ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а 22 студент дIаваккхар бакъонца цахиларна къера хилла ГIалгIайчохь


ГIалгIайн пачхьалкхан университетера медицинан факультетера кхоалгIачу курсера 22 студент экзаменаш дIацайелла аьлла 2021-чу шеран лахьанан-баттахь дIавакхарна прокуратуро чуйелла апелляци къобалйина ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело.

Боллу студенташ хьаьккхина дIабаьхнера физиологин патологин курсехула йолу экзамен цара дIайелла цахиларна. Делахь а, пачхьалкхан "Интерфакс" агенталле ГIалгIайчуьра прокуратурин пресс-гIуллакххоша хаамбарца, экзамене уьш битина хиллера кхо де хьалха, амма экзамен хиларх дIахаийтина ца хилла цаьрга.

Цул совнах, тIехь терго латточу урхаллина хетарехь, доьшийло эвсара хьелаш хIиттийна ца хилла студенташна, декхаре болу экзамен дIайала. Иштта билгалдоккху, дешаран процессан дикаллина тIехь деш Iуналла цахилар а, и тойан барамаш лелош бацар а.

Прокуратуро хьехнера университетна дитина кхачамбацарш дIанисдар шайн лаамехь, ткъа цара дуьхьало йича кхеле бевлира. Магасан кIоштан кхело иск тIе ца ийцира, амма апелляцин иснтанцино прокуратурин агIо лецира.

Карладоккху, стохка гIуран-баттахь ГIалгIайчуьра Лакхарчу кхело оцу тайппа сацамбира прокуратуро шолгIачу курсера 45 медик-студент дIаваьккхича чукховдийначу апелляцин хьокъехь. Нормалан физиологин экзамен дIа ца йелла дешархой дIабахар низамца дац аьллера суьдхоша.

  • Марсхьокху-баттахь Mash Gor телеграм-канало видео йаржийра, цу тIехь шаьш ИнГУ-н дешархой ду бохучу зудабераша дIахьедора, стипендин фондана эшам ца бархьама шайн хаарийн мах лахара хадорах. Видео тIехь гойтура мессенджерехь дина йозанаш, схьагарехь, доьшийлан куьйгалло хьехархошна лерина долу. Дика мах эханна бен ма хадабе аьлла дара цу тIехь. Информаци бакъ хиларх тоьшаллаш дац.
  • 2021-чу шеран гIадужу-баттахь ГIалгIайчуьра Талламан комитетан урхалло зийра ИнГУ, студенто шо карадеачхьана стипенди делла дац шена аьлла, дина дIахьедар бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG