Шен могушалла ледара йоллушехь, пхеа шарахь Нохчийчохь набахтехь латточу тутмакхан Мусаева Заремин йоӀа Янгулбаева Алияс орца дехна республикин куьйгалхочун йоӀе Кадырова Ӏайшате. Тхан редакцино теллира Мусаеван доьзалан и гӀулч йаккха сацам муха хилира.
Кадырова Ӏайшатан 27 шо ду. Хьалхо Нохчийчоьнан културан министран а, социалан гӀуллакхашкахула вице-премьеран а даржехь лаьттира иза. Амма стохка чиллан-баттахь цо дӀахьедира шегара дарж ша охьадуьллу, и тайпа дукъ боьршачу стагехь товш ду аьлла. Мехкан куьйгалхочун йоӀ дика йевзаш йу ишта, Firdaws брендан долахо санна, иштта иза йузура нехан долара хазаллин а, зударийн духаран сферашкара бизнесна тIехь нохчийн Iедалхой дола дан хьийзарца а.
Тхоьца къамел динчара дийцарехь, цхьаболчу меттигерчу бахархошна Кадырова Iайшат дош лелаш йу, цунна хетарг дас кхочушдо, цуьнга ла а дугIу. И гӀиллакх лелаш долу масех шо ду. Хьалхо гӀо доьхуш дехарш дира нохчийн куьйгалхочун нене Кадырова Айманига. Цара орца доьхура доьзалехь барт ийгIича а, бахамца доьзна хьал хIоттахь а, йукъараллин-политикан проблемаш нислахь а.
Масала, 2018-чу шарахь Кадырова Айманига йистхуьлуш видео дIайазйира Нохчийчуьра цхьана йахархочо, шен цIе а, йуьхь а къайла а хьош. Цо дIахьедира махкахь нах лечкъош, царна тIехь таIзарш лелорах, дехар дира мехкан урхалхочун нене, хьайн кIант сацаве аьлла. Шен къамелехь зудчо хьахийра тIепаза хIетахь вайна хилла Бакаев Зелим а.
Дина аьрзнаш нийса луьстуш дац, нахана Iалашбала меттиг буьтуш бац
Нефтекумскерчу йахархочо Юлбулдыева Зульфияс а гӀо дийхира Кадырова Айманига. Нохчийчуьра Джалкера вахархочуьнгара ша эцна цIа иза кхелхинчул тIаьхьа, цуьнан вежарша шен цIартIе ца доккху бохура цо. Ша а, шен доьзал а баха меттиг йоцуш, арахь бисина бохура. Шен кхайкхамехь цо официалан Ӏедале дехар ца дира, доьзалан и нана шех кхетар хир йу аьлла, ойла йина, нене йистхилира иза.
Тахана цу кепара дехарш Кадырова Iайшате до. Иза политикехь йацахь а, бахархоша орца доьху цуьнга, доьзалехь дош лелаш иза хиларна, шайна цуьнгара цхьа пайда бер бу аьлла хеташ.
Ишттачу масалех уггаре а гӀарадаьлла цхьаъ ду - блогеран Аладышева Аннин дийцар. Нохчийчуьрчу вахархочух дӀасакъаьстинчул тӀаьхьа, бакъонашларъярхоша дийцарехь, шен шина йоӀах хьегош, халонаш лайра цо. Амма Кадырова Iайшат юкъагӀортар бахьана долуш дов дирзира. ХIинццалц схьа баттахь масех сахьтана, иза а берийн да цхьана а волуш бен пурба ца лора Аладышева Аннина шен берашца цхьанакхета. Ткъа тахана цуьнан бакъо йу шена луъучу хенахь берашна тIекхача а, церан дахарехь доккха дакъа лаца а.
Хетарехь, цундела хир ду-кх, кхин а даккхий, нахала девллачу гIуллакхаш тIехула а Кадыровн йоIе бийлар, шайлахь Нохчийчуьра Лакхарчу кхелан суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин хIусамненан, мехкан куйгаллина йиллина критика йечу ЯнгулбаевгIеран вежарийн-оппозиционерийн ненан Мусаева Заремин гIуллакх а. Бакъонашларйархой тешна бу, Мусаевана тIаьхьабовлар цуьнан кIенташа лелош долчу гIуллакхца доьзна ду аьлла.
2022-чу шарахь гIуран-баттахь нохчийн ницкъхоша Лаха Новгородерчу петарера Мусаева лачкъийна, нуьцкъала Соьлжа-ГӀала дӀайигира, теше санна хеттарш дан оьшу аьлла, бахьана а хIоттийна. Полисхо сийсазвина аьлла, бехке а йина, лаьцна йитира иза дуьххьара 15 дийнахь, цул тӀаьхьа Ӏедалан белхахочунна тӀелатар дина цо аьлла, бехкзуламан гӀуллакх долийра цунна дуьхьал. ТӀаьхьо бозбуунчаллаш лелорна бехк а биллира, ткъа цунна йуьхьанца тоьхна хан чекхйала герга йахча, Федералан таӀзарш кхочушдаран сервисан белхахочунна йуха а тӀелатар дина цо аьлла, кхин а цхьа гӀуллакх долийра. Мусаевас шена дохку бехкаш тӀе ца дуьту.
Кадыровс чӀагӀдора, Мусаева "дӀайигина" цуьнан берриг а доьзал "социалан машанашкахь болх беш хиларна" аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхочо масийттазза кхерамаш тийсира ЯнгулбаевгӀеран доьзална. Цхьана видеохаамехь цо дуьххьалдIа бохура, церан "меттиг йа набахтехь, йа лаьтта бухахь бу". Янгулбаев Сайди а, цуьнан йоӀ Алия а Оьрсийчуьра дӀадахара 2022-чу шарахь, цуьнан кӀентий а бу дозанал арахьа бехаш.
Мусаева Заремин могушалла чохь латточу йукъанна Iаламат чIогIа эшна йогIу. Хьалха а дуккха а бахьанаш лелийра цуьнан доьзало, иза маьрша йаккха гIерташ, амма аьтто ца белира.
Тхан редакцица хиллачу къамелехь Янгулбаева Алияс билгалдаьккхира, ша Кадырова Ӏайшате аьлла, зорбане даьккхина кехат политикан Iалашонца йаздина дацара, амма шайна нана маьршайаккхийта муьлххачу а аьттонах пайдаэца Iалашонца дина хIума дара аьлла. Цо дийцарехь, нана набахтехь латточу шерашкахь тайп-тайпанчу низаман некъашца иза маьршайаккха хьийзина доьзал, амма цхьана а некъо пайда ца беара царна.
"Сан нана ара ца йаьккхина. Тахана сайн аз хазийта лууш, аса муьлххачу а гIирсах пайдаоьцур бу. Нагахь санна, сан кхайкхамо иза маьршайаккха цхьана агIор аьтто лур бу аьлла, сайн дегайовхо хилча, со декхарийла йу цхьаъ дан",- бохура Алияс.
Цо билгалдоккху, ша боккъалла а шена цунах цхьа накъосталла хир ду аьлла, дегайовхонца хилар, цунна теша лаьа, шен кехат жоп доцуш дуьтур дац аьлла. Иштта мехала ду цунна, оцу хьолана цхьана агIор йукъагIорта аьтто болчу нахана, шен ненах лаьцна хууш хилийтар а:"Суна уггаре а коьртаниг ду, сан нана цӀийнах кхетар".
Шен йишас Кадырова Iайшате йаздинчу кехатах лаьцна вистхилира ишта юрист, бакъонашларйархо Янгулбаев Абубакар а. Цо а иштта билгалдоккху, шаьш ца деш хIума а, орца ца доккхуш меттиг а бисина бац: ницкъаллин структурашка латкъамаш бар а, хаамийн гӀирсашка кхайкхамаш бар а, политикашка а, йукъараллашка а лерина дехарш дар а.
Цо дагадаийтира, хьалхо шен ненаца ша хийца аьлла, мехкан урхалхочуьнга ша кхайкхамбар а, амма Iедалхоша тергамза дитира цуьнан дехар: "Ткъа сан йишин леррина Кадырова Iайшате йистхила ойла хилира, иза ша а санна, зудабер хиларна, цунна гуш йу Нохчийчуьра и агIо а. Со цунна тIетайра".
Цхьана некъо хьуна пайда ца бинехь, кхин некъа леха оьшу, кхин дIа а дийцира Янгулбаевс. Мехкан куьйгалхочун йоI шен йишина жигара а, цхьацца девнаш дерзорехь дош лелаш а хийтира. Цу тIе доьзалехь иза йоккхаха йолу йоI а йу, дена гергахь цуьнан авторитет хуьлу иштачу меттигехь.
Белгехь йехачу нохчийн бакъонашларйархочунна Газиева Фатимина а хета, оцу гӀулчо, доьзална шайн карахь мел болчу гӀирсах пайдаэца лууш хилар гойту аьлла.
"Арзнаш бакъонца луьстуш дацахь, бакъонан низамаш а болх беш ца хилча, тIаккха нахана дуьсуш ду авторитет йолчу нахе бовлар, цхьа бехке болчу нахе дехар дан, цара цхьа Iаткъам бийр бу аьлла дегайовхо йолуш", - бохуш, кхетадо цо.
