Нохчийчуьрчу латархочо Хатаев Имама борзанан мидал яьккхина Токиохь дIахьочу Олимпиадин ловзаршкахь. Британхо Уиттекер Бенджамин вара ахфиналехь цуьнца тасалуш хилларг. Толам кхайкхийначул тIаьхьа Хатаевс дIахьедина, хIинццалц боксер-езархо вара ша, тIейогIучу хенахь профессионале хила гIуртур ву ша аьлла, яздина "Спорт-Экспрессо".
Хатаев Имам – латархо-марзвелларг ву, юккъерчу йозаллин категорехь тасалуш волу. Оьрсийчоьнан спортан говзанча а, чемпион а ву иза, Олимпиадехь дуьххьара дакъалоцуш а ву.
Коронавирусан пандеми бахьана долуш стохка юкъахдевлла Олимпиадин ловзарш карарчу беттан 23-чохь дуьйладелла Японин коьртачу шахьарахь Токиохь.
Маршо Радионо яздира, Товбеца-беттан 28-чохь Гуьржийчуьрчу ПаьнкIазара схьаваьлалчу, Австрин цIарах Токиохь дIахьочу Олимпиадехь тасавеллачу 26 шо долчу Борчашвили Шемала борзанан мидал яьккхина 81 килане кхаччалц йолчу йозаллин категорехь.