ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхаа нохчийн ницкъахочунна чевнаш йина Украинехь – зорбанаш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Украинан Северодонецкан кIоштахь тийсдаларш доьлхучу юкъанна лазийна Курчлой кIоштан ОВД-н куьйгалхо Агуев Рустам (ИсмаьIил), яздо Baza гIирсо. Ша дIакхайкхийна йолчу Луганскан къоман республикан Рубежное гIалахь цхьахйолчу тобанна куьйгалла деш ву Агуев, аьлла хьалхо хаамбира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Журналистийн хаамашца, Агуевна гоьлана чов йина. Иза тIечIагIдо ВЧК-ОГПУ телеграмерчу канало а, цара яздарехь, Луганскан дарбан цIийне валийна кхин а шиъ нохчий ницкъахо. Вуьйцург ву Нохчийчуьра МВД-н объекташ ларъяран батальонан 20 шо долу белхахо, лахара сержант Исраилов Iумар а, Веданан кIоштан ППС МВД-н белхахо, лакхара сержант Абалаев Хьамзат а.

Полицехь цхьана шарахь болх биначул тIаьхьа хьажийна Исраилов тийсадаларш доьлхучу дозане, бохуш яздо хаамийн гIирсаша. Охан-беттан 26-хь хье лазийна цуьнан, гаьрган чевнаш йина, иштта минан-эккхаран чов а. Диъ де даьлча дарбан хIусаме чувиллира Абалаев – цуьнан чевнех, хьолах лаьцна дуьйцуш дац.

Оцу хаамийн официалехь тIечIагIадарш дац.

  • Зазадоккху-бутт чекхболуш оьрсийн агресси йоьдучу юкъанна лазийра хьалхо Мариуполехь гучуваьлла волу, оппозицин политик Немцов Борис вер кечдарна шеконашкахь верг. Цунна чов йар тIечIагIдира ша Кадыровс дарбан-цIийне цунна хьажа-хIотта а вахана. Оппозицин политик вер вовшахтухуш декъехь хиларна шеконашка а лаьцна полицино леван везаш вара лазийнарг. ТIепаза вайна лоруш вара иза цIийнан неI цо схьа ца елларна.
  • Кавказ.Реалиин хьостан хаамца, Украинерчу тIамехь 60 гергга Нохчийчуьра схьаваьлла стаг вийра. 16 вийначин цIерш евза редакцина. Зазадоккху-беттан 1-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шиннан кхалхар тIелецира, и шиъ Тарамов Iабдулбек, Исаев Тимирлан ву. Охан-беттан 7-хь ИА "Чечня Сегодня" хьостано арахецар дира, веллачу ворхI стеган гергарчаьрга совгIаташ кховдош – уьш бу лакхара лейтенант Каимов Рахьим, сержант Автаев ШахIрудди, ефрейтор Баталов Беслан, ефрейтор Висирханов Нурды, могIарера салтий Дудаев Асланбек, Чупалаев Хезир а, полицин лакхара сержант Болчиханов Адам а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG