ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а цхьана нохчийн оппозицин блогеро дIахьедина, шен гергарнаш лечкъийна бигарх


Мализаев Минкаил

Германехь вехачу нохчийн оппозицин блогеро Мализаев Минкаила видео дIаязйина, Нохчийчохь бисина шен гергара нах лачкъийна бигина, царна тIехь гIело латтайо, уьш хьийзош бу аьлла.

"Стомара дIабигинера массо а сан дехой а, нанахой а - божарий а, зударий а. ХIинца бала хьоьгуьйтуш бу цаьрга, хьийзош бу уьш, сийсазбо. Берзина баьхначу сан гергарчу зударийн масех сурт даийтина суна. Уьш стенгахь бу цхьанна а хууш дац", - дийцина Мализаевс, журналисташка а, бакъоларъярхошка а "йоккха резонанс" яр а доьхуш.

Мализаевн видеокхайкхам зорбане баьккхинчу "Осторожно, новости" телеграм-канало билгалдоккху, цо дийцарехь, ерзина яьккхинчу цуьнан ненан а, зудчун а суьрташ тесна цуьнга, ткъа Хьасан цIе йолчу цхьана стага тIедожийна, Iедалхошна критика яр сацаде аьлла.

Кху деношкахь Нохчийчохь шен ялх гергара стаг лачкъийна вигина аьлла, хаамбира телеграм-каналехь нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. Цо дийцарехь, хьалхо лачкъийна вигинчу цуьнан массо а гергарчунна "ультиматум хIоттийнера", иза сацаве аьлла. Ца хуьлчу далахь, Абдурахмановс бахарехь, чIир хьейийр ю аьлла хиллера цаьрга.

  • Нохчийчоьнан Iедалхошна критика еш видеош ютюбе яха волавелла Мализаев Минкаил масех шо хьалха. Шен доьзалца цхьана Германи дIавахара иза ворхI шо хьалха. Меттигерчу Iедалхоша ца елира цунна политикан тховкIело.
  • 2018-чу шарахь, нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканалан белхахой ду шаьш аьллачу наха йиттинера цунна. Цул тIаьхьа дийца даьккхира, цуьнан хIусамнана а, бераш а Оьрсийчу юхабаьхкина, ткъа иза ша оцу пачхьалкхехь висина аьлла.
  • Шена еттале хьалха Мализаевс дIахьедира, нохчийн Iедалхоша шен долара йолуш бертаза видео дIаязъятйрах шен хIусамнене. Ткъа вешига кхунна тIехь доцург дийцийтинера.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG