ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а кIирнах къевлина латтор ю Оьрсийчоьнан Къилбера аэропорташ


Гайтаман сурт

Зазадоккху-беттан 26-чу буса Москван хенаца 3:45 даллалц болх сацор дIадахдеш сацам бина Росавиацино. Дехкаршна кIелнисъелла Анапера, Геленджикера, Краснодарера, Ростов-на-Дону гIалара, Элистара, иштта Брянскера, Белгородера, Воронежера, Липецкера, Симферополера (Оьрсийчоьно аннексии йинчу ГIирмера) аэропорташ.

ДIасакхоьхьучарна хьехна Сочера, Волгоградера, Минеральные воды гIалара, Ставрополера, Москвара аэропорташкахула альтернативе некъаш харжар.

Аэропортийн болх сацор хIинца доьазза дахдеш ду – дуьххьара Чиллан-беттан 24-хь дихкира иза, оьрсийн эскарш Украине чугIоьртинчу дийнахь. Росавиацино гражданскан кеманашна а, пассажирашна а кхераме лерира оцу меттигера хIаваэхула дIасаэхар – и дIахьедар динчу муьрехь сацийра шайн болх аэропорташа, масала, масех Ростовера рейсаш кхечу аэродромашкахула хьажон йийзира.

ХIинца долчу хьолаца, рейсаш сацийначу пассажирашна авиакомпанеша аьтто ло кхечу дийнахь керла билет харжа, йа ахча юхадерзон.

  • Зазадоккху-беттан 18-хь –тIом боьду ткъе кхолгIа де ду. Дуккхаъчу Украинан гIаланашкахь Iуьйранна юха а хIаваъан орцанаш хезара. Львовехь ракеташа меттигера аэродром хIаллак йира, Киевехь – Подольскан кIошт. Дуьххьарлерчу хаамца, лазийнарш, байъинарш бац. Американ ISW (Institute for the study of war) хьостано хIора денна арахоьцучу отчетехь яздо, Украинан ницкъаша Киеван къилбаседа-малхбузехьа оьрсийн эскаршна доккха зен дина, иштта Харьковна оьрсийн тIегIортар а юхатоьхна, бохуш. Украинан гIаланашна тIееттарш, кеманан тохарш сацанза ду.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG