, кеп-кепарчу заманашкахь тайп-тайпанчу бахьанашца дIабахна болуш. ТIамах, политикан хьежамаш бахьана долуш шайна тIаьхьабийларна, адамийн бакъонаш ларйеш цахиларна, йа экономикан бахьанашца, охьадагардира цо.

Коьртаниг – вовшийн сий ца дайъар

Долу сурт мел а лахдо диаспорера нах хIинца долчу нохчийн Iедалан агIончаш а, критикаш а бу бохуш, бекъаро, дуьйцу цо кхин дIа. Цо бахарехь, ма-дарра долу хьал кхин а чолхе ду. Цхьаболчара массарна а гуш-хезаш шайна хетарг дIаолу, цхьаберш тийна Iа, шайн даймахкахь бичинчарна бала ца бан. Цу тIе, бохура цо, тIаьхьенна йукъара культурин а, йукъараллин хьежамийн а башхалла лара йеза.

"Амма, мел дукха башхаллаш хиларх, австрийхойн дийаспора диканехь а, вонехь а цхьаьна йу. Политикан хьокъехь церан хьежамаш мухха белахь а, и цхьаалла, барт бахьана долуш, тIаьххьарчу бIе шерашкахь нохчий хилла дисина ду тхо. Тхан тIаьхьенна оха йуьтуш йолу уггар а коьрта, беркате урок йу и", - дерзийра Мусаитовс.

Францера диаспорин векална Джунидна а хета, махкахой "бевддарш", "бухабисинарш" бохуш, бекъа мегар дац аьлла. Уьш кхечу дуьненахь бехаш бу. Дозанал арахьа болу нах кхетар боцчу хьелашкахь баха бисина уьш. Даймохк дIатасар, цуьнца бала цахилар дац: шайн даймахкахь бисинчарна са гатдеш, цаьрца зIенаш латтош, хуьлучух жоьпалла шайна тIехь а хеташ.

"Цундела оцу кепара вовшашкара бехкаш дахаро суна хетарехь, адамашна йукъара доза кхин тIе а шордо. Нохчийчохь хуьлуш долчунна критика йан йиш йу стеган, дозанал арахьа вехаш иза велахь а. Ткъа даймахкахь берш шена лаахь реза хир цо дуьйцучунна, ца лаахь – реза хир бац. Коьртаниг-вовшийн сий ца дайъар ду. Мел хIуъа дийцахь а, вай цхьа къам ма дуй", - дерзийра шен къамел цо.

  • ТIаьхьарчу заманчохь нохчийн диаспорин цIарах кест-кеста дIахьедарш до европахойн йукъараллехь. Оцу жигараллица цхьаьна гуш хуьлу церан йукъара цхьа позици цахилар. Йукъахь цхьа барт а хилла, массарна а луург дIахазон цхьа аз хир дуй царлахь, дийцаредира тхан редакцино диаспорера кеп-кепарчу тобанийн векалшца.
  • Украино Оьрсийчоьнна дуьхьал шуьйра тIом болийчхьана Европера нохчийн диаспорехь цхьа могIа политикан боламаш гучубевлира, Ичкерин маршонехьа къийсам латтош. Муха йу церан структура, хIун башхаллаш йу церан йукъаметтигийн, муха хир йу церан кхане а- тхан редакцино хаьттира оцу доллучух лаьцна эксперташка.
​
XS
SM
MD
LG