ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьиджабан хьокъехь тIом бу хIинца а дIахьош


ХIинццалц Оьрсийчоьнан политикашца хьиджабан хьокъехь латтийна тIом хIинца Европаца дIахьо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Белгерчу цхьана компанино хьиджаб лелон йоI балхара дIаяккхар дискриминаци яц аьлла Еврокхело бина сацам ца тайна Кадыровна.

"Белхан меттигашкахь хьиджаб лелор доьхкуш Еврокхело тIеэцна кхардаме сацам, ма дарра аьлча, къайлах динна дуьхьал баккхина къийсам бу" аьлла, чIагIдо мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Кхи дIа яздо шен Инстаграмерчу агIонтIехь Кадыровс: "Царна моьтту, дин лелорехь дозанаш деттахь, кегийрхоша букъ тухур бу шаьш лелочу динна. Со тешна ву, Европерчу бусулбанаша дуьхьало йийриг хиларх, шайн динан бакъонаш ларъярехь. ХIинццалц хьиджаб шаьш ца лелийнехь а, хIинца чохь, арахь, балхахь, доьшийлашкахь лелон дуьйлало" бохуш, кхайкхамбо Кадыровс.

Кадыровна хетарехь, Европано шен коьрта мостагI дин лору.

Эзарнашкахь мехкан куьйгалхочун Инстаграмерчу агIонтIехь язбеллачара догреза тIеэцна цуьнан дIахьедар, уьш а реза бац Еврокхело хьиджабаш ехкарна.

"Дин къастош билгало лелор дихкина ду официалехь"

хьиджаб белхан меттигехь лелор дихкинчу шина зудчо Европан кхеле динчу аьрзнашна жоп делла кхелахоша карарчу беттан 14-чу дийнахь.

2006-чу шарахь Белгерчу хадархойн компанин секретарь Ашбита Самира дIаяьккхира балхара, цуьнан духар компанин дресс-кодца догIуш цахиларна.

Организацин белхан кехаташ тIехь билгалдаьккхина хилла динан атрибутика къастош духар лелон магош цахилар. Ашбитас Еврокхеле арз дира, шен куьйгалхо дискриминаци лелорна бехке а веш.

Талламчашна ца карийра компанин куьйгалхочо зудчун бакъо талхийна а, дискриминаци лелийна а меттиг.

Мелхо а, хьаькаман бакъо ю аьлла тIечIагIдина, нагахь санна белхан чоьхьарчу низамашца официалехь яздина делахь хьиджаб лелон цамагийтар.

Оцу кхелан вердикто оьгIазвахийтина Кадыров.

Иштта Европан кхело кхи цхьаъ сацам тIеэцна 2009-чу шарахь, францхойн компанехь болх беш хилла Буньяуи Асмаъ балхара йохоран хьокъехь.

Иза балхара дIаяккхаран бахьана ду, клиентца хиллачу цхьанакхетаре хьиджаб йоьхна яхар. Цунна дуьхьал арз айдинера дуьхьал веанчу клиенто. Буньяуис бехкевира шен куьйгалхо дискриминаци лелийна аьлла.

ХIетахь, Еврокхело бакъйира зуда. Ткъа куьйгалхо хьакъ вацара зуда балхара йохо аьлла, оцу зудчун агIо а лаьцна Еврокхело бина сацам Кадыровс тидамза битина.

Шен зевнечу дIахьедарца, ма-дарра аьлча, Кадыровс лелорийг нийса ца хета. 2004-чу шарахь дуьйна Францино тIеэцна низам ду, динан билгало къастош духар доьшийлашкахь а ца магош.

2011-чу шарахь оццу пачхьалкхехь кхин цхьа низам а тIеэцна, нах лелачу меттигашкахь юьхь хьулйина лелар ца могуьйту. Иштта, цхьа могIа Европан пачхьалкхашкахь а Iедало тергонехь латттош ду, динан атрибутика къастош долу духарш юкъараллан хьукматашкахь ца могуьйтуш.

Буньяуин хьокъехь Еврокхело къастийна сацам толам санна кхето а таро ю – хIинца Францерчу бусулбанийн ала ду-кх шен хьаькаме, нагахь санна вукхо шайн клиентийн лаамаш хьалха а тоьттуш, балхахь хьиджаб лелор дехка гIертахь.

Зуда бакъ а йина, дирзина и гIуллакх, амма хIуммаъ а мехал дац и политикан пиарехь аьлча, Белгехь къастийна дов санна.

Офисан низамаша хьиджаб ехкар бахьана долуш, и йоцуш балха лела безачу Евробертан пачхьалкхашкахь бехачу бусулбанийн хьал дайдой-те Кадыровн протесто?

Схьахетарехь, кIезиг гIортор ю иза а.

Делахь а, Оьрсийчуьрчу исламан дин лелочеран бIаьргашчухула хьаьжча, Кадыров бусулбачийн бакъонашкахьа къийсам латтош ву, Оьрсийчохь-м хIунда дуьйцура, доллу дуьненчохь а.

Ткъа Оьрсийчуьрчу хьиджабана дуьхьало латточаьрца хиллачу къовсамехь толам баьккхина ала мегар ду Кадыровс.

Дукха хан йоццуш дешаран, Iилман министро Васильева Ольгас "школашкахь лело ца йогIу хьиджаб" аьлла, динчу дIахьедарна дуьхьал гIаьттира Кадыров Рамзан.

Цул совнаха, министрца хиллачу къовсамехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун дика аьтто хилира (дара и президентан администрацино магорца), йоккхачу политикехь чIагI а луш, Оьрсийчуьрчу бусулбанийн бакъонаш ларйириг ша цхьаъ бен вацарх адам тешо.

Белгерчу секретарх Iоттаделлачо таро ло Кадыровна и къийсам кхи дIа а бахьа, шерашкахь шайн бакъонаш къуьйсучу Европехь бехачу бусулбанийн къа-бала шена тIе а лаьцна.

Ткъа Нохчийчохь, хууш ма-хиллара, муьлххачу а пачхьалкхан хьукматехь болчу зударийн - белхахойн бакъо яц шайна ма-хетта духар лело. Коьртахь йовлакх доцуш ца магадо цунна, муьлххачу динехь иза елахь а, балха ян.

Саламова Елена

XS
SM
MD
LG