Цунна хетарехь, Янгулбаевас зорбане даьккхина диллина кехат уггаре а хьалха "кхин дан амал доцуш йаьккхина гIулч" йу. Мусаеван йоӀ Кадыровн йоӀе йистхилар, иза билггал оцу гIуллакхна йукъагIуртур йу аьлла, тешна хилар дац, иза шен ма-хуьлла оцу хьолана цхьана агIор Iаткъам бен болчу нахана ша дIахазийта лаар ду бохура цо.
ХIокху Iедална хьалха адам бакъо йоцуш хиларан билгало йу цуьнан кхоллам
Дукха зама йу Нохчийчоь низамаша болх беш доцу доза хилла дIахIоьттина, ткъа доллу Iедал готтачу Ӏедалан тукхаман карахь ду. Цундела, дукхачу хьолехь, низаман механизмаша болх ца бо, маьIне хуьлу зӀенаш а, хьо дош лелаш хилар а, формалехь доцчу некъашца оцу хьолан цхьа йист йаккха гIертар а, боху политолога Исханов Хьусейна.
"Хуьлуш долчу хIумана Кремло бIаьргаш хьаббина ца Iаш, и система иштта кхин дIа а латтош гIо а до.
Путин Владимирна, дуккхаъчу критикашна хетарехь, республикехь низаман урхалла лардар мехала данне а дац, Кадыров Рамзан шен тешаме хилар коьрта ду цунна. И бахьана долуш дуккхаъчу адамийн бакъонаш талхорна бехкебаро а, лаамза гӀуллакхаш даро а, Ӏедалан критикаш хьийзоро а регионан куьйгалхошна тIе жоьпалла ца дуьллу", - билгалдоккху Исхановс.
Мусаеван гӀуллакх уггаре а гайтаме долчу масалех цхьаъ хета цунна: "Йоккха, цомгуш зуда нуьцкъала дIайигина Оьрсийчоьнан кхечу регионера, иза набахте йоьллина, дуккхаъчу бакъонашларйархоша тоьшаллаш дарца, цхьана а хIумана бехке а йоцуш, политикан буха тIехь. ХIокху Iедална хьалха адам бакъо йоцуш хиларан билгало хилла дIахIоьттина цуьнан кхоллам".
Иштачу хьелашкахь, тIетуьйхира политолого, адамийн тешам бов кхелех а, таллламах а, прокуратурех а. Эххар а меттигера бахархошна дуьсург ду, регионан куьйгалхочуьнга бистхилийта, цунна гергара, уллора нах леха.
"Цара нийсо ца йоьху, низам лардар тIе а ца дуьллу, цара къинхетам бар доьху. Йозуш йоцчу кхелан сацамах боьзна а боцуш, мехкан урхалхочун карахь стеган кхоллам хилар, иза пачхьалкхан институташна кIорггера деградаци хилар ду", - билгалдаьккхира цо.
Цкъачунна Мусаева Заремин йоIа дахьийтинчу кехат тергал ца дина КадыровгIеран доьзало. Оцу йукъанна цуьнан йистхиларо Нохчийчуьра бахархошлахь цхьацца къийсамаш баьхна.
Янгулбаевс дийцарехь, йукъараллехь цхьаболчара гӀортор йо оцу гӀулчана, йоккха зуда кхин дӀа а лаьцна латтор маьӀна доцуш ду, Ӏедалан сий дайъар бен цунах хуьлуш пайда а бац аьлла хеташ. Вукхара, мелхо а, КадыровгӀаьрга къинхетам бар деха оьшуш дацара, иза эгIазалла гайтар а, эхь а ду бохура. Мусаеван кӀанта луьра жоп ло и ойла йолчарна: "Тхан нана оцу гIулчо кIелхьарайоккхур йелахь, тхуна хIуъа дар а эхь ду аьлла ца хета. Схьагарехь, и къамел дечу нахехь тхоьгахь болу сингаттам бац".
- Нохчийчоьнан омбудсмено Солтаев Мансура дӀахьедира, Къилбаседа Кавказехь зударий къаьсттина ларбеш бу, йукъараллехь лаккхара дарж дӀалоцуш бу уьш аьлла. Нохчийчуьрчу массо а бахархойн бакъонаш а, маршонаш а ларъйеш хиларх лаьцна кест-кеста хаам бо цо. Ткъа бакъонашларйархоша адамаш лечкъорах а, царна тIехь Ӏазап латторах а, уьш къайлаха набахтешкахь латторах а, бертаза Украине тӀаме хьийсош хиларх а лаьцна бен хаамаш, питанаш ду боху цо. Тхан редакцино дуьйцу регионан Ӏедалша зударийн бакъонаш ларъйарх лаьцна деш долу дӀахьедарш хӀун бух болуш ду.