ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхо зуда лаьцна Нохчийчохь "холмачалла" лелош хилла аьлла


The lover heart love tarot card magic reading fortune esoteric teller witchcraft astrology divination gypsy card
The lover heart love tarot card magic reading fortune esoteric teller witchcraft astrology divination gypsy card

Соьлжа-ГIалара а, Гелдганара а зударий лецна Нохчийчохь полисхоша, бозбанчалла лелош хилла аьлла, бехкебина. Пачхьалкхан "Грозный" телеканало сюжет гайтина, исламан медицинан Центран куьйгалхочо Эльжуркаев Адама а, ницкъхоша а юьхь йохуш телехьожийле балийначу зударшкара.

"Кхара бахарехь, адамийн дог-ойланийн урхалла далуш хилла кхьарга, аьтто, ирс хуьлуьйтуш, иштта кхин дIа а. Амма, и дерриг а ахчанах", - яздина публикацин коьртехь.

Видео тIехь корреспонденто чIагIдо, лаьцна балийначу зударех цхьаммо "хи а, тIулгаш а лехьош хилла езачу меттигашкара", шолгIачо "туьха чохь тIоьрмигаш лулахойн керташка туьйсуш хилла", ткъа кхозлагIниг - "шен арсеналехь дуккха а безаман дарбанаш долуш хилла" бохуш.

"Уьш берриш а гучубаьхна "Юг" батальонан бIаьхоша, Соьлжа-ГIаларчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллин белхахошца юкъахь", - боху сюжетехь.

ХIумахуурш" Iорабахар дуккхазза а хьехийна Нохчийчуьрчу Iедало 2021-чу шеран Дечкен-баттахь а, Чиллан-баттахь а, дерриг а 2020-чу шарахь а. Палтасархой лецар долийра масех шо хьалха. Лецнарш дукха хьолехь видеокамерашна хьалха къера хуьлу шаьш харцо лелийна бохучунна.

"Терроризмал а, наркоманел а кхераме" ду цара дийриг, олий гойту уьш дукха хьолехь. Исламо зуламе лоруш хиларца а дузуш, лецна палтийсархой, «хIумахуурш», седа-жайна хьуьйсурш дуккхаза а гайтина махкарчу телевизионо. Церан юьхьйохург хIоразза а хуьлу Эльжуркаев Адам.

Оцу юкъанна билгалдаккха догIу, Кадыров Ахьмадан цIарахчу Фондо латтош йолчу исламан медицинан Центрехь иштта жинаш лоьхкуш, халкъан дарбанаш леладо. Оцу Центран куьйгалхо ву Эльжуркаев Адам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG