ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхерамаш тийсинчул тIаьхьа Путинца цхьанакхетар хилла Кадыровн  


Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а цхьанакхетар хилла Москвахь. Цуьнах лаьцна дуьххьара хаам арабаьккхира регионан куьйгалхочун пресс-гIуллакххоша, яздо Кавказ.Реалиино. Церан официалан сайта тIехь хаам арабелира еарин буьйсан хьалхара сахьт долуш. Амма билгалдоккхуш дац и "белхан" цхьанакхетар маца хилла а, хьа вовшахтоьхна а. Оьрсийчоьнан президентан сайта тIехь, йа кхаарин дийнахь, йа еарин буса а ца хьахийна Путинан а, Кадыровн къамелах лаьцна хIумма а.

Кремлан сайта тIехь бинчу хаамехь пайдаэцна 2017-чу шарера суьртах. Ткъа билггал вовшахкхетар хилла меттиг олучу меттана, текстехь яздинарг - иза Москвахь чекхяьлла хилар бен дац.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-службан хаамца, Кадыровс дIахьедина "социалан, экономикан хьал" а, "нацпроекташ кхочушъяр" а толуш ду, аьлла, иштта дийцина "пандемина дуьхьало латторхьама регионехь лелочу санитаран хьелех" а, "тобелла богIу демографикан гайтамех" а, "лагIъелла белхазаллах" лаьцна а.

Текстехь цхьа дош ца даладо тIаьхьарчу деношкахь хаамийн гIирсаша, юкъаралхоша Коьртачу прокуратуре а, Талламан комитете а зер тIе а дожош, Кадыровс а, цуьнан агIончаша а тийсинчу кхерамех лаьцна цхьанакхерехь дийцаре дина йа ца дина.

Хьалхо Кадыров Рамзана а, цуьнан юххера накъоста, Оьрсийчоьнан думин депутата Делимханов Адама а, кхин а Нохчийчоьнан куьйгаллера масех стага а гуш-хезаш кхерамаш тийсира нохчийн бакъонашларъярхочун Янгулбаев Абубакаран доьзална уьш бойъур бу, бохуш. Цул ши кIира хьалха церан нана Мусаева Зарема, Нижний Новгородера петар чу лилхинчу нохчийн Iедалхоша, нуьцкъаха Соьлжа-ГIала дIа а йигина СИЗО чу йоьллира. Нохчийчуьрчу Iедалхошна хетарехь, цуьнан кIант ву Кадыровн критика ечу анониман 1ADAT телеграм-канал лелориг. Делимханов Адама хIинца республикан арахьа беха ЯнгулбаевгIеран доьзалера верриг схьа а карийна, церан кортош даха дош делира.

Кхаарин дийнахь Соьлжа-ГIалахь ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал эзарнаш нах гулбелла, митинг хIоттийра. ТIаьхьарчу хенахь Кадыров Рамзана хIора денна аьлча санна юкъараллин резонанс кхуллу дIахьедарш до. ЯнгулбаевгIеран доьзал схьа а карийна, уьш хIаллак бийра бу, бохуш тийсинчу кхерамел сов, Оьрсийчоьнан президента Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан (СПЧ) декъашхо Каляпин Игорь а, "Новая газетин" журналист Милашина Елена а "террористийн гIоьнчаш" бу, аьлла цо, иштта дIахьедина ша Путинан метта велхьара "дукха хенахь дуьйна Украина схьа а яьккхина, цига эскар а дахийтина, къепе дIахIоттора яра", аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